ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIашна шайн байракх дукха езаш хилча...


ГIалгIайчоьно бахархошна бакъо лур ю цIеношна тIе мехкан байракхаш хIитто. Иза гIалгIашна шайн байракх дукха езаш хиларца дузу парламентареша. Къоман яхь самаяьллера аьлла, цунна Кремл реза хир яц бохучух шаьш ца кхоьру, масала, Iамеркахь «хIора а цIенна тIехь санна лаьтта байракх», боху депутаташа.

Халкъан векалша шорбийр бу байракх лело магийначу субъектийн го. Лелаш долчу низамо къастош ду пачхьалкхаллин вастех хьенан, муьлхачу хьелашкахь, муха таро ю пайдаэца, мел гIуда доккху дехкарш дохийча.

ГIалгIайчоьнан парламенто кечдечу низамо бакъо лур ю бахархошна шайн лаамехь байракх лело, нагахь санна иза цара сийсазъярхьама лелош яцахь.


ГIалгIайчоьнан къаьмнийн гIуллакхийн министран гIовсна Мизиев Русланнна хетарехь, мехкан бахархой «къоман амале бирзина».


Ца хета Мизиевна ша арадаьккхинчунна Кремл реза хир яц аьлла

ТIаьххьарчу шерашкахь Iедал терроризмца къийсаделира, кегийрхой кхетош-кхиош лийлира, боху Мизиевс. «Толамаш баьхна, тIаккха стенна ца деш ду вай вешан байракхах деза, стенна ца уллуш ю иза цIенна тIе? – хоьтту цо.

«Патриотикалла айеш» нехан пачхьалкхаша а ухку байракхаш шайн хIусамашна тIе, чIагIдо Къилбаседа Кавказан сервисца къамел деш Мизиевс.

ГIалгIайчохь тахана «наха кест-кеста дагалоьцу республикехь хьал меттадалош эгна дай, вежарий, церан хьомара ухку байракхаш а. Иза цатойла дац Кремлна», - дуьйцу даржхочо.

Несарарчу мэрин пресс-гIоьнчалло шена ца хезна элира байракх олла цхьанна а дихкина аьлла. «ГIалгIайчоьнан байракх (Оьрсийчоьнаниг а санна) массо а барамашкахь лелош ю», - боху цо. Амма ца хаьа, элира, дукха-кIезиг, мел бу байракхаш цIеношна тIеухку бахархой.

Журналистна Буражев Адамна хетарехь, Кремлна инициатива товр яц аьлла гIаттийнарг бух болуш къамел дац, «ши лерг а, кач а лаьцна, тIеозийна хIума ду. ГIалгIачо шен цIенна тIе байракх олларх стаганна а халахетар дац».

Изза ойла ю цуьнан вайнах махкахбаьхна де дагалоцучу муьрехь ГIалгIайчохь Сталин вазвина вийца цамагор Кремлна товр дац бохучух а.

«Мелхо а, ас байракх сайн цIенна тIеоьллина гучу, со волчу веъначу хьешо соьга хоттур ду, ас иза стенна дина, ткъа ас дуьйцур ду, иза бу-кх кхетош - кхиоран а, патриотикаллин а болх», - элира журналисто Буражев Адама.

XS
SM
MD
LG