ТIекхочийла долу линкаш

Мила ву аьшпийн да?


Дагестан -- Кегий тIемаш хIора дийнахь хуьлу Кавказехь, бIеннаш нах байина дахначу шарахь а.

Дагестан -- Кегий тIемаш хIора дийнахь хуьлу Кавказехь, бIеннаш нах байина дахначу шарахь а.

Кавказерчу хаамийн хьостанех цхьайолучара тергонехь кхобу регионехь лаьтта зе-зуламаш, баларш. Ишттачех цхьаьннан дахначу шеран терахьаш ца догΙу Ιедалша далочаьрца – цуьнца еха пачхьалкхан дайн къайленаш, цара нахала ца дохуш дуьту дуккха а зе-зуламаш.



Официало Iорабохучу хаамех гIортор а йина аьлча, кху тIаьхьарчу шерашкахь, кест-кеста герзаш дуьйлуш, тIеман операцеш дIахьош, цаьрца доьзна сих-сиха вер-ваккхарш нислуш, ирделла хьал лаьтта ДегIастанахь, ГIебарта-Балкхаройчохь а. Цу мехкашца дустар далийча, хаъал синтеме хетало цкъадолчунна Нохчийчуьра Iар-дахар.

Амма иза бакъдолчунна гена хилар гойту «Кавказан узел» газето 2012 шарахь бинчу тергамаша а, дIадахьначу зер-хьесапаша а. Цу хааман гIирсо гIардаккхарца, чекхдаьллачу шарахь, тIамца доьзна, махкахь вийнарг ву 82 стаг, ткъа чевнаш йина дарбан цIийнашка а, тIеман лазарнешка а кхачийнарг ву 92 стаг.

Официалан хааме мел даьхначу терахьийн чот-хьесап дича, и гайтам кхин а лакхара хила а сахьт дац. Стенна аьлча, цхьанненна а къайле а йоцуш, массо вер-ваккхар хааме доккхуш дац. Хьуламехь юьсуш ю цхьайолу тIеман операцеш а, цигахь нисделла дагахь доцу дараш а. Цу тIехь къера бу цхьаболу ницкъаллин структурийн эпсарш а, могIарера белхахой а.

«ТIемало вийча, кхеташ ма-хиллара, иза къайладаккха хьашто яц. Цуьнан валар муха нисделлехь а, дукха хьолехь иза юкъараллехь гIардоккхуш ду, ткъа къайле еш дерг кхин ду – низамхой байар. ХIоккхал вийна, лазийна, аьлла, церан бакъ терахь нахала даккхар хьаькамаша къобалдеш хIума дац».

Ишта дуьйцу карарчу хенахь ницкъаллин структурашкахь гIуллакх деш волчу белхахочо. Иза, кхеташ долчу бахьанийца, сан Iоравоккхийла дац. Цо дийцарехь, вийна низамхо цIарца кхайкха цаварх, и бохург дац цуьнан гергарчарна, доьзална Iедало ден гIо кIелдуьсу бохург. Цо бечу чIагIамца, дан догIу гIо кхачо йоллуш дIалуш ду.

Ткъа Нохчийчохь нисделлачу вер-ваккхарех аьлча, 2012-чу шеран хьалхарчу кхаа баттахь вийнарг ву 36, чевнаш йинарг - 42. ШолгIачу кхаа баттахь хилла дараш хаъал лахара ду: 15 вийний, 9 лазийний. Чекхдаьллачу шеран шолгIачу эхенехь юха а лакхадовлу гIайгIане терахьаш: тIеман хьелашца доьзна велларг 31 хуьлу,чевнаш йина лазарне кхачийнарг - 41 стаг. Совнаха а билгалдаккха лаьа и терахьаш «Кавказан узел» газето далийна хилар.

Кхин кIарг а ца луш, тидаме эцча, цу терахьел хаъал дацахь а, дика лакхара ду официало Iорадаьхна терахьаш. Масала, кху Дечкен-беттан 10-чу дийнахь,чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хаамашна тIе а тевжина, мехкан куьйгалхочо дIахьедар дира, стохка махкахь вийна 42 тIемало, полицин белхахошлахь велларг 54 стаг ву, аьлла. Цо чIагIдарца, царалахь чевнаш йинарш 148 ву.

Вуьшта аьлча, 250 гергга стаг хуьлу вийнарг а, лазийнарг а. "Кавказан узел» газето динчу зерал дуккха а лакхара.
XS
SM
MD
LG