ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша-шена тапча тоьхна нохчийн бизнесхочо


Нохчийчоь -- Совдегаран Мисляев Русланан долара машенийн ягочун кхачоен станци "Престиж", ЧIуьлга-Юрт, 26Чил2013.
Нохчийчоь -- Совдегаран Мисляев Русланан долара машенийн ягочун кхачоен станци "Престиж", ЧIуьлга-Юрт, 26Чил2013.

Бизнес вуно халачу хьолехь ю Нохчийчохь. Цигахь яздина доцу низамаш алсам ду яздина а долуш лелачел. Хийла нисло, стаге ма-хуьллу къа а хьоьгуьйтий, цо гулбина бахам цуьнгара Iедалан цIарх дIабоккхуш. И тайпа гΙело а цалаелла, шена тIе куьг даьхьина оршотдийнахь Теркйистерчу цхьана совдегаро.




Кху Чиллан-беттан 25 дийнан сарахь дуьйна йоккха гIовгIа яьлла Теркйист кIоштан юкъараллехь. Цуьнан бахьана ду 43 шо долчу Бена-юьртарчу бизнесхочо Мисляев Руслана, ша-шена тIе юьхьиг а таIийна, травматик тапча тохар.

Цу сохьта зудчо орца а даьккхина, Соьлж-ГIала дарбанан цIийне кхачийна дархо. Цуьнгара хьал цхьанаэшшара чIогIа лору лоьраша.

Гергарчара дийцарехь, герз тоххал Мисляев Руслан холчахIоттийнарг кIоштан урхаллехь болучара бина тIеIаткъам хилла. Селхана иза тIе а вехна, префекто цуьнга аьлла, хьан ЧIуьлга-Юртан некъ очакхболучу меттехь йолу бензин, солярка дутту «Престиж» станци а, цунна юххера, хьан долара кхо гIат йолу цIено а шаьш хьаьккхина дIадоккхуш ду, аьлла. Стенна, хIун бахьаненна дийцина а дац.

"Хьо резавацахь, хьо вахьа а вахьахь, мехкан куьйгалхочунна тIе а гIой, цуьнга дийца". МисляевгIара кхеторехь, герггарчу барамехь ишта доцца къамел дина кIоштан префекто йохк-эцархочуьнга. Цу хьокъехь дуьйцуш ву ша-шена тIе куьг даххьал Iедало бIарзвинчу совдегаран юххера гергара стаг. Кхеташ долчу бахьаненна цуьнан цIе йоккхийла дац цкъачунна.

Къастам боллуш хууш дерг цхьаъ ду: юьртахоша а, махкахоша а даре а деш, Iедалера бакъо а йолуш, массо кехат а долуш, Мисляев болх беш волу иттех шо ду. Банкера миллионашкахь юхалург ахча а даьккхина, дина хилла цо дукха хан йоццуш кхузза тIекIалдина цIа. Наха дийцарехь, бизнесхочунна уггаре дазделларг и ду - Iедална токхам бан ца вуьтуш, оццу Iедалехь болучара, дуьйцуш бахьана а доцуш, хIотIа вожор.

Нохчийчоь - Совдегаран Мисляев Русланан Iедало йохон сацам бина хIусам, ЧIуьлга-Юрт, 26Чил2013
Нохчийчоь - Совдегаран Мисляев Русланан Iедало йохон сацам бина хIусам, ЧIуьлга-Юрт, 26Чил2013


Ала догIу, Мисляев Русланан, цо йоьгIна гIишлош йоцуш, ЧIуьлга-юртахь некъан бохалла йина дуккха а йохк-эцаран гIишлош хилар а, уьш ерраш а Iедалера пурба-бакъо а йолуш йоьгIна хилар а.

«Нагахь санна уьш а, кхин а гIишлош дIаяха Iедалан цхьа хьашто елахь,- боху шен цIе йоккхийла ца лиинчу цхьана Теркйистерчу юристо, - оццу Iедало гIишло йолу долахо шена тIе а вехна, цуьнан и гIишло еш мел харж яьлла, зераш а дина, долахо реза а веш, цуьнца юкъаметтиг къасто еза. Ткъа кху Iедалдайша лелориг мел акхачу пачхьалкхехь а лелор долуш хIумнаш дац. ХIорш нехан тешам бойьуш. адам эгIо а, махках даккха а санна, хIуманаш лелош бу».

И къамел дечу юристан санна хьажам берш кIезиг бац.

Мискъал зарратал тамаше дац кхузахь адамна "бур-бур" аьлла дистхила.

Кхузара кхето хала доцуш, бакъдерг ду, жимма а хьаса болуш хIума аьлла вахархо, шен цIе йоккхийла лууш цахилар.
XS
SM
MD
LG