ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчех рогIера тоба а ю Шема хьажо кечъеш


Маршо Радионо хьалхо видео, аудио тоьшаллашца хаийтира Соьлж-ГIалара, муфтис тоба а дайтина, Шема баха новкъабаьхнийла Нохчийчохь гIуллакхден эскархой. Амма 500 салтичух доккхах дакъа Моздокера махка юхадалийра. Делахь а уьш 2-3 де даьлча дIахьовсийна Шема. Кечъеш ю цига яхийта рогIера тоба а.

Цунах керла тоьшаллаш кхаьчна Маршо Радиога.

Яьржинчу видеоно гайтина нохчийн эскархой, хьем ца беш, кеманашца Шема хьовсорхьама дIакхачийра Моздоке. Ткъа уьш новкъахь а болуш, хаам баьржира дуьненан агенталлашкахула Алеппо Асадан а, Кремлан а ницкъаша гIаттамхошкара дIаяьккхина аьлла.

Цунна делахь а, я видео яржарна делахь а, Моздокехь латточу эскархойх доккхах дакъа юхадерзийра Нохчийчу.

Цул тIаьхьа дIатийра прессера хаамаш, эскархойх жима дакъа бен Шема ца дигинчуха. Ткъа хIинца Маршо Радионе Нохчийчуьрчу хьостанаша бечу хаамаша бакъ доцийла гойту моттаделларг. Муфтис Межиев Салахьа байIат а дойтуш, новкъабаьхнарг 2-3 де далале дIабигина Шема. Уьш, дийцарехь, Хмеймимера Оьрсийчоьнан авиабаза ларъеш а бу.

«Сан шича вара оцу новкъайоккхучу тобанца. Иза цигахь ву. Могуш-маьрша ву, са ма гатде аьлла телефон а тоьхна цо» - боху Маршо Радиохь шен аз дита реза а хилла, оха дIаязвинчу махкарчу вахархочо.

Хууш ма-хиллара, хIетахь ХангIалара новкъабовлучу эскархойн видео яккхарна а, интернетехула яржорна а бехкевина, лаьцна Кадыровн Iедало 5 стаг. Оцу бахьанийца ца хIутту Маршо Радио шен хьостанаш парггIат дIахазийта.

Оршотдийнахь ватсапехула кехат даржийна рогIехь Шема бига кечбечу нохчийн низамхошлахь чуьра стаг волчу цхьана зудчо а. Цо доггах доьху Кадыров Рамзане шен а, ша санначийн а гергарнаш Шема ца хьийсабар. Амма дехарш, белхарш хезар ду ала аьттехьа а дац.

Скриншот
Скриншот

Шема вигинчу цхьана эскархочун йиша а яьлла Маршо Радиоца шена хуург дуьйцуш. Шен ваша юхавалийра Моздеке а вигина, амма хIетте а дIахьажийна цул тIаьхьа, иза аэродром ларъеш а ву, цигахь дуьйцу цо.

Тхо ца хIиттира цуьнан къамел ма-дарра шен озаца хазийта. Маршо Радион дикторо цо ма-дийццара довзуьйту Шема дIакхачийначу цуьнан вешех лаьцна а, кхидIа а Шема йига Нохчийчуьрчу эскархойн тоба вовшахтухуш хиларх а лаьцна.

Эскархочун йишин къамел: «Массо а Шема бохуьйту аьлла яьккхина и видео нахала а яьлла, Моздокера юхаберзийнера тхан уьш. Амма цул тIаьхьа 2-3 де даьлча уьш дIабигина. Тхан ваша Борзехь тIеман декъехь ву, цигахь балхахь вара иза.

Юхабовла йиш яцара, юхаваьлча, шена борша вац эр ду бохуш. ДIакхаьчча, аэродром ларъе а ду, кхузахь ду, …ца боха гIерташ, дика ду кхузахь-м туьканаш а ю, бохуш, къамелаш до цара.

Ма гIахьара, мегар дац, юхадовлахьара аьлча а, юха ца бевлла. Уьш хIинца цигахь бу, кхин а тIаьхьа тIебохуьйтуш а бу. «Север» батальон а дIайохуьйтуш ю боху.

Тхайнчух доьзал бу, масситта бер ду.

Амма кхин цхьа хIума ду. Ца боьлху, аьлла, юхабевлларш махкахбохур бу. Иза ткъа нахала даккха йиш яц, иза нахала ма даккха, аьлла.

ХIинца Жалкхера «Север» батальонеранаш шайна тIера декхарш дIадохуш бу. Оцу юкъара бераш ду кху деношкахь дIадуьгуш. Декхарш дIало, кечамбе, хиндерг ца хаа, аьлла. Иштта и бераш арадевллийла а хаьа суна. Туканашкахула, декхар дIалу, наха схьа ма дуьйций.

Дийцира соьга цхьана туьканхочо, декхар шена тIера дIадайъахьара, аьлла, веанера цхьа кIант, къахийтира шена, бохуш.

Вайн кхузахь тIемаш болуш, Шемара кхуза баьхкина, вайна гIодина а бацара, хIара вайн белларш кIезиг хета хир ду-кх хIокхарна… Оцу Путинна а, царна вайн мел велча а, цаьргахьа адолуш ду, вайх къахеташ лелаш бац. Вайн белларш тоьаш-м бара».

Кеч а вина, Шема дIахьажош ву баьхна 500 низамхо цигахь ву, схьагарехь, цуьнан тоьшалла ша Кадыровс а дира кIира хьалха. Амма оцу тIехь кхачалуш ду ала а дац нохчийн куьйгашца Путина ша Iалашвеш схьавахьачу диктаторна Асадна гIодар.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG