ТIекхочийла долу линкаш

"Дика ду-кх Кадыров воцу меттигаш йолуш а!.."


"Нохчийн МухIажирш", Урдунерчу суртдиллархочун Везашан болх

"Нохчийн МухIажирш", Урдунерчу суртдиллархочун Везашан болх

Маца, муьлха хьелаш дΙахΙиттича цΙехьабоьрзур бу мухΙажирш Нохчийчу аьлла хΙоттийра Маршо Радионо кху кΙиранна хаттар. Арахь болчу а, махкахь бехачу а хийлачу нехан лазам иза буйла хоуьйту шуьгара, тхан хьомсарчу махкахошкара, кхаьчначу жоьпаша.




Массех бΙе шо ду вайнехан мухΙажираллин. Ша дош иза хаза делахь а, къомана тΙехь ца хеддаш лаьттачу къизаллин чам беха «мухΙажир» дашца.

Маршо Радиоца зΙене а бевлла, шайн ойланаш йовзийтира ладогΙархоша. Вайн дагадовлар цΙенна хилийтархьама хаам бо, кху нехан цΙерш, уьш шаьш ийзалуш бацахь а, цара махкахь маршо яцарх тоьшаллаш деш хиларе терра, Маршо Радиона ца лаьа царна хьовзам баккха - церан цΙерш ца йоху оха.


Боккха лазам балхош къамел дира Маршо Радиоца хΙоттийначу хаттарна жоп луш Францехь вехачу мескархочо Ахьядов Ιисас. Шен ма-хуьллу гонаха бехачу мухΙажирех дог а лозуш, церан бакъонаш Ιалашйойтучохь къийсалуш схьавогΙу иза. Цо иштта довзийтира шена хетарг.



Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG