ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГΙалахь жуьгтийн килс - синагога - йилла сацам бина Нохчийчоьнан урхалло. Бахарехь, иза юттур ю ша бΙе шо гергга хьалха лаьттинчу меттехь, тΙаьхьо музыкалан доьшийла лаьттинчохь. Килсана лард хΙоттош дакъалаца ян лерина ю махка Израилера футболан тоба «Бейтар». Оцу хиламо хаттар гΙаттадо: хьанна оьшу и килс? ГΙалин бахархоша тоьшалла дарехь, хьалха цигахь эзарнашкахь баьхначу жуьгтех юха ца веъна стагга а.



Соьлжан йисттехь, 1901-чу шарахь хΙоттийна дуьххьара жуьгтийн синагога. Шахьарахь беха ашкенази-жуьгтий лелла цига. Советан Ιедал тΙедеъна ткъеха шо даьлча, 1937-чу шарахь, килса лелаш нах а бац, аьлла, бахьана а далийна, цунах йина хилла тΙаьххьара шераш тΙекхаччалц лаьтттина музыкалан доьшийла.

Циггахь хир ю, аьлла ду, хΙинца хΙотто лерина синагога. Цунна дуьххьара тΙулг билла богΙуш бу Жуьгтийчуьра футболисташ – «Бейтар» клуб. Иза цара дан тарло меттигерчу «Терк» тобанца доттагΙаллин ловзар дΙадахьале. Иштта ю Соьлж-ГΙалин администрацино кхайкхийна программа.

Нохчийчоьнах къезиг хьакхалуш хилам а нисбала тарло Соьлж-ГΙалахь. АСТ-олучу гΙишлошъярна, хьешан цΙенош, некъаш дахкарна тΙера деши-детин биста кхаччалц бизнес лелош йолчу кампанин да Исмаилов Тельман вогΙур ву Соьлж-ГΙала футболхойн «Бейтар» клуб цуьнан Жуьгтийчуьрчу дегара Гайдамак Аркадийгара шена эца.

Динан цΙийнах дерг аьлча, мила ву билггал Соьлж-ГΙалахь жуьгтийн килс йилла эшар айдинарг. Азербайджанера схьаваьлла Исмаилов Тельман билгалваьлла вац, иза я Москохарчу Чергизовн базаран да волуш а, я цул тΙаьхьа а, шен къомана, жуьгташна, килсаш яхкарца.

Бакъду, 5 шо хьалха Соьлжа-ГΙалахь хилира Оьрсийчуьрчу жуьгтийн конгрессан куьйгалхо раввин Коган Зиновий. Нохчийчоьнан куьйгалхоша, «Ислам – машаран а, кхиамийн а дин ду» аьлла цΙе а тиллина, хΙоттийначу форуме кхайккхарх, ша махка веъча, цо дийхира Кадыров Рамзане жуьгташна Соьлж-ГΙала юхабахка некъ баккхар а, шахьарахь синагога хΙоттор а. И дехар кхочушдан дош а делира Кадыровс.

Иштта бу жуьгташа шайна Соьлж-ГΙалахь синагога йилла баьккхинчу некъан орам. Пхи шо даьлла шина лидеран – цхьана агΙор Нохчийчоьнан а, вукху агΙор Оьрсийчуьрчу жуьгтийн а – барт хилла.

Хьал тахана килс хΙотточу даьлча, уггаре хьалха билгалдаккха догΙу, масса жуьгти веха Соьлжа-ГΙалахь. 1970-чу шерашкахь леллачу статистико ашкенази-тайпанах а, Кавказехь бΙешерашкахь бехачу татийн къомах а 10 эзар стаг ву бохура.

Вуно бертахь а, оьзда а баьхна жуьгтий Соьлж-ГΙалахь, бохуш, дагалоьцу заманаш дагайогΙучу нохчаша тахана а. Иза дан а ду бакъ, лелларг-хилларг зийча. Юккъерчу Азехь хан а текхна, цΙабаьхкинчу вайнахана дагадогΙу беккъа цхьа жуьгтий барий, Соьлж-ГΙалахь, шайца хΙумма а ца къуьйсуш, шайна цΙенош юхаделларш а, шайн йийбар-бахам, шаьш цΙадахккалц бохуш, Ιалашбинарш а.

Наггахь бен а вацара жуьгташлахь нохчийн мотт ца хууш. Нохчий хелхар а дара цаьргахь шайн къоман долуш санна лардеш. Нохчийн къоман филармонехь жуьгтех болу хелханчаш, вотанчаш, пондарчаш бара нохчел а дукха буй-те аьлла.

Амма и дерриг а «дара» бохучу - яхначу хене - дилла дуьсу. Нохчийчохь хьалхара тΙом болабалале а, болабелча а арабевлира цигара жуьгти – ашкеназий а, таташ а. Стагга а ца висира царех. Тахана юьстах бехачу шаьш жуьгташа-соьлжагΙалахоша тоьшалла а до цуьнан. Цхьа дакъа дΙатарделира луларчу Ставрополан а, ГΙубанан а гΙаланашкахь. ШолгΙа дакъа Тель-Авиво, Минеральные Воды-гΙала кеманаш а диссош, дΙабигира Израиле.

Амма цхьа а масала дац оцу нахах стагга а Соьлжа-ГΙала юхавеъна аьлла далон. Дац тоьшалла, Израилера, я Кавказерчу гΙаланашкара жуьгтий Соьлжа-ГΙала юхабахка хьагна бу ала а. Цара дикачу дешнашца дагалоьцу Нохчийчоь. Амма цхьана заманахь латинаша баьхна ма-хиллара, цхьана хи чу шозза волийла дац, боху Соьлжа-ГΙалара дΙабахначу жуьгташа. Царна гΙолехьа хета тахана шаьш бехачу мехкашкара шайгара хьал-де. Кхеташ ду цундела меттахΙуттур йоцийла Нохчийчохь жуьгтийн диаспора а.

Маршо Радион шеца телефонехула хиллачу къамелехь Нохчийчоьнан къоман политикан департаментан куьйгалхочо Гериханов Вадуда довзийтира жуьгташца долу хьал. Ιедало бахархой тΙаьххьара лоруш-багарбеш, махкахь ши-кхо стаг язвеллера ша жуьгти ву, аьлла. Амма уьш а ца карийна шена цкъачунна, ца хаьа стенгара бу, хΙара ву аьлла вийца кху сохьта жуьгти Соьлжа-ГΙалахь а, я махкахь а вац шен, элира Герихановс.

Муьлш лелар бу оцу Нохчийчохь шен векалш а боцчу динан цΙийне? Стагга а лелар волчух тера дац. Хьанна оьшу тΙаккха Соьлж-ГΙалахь синогога хΙоттон? Муха кхето деза и юьллуш хилар? Хаттар диллина дуьсу...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG