ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чубоьхкинчара маьрша баьхна гIалгIайн полисхой йуха а СИЗО хьажийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчохь лецначарна йеттарна а, кхерийна ахчанаш дахарна а шеконашкахь болу полисхой йуха а дIалецна – стигалкъекъа-беттан йуьххьехь ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело дIахийцира уьш СИЗО-ра таллам дIахьош йолу хан чеккхйаларна.

Буьйцурш бу оперативан белхахой лаьттина Котиев Мохьмад а, Боков ИбрахIим а, ишта талламбархо хилла Мержоев Адам а. Талламан версица, бахначу гIадужу-баттахь цара лецначунна йиттинера, наркотикаш йухкуш вара ша бохуш дареде баьхнера - реза ца хиллачул тIаьхьа ницкъахоша Карабулакера цуьнан долара петар йухкуш санна, шайн тешам болчу стагана тIейазйе элира.

Бехке хеташ волу кхоъ стаг Магасан кIоштан кхело лецира гIадужу-беттан 20-хь, цул тIаьхьа церан чохь йоккху хан йахйира масеххуза. ТIаьххьара талламхочун дехарца чохь латто хан йахйира мангал-беттан 18-чу кхаччалц – амма республикан Лакхарчу кхело и сацам йухийцира, хьалхара таллам дIахьо хан тIех йаларна, аьлла ду Боковн гIуллакхехь.

Оцу гIуллакхехула шеконашкахь волу кхоъ стаг йуха лаьцна ву, хIинца церан бехк хиларан тоьшаллаш ду лехьош, хаам бира "Интерфаксе" регионан талламан урхаллехь.

  • Дечкен-баттахь ГIалгIайн Кантышево эвлара вахархо лачкъийна дIа а вигина, цунна йиттина наркотикашна дуьхьал йолчу "Антилирика" тобанан жигархоша. Диъ сахьт даьллачул тIаьхьа чевнашца волу иза охьатеснера машенчуьра цуьнан хIусамна уллохь.
  • ГIалгIайчуьра Малгобек гIаларчу кхело полицихь болх беш хиллачу кхаанна бехк тIехь битина курхаллаш а, талораш а лелорна, царех цхьаъ бакъо йоцуш наркотикаш лелорна а. Бехкбуьллучийн версица, полисхоша декхаре винера меттигера вахархо 70 эзар сом шайна дала, цо наркотикаш лелош йуй хьажа тоьшалла дан дIа ца вуьгург. Кхечу гIуллакхехь а цара оцу кепара бархI эзар сом даьккхинера вахархочуьнгара. Оццу баттахь Малгобекан кIоштара стационаран ДПС-н постана хьалха массарна а гуш цара лачкъийра цхьана стеган 250 эзар сом.
  • МВД-н зерашца, Къилбаседа Кавказан республикаш регионашлахь уггар дукха наркотикашца долучу гIуллакхела хьалхара йу. ГIалгIайн республико оцу гайтамехь пачхьалкхан кхин йолу регионаш дуккха а гена йитина – кхолагIа дакъа герга (28%) кхузехь долон гIуллакхаш наркотикашца доьзна ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG