ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийн инарла" Делимханов Адам а, Нохчийчохь хьийзон нах а. КIиранан жамIаш


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Делимханов Адаман инарла-майоран чин, Нохчийчуьра веддачу кIантана гIело йарх дийцар, Кадырв Адаман кхерамаш – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду оха Маршонан хIора кIиранах арахоьцучу 48-чу подкастехь.

ХIинццехь хIоттайе лайк, йазйе комментарий – цо шордийр ду вайга ладоьгIучийн гонаш. Ткъа хIинца – керланаш!

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Делимханов Адаман инарла-майоран чин

Кадыров Рамзанан доьзалца а, цуьнан гонаца а доьзна дуккха а хIуманаш хазийра вайна дIадоьдучу кIиранах. Доккхачу декъана, президенто Путин Владимира Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь волчу депутатана Делимханов Адамна инарла-майоран чин делира. I990-чу шерийн йуьххьехь машенаш йухкуш вара иза, тIаьхьа Ичкерин тIемалойн баьччан Радуев Салманан машенлелорхо вара иза, ткъа Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча федералан эскаршкахьа а ваьлла, Кадыров Ахьмадан кхерамзалла ларйан волавелира иза.

Бакъоларйархошна а, жигархошна а, Нохчийчоьнан таханалерачу куьйгалхочунна луьйчарна а тIаьхьаваьлла лелаш ву аьлла, вуьйцу Делимханов. Иштта масех стаг цуьнан тIедилларца вийна а боху, уггар а гIарадаьллачех дара – 20I5-чу шарахь Кремлан пенна уллохь Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис вер.

Зуламашца воьзна хила тарлуш ву аьлла а, Украинана дуьхьал шуьйра болийначу тIамехь дакъалаьцна ву аьлла а, дуьненайукъара санкцеш йу Делимхановна тоьхна. 2022-чу шеран бIаьста Оьрсийчохь пачхьалкхан "Турпалхочун" седа белира цунна. Ткъа хIинца цунна инарла-майор чин даларх хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цо бахарехь, дечкен-беттан 30-чохь Путина динчу омраца йелла йу цунна керла погонаш. Бакъду, президентан сайтехь а, бакъонан акташ хIитточу официалан порталехь а и документ зорбане даьккхина дац.

ТIемалойн йацахь а, кхин а цхьаъ статусан цIе йелира дечкен-бутт бовш Ахмадова Амнатана – Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцийн тептаршкахь Кадыров Рамзанан кхоалгIа зуда йу аьлла, къастийна йу иза. Мехкан лаккхара совгIат дира цунна – Кадыров Ахьмадан цIарах орден. Цунна совгIат дIаделира мехкан урхалхочун йоккхаха йолчу йоIа Iайшата, шен 25 шарчохь республикин вице-премьеран даржехь йу иза.

Кху кIиранах шолгIа йоI, 24 шо долу Хадижат, шен администрацин а, урхаллин а куьйгалхочун хьалхара гIовс хIоттийра Кадыров Рамзана. ЧIагIдарехь, социалан блокаца зIе латторах жоп лур ду цо. ХIинццалц схьа школазхойн департаментан хьаькам йара Кадырова Хадижат, цул а хьалха берийн бешан куьйгалхо лаьттира.

Кадыров Адаман кхерамаш

Кхин а цхьа хаам кхечира дахначу кIиранах Нохчийчоьнан куьйгалхочун I6 шо долчу кIантах Кадыров Адамах хьакхалуш. Дагадоуьйту, стохка йиттинера цо КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитина, цул тIаьхьа масех официалан совгIаташ дира цунна, дарже а ваьккхира иза, доккхачу декъанна, Оьрсийчоьнан тIеман министраллина чуйогIучу Шейх Мансуран цIарахчу батальонна тIехьожург вира цунах. Ткъа хIинца оцу даржехь волчу цо Малхбузерчу а, Украинерчу а шен ден "мостагIашна" кхерамаш тийсина. Цуьнца йогIу видео хIоттийра Кадыров Рамзана дечкен-беттан 23-чохь, амма цуьнан тергойира хаамийн гIирсаша масех де даьллачул тIаьхьа – оппозицин телеграм-каналашкахь Кадыров Адама кхерамаш тийсар дийца даьккхича.

Видео тIехь кхиазхочо оьрсийн маттахь эскархошна лерина кхайкхам дIабоьшу, цул тIаьхьа нохчийн маттахь тIетуху: "Йамартлонан некъа бевллачу нахаца, шайтIанашца, мостагIашца оха йистйоккхур йу, тхо царна тIе а кхочур ду, уьш муьлххачу пачхьалкхехь белахь а".

Оцу дешнех лаьцна шена хетарг элира оппозицин блогеро Белокиев Ислама: "Шен бераш ма-хуьллу хьалхатоьтту Кадыровс, къомана хьалха церан авторитет айба гIерташ, иштта Кадыров Адаман [авторитет] а.

Цу тIера дIа ду, шайна товш боцчу нахана и боллу кхерамаш тийсар – нахана дIагайта, Iедалхошна [Нохчийчохь] урхалла дан хиъна ца Iа, цо таIзар а дийр ду, Кадыров Адам "сий долу", хила ма-веззара Кадыров Рамзанан верас ву, шен ден некъ дIакхоьхьур болуш ву, аьлча а, йамартлонан а, Iазапан а некъ".

Дагадоуьйту, дечкен-баттахь Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин а, Росгвардин а командирашца дIайаьхьначу кхеташонехь Кадыров Рамзана кхайкхамбира, шена луьйш болу нах, "уьш миччахь белахь а" дIабаха аьлла. Цо дIахьедора, "экстремистийн" а, "террорхойн" а гIуллакхашна бехкебечийн доьзало шайн нахах жоп дала деза, нагахь санна, уьш долара цара баьхнехь а аьлла.

Нохчийчуьра Iазапех веддарг дийна ву

Божаршца уьйраш йу аьлла, республикехь гIело латтийна Нохчийчуьра вахархо Дадаев Ризван ца ваьллачу денна ведда махкара. Цо шуьйра интервью йелла "Медуза" хьостана – дуьххьара, массарна а хезаш, ма-дарра дийцина цо шех лаьцна.

Дадаевс бахарехь, дуьххьара цуьнан кочабаьхкина хилла 20I7-чу шарахь, хIетахь полисхоша тIехь ницкъбинера цунна, нохчийн гейх лаций охьадийца бохуш. Оцу заманчохь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин ларми чохь вара боху цо Лапунов Максим, ала догIу, дуьххаьра цо дийца даьккхира Нохчийчохь ЛГБТК-нахана тIаьхьабийларх лаьцна.

ШолгIа лаьцна хилла Дадаев 2022-чу шарахь, хIетахь ток йеттийтинера цунна, хьайна бевза божаршца уьйраш йолу нах схьабийца бохуш, йетта а йиттинера. Ши кIира даьлча жимстаг дIахийцира, амма цунна дуьхьал гIуллакх даьккхира "бакъо йоцуш хьун хьаькхна" аьлла.

Цхьа зама йаьллачу хенахь Дадаев йуха а лаьцна хилла, амма ницкъахой ца хиллера уьш, ЛГБТ-нахера ахчанаш доху меттигера бахархой хиллера. ХIара хьуьнха а вигина, жIов йетташ, морзахца мIараш бухйохур йу шаьш, хьуо божаршца гергарлонаш дезаш ву ала бохуш, видео тIе цуьнан къамел дIайаздинера цара. ТIаьхьо интернетехь йаьржина а хиллера и видео. И ролик бахьана долуш полисхоша йуха а лаьцнера Дадаев, ларми чохь а латтийнера. Ткъа цуьнга дАраш дайтинчу нахана а, жимчу стага чIагIдарехь, чIогIа йиттина хиллера ницкъахоша, наркотикашца доьзна гIуллакх дуьхьал айдина а хиллера царна.

Ахшо даьккхира ша боху Даадаевс лаьцначохь. Оцу хеначохь хьийзийна иза, йиттина цуннна, Iазапаш хьегийтина. Волайнхочо дийцарехь, цуьнгахь гIело латтийначарлахь хиллера Айдамиров Дени – оцу хенахь Соьлжа-ГIалахула хиллачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан хьаькам вара иза, тахана – Нохчийчуьра чохьарчу гIуллакхийн министраллин хьалхара гIовс ву. Дадаевс чIагIдарехь, тоьхна хьалхара ши церг йаьккхина кхуьнан цо, ткъа тIаьхьо кхерамаш тийсина кхуьнан дена а, вешина а, божарца уьйраш йу аьлла жимстаг шайна йуха каравагIахь, уьш а цхьаьна чубухкур бу шаьш аьлла.

Оьрсийчуьра дIавахара Дадаев Ризван стохка шо долалуш кризисан "СК SOS" тобанан бакъоларйархойн гIоьнца. Карарчу хенахь кхерамзаллехь ву иза.

Нохчийн мухIажар дIалур вац Оьрсийчоьне

Нохчийчуьра вахархо Мукаев Салман Оьрсийчоьне дIалур вац Эрмалойчоьно – иштта сацам тIеэцна Ереванера административан кхело. Мукаевс дIахьедира ЛГБТ-нахаца ву аьлла, харц цIе а кхоьллина, 2020-чу шарахь Нохчийчохь шегахь латтийначу баланех. Оьрсийчуьра Эрмалойчу дIавахара иза, цигара дIа Европе дехьавала дагахь, амма федералан лехамашка а велла, пачхьалкхера дIаваха ницкъ ца кхечира цуьнан. ТIаккха ша тIевоьсинчу махке, ша Iалашвахьара аьлла, дехар дира цо.

Масех шарахь листина ду Мукаевн гIуллакх, эххара Еревано бакъдина, Нохчийчохь а, йоллу Оьрсийчохь а ЛГБТК+ йукъараллин векалш лоьцуш, царна тIехь гIело латтош хилар.

Дечкен-беттан 30-чохь Эрмалойчоьнан кхело сацамбира, Нохчийчуьра вахархо Мукаев Салман Оьрсийчу дIа ца хьажон. Нагахь санна, дIалахь – ша вуьйр ву бохура цо.

Оьрсийчу шена экстрадици йан дуьхьало йарх лаьцна дуьйцучу Мукаевс билгалдаьккхира, кхин дIа ваха а, эрмалойн мотт Iамо а, балха ваха а лаам бу шен аьлла. ХIинццалц схьа бакъоларйаран организацеш бахьана долуш хене вийлина иза, хIунда аьлча, балха ваха бакъо йацара цуьнан.

Мукаев лаьцна, ца ваьллачу денна иза махкара дIавахча буьйхира цуьнан доьзал: итт шарахь цуьнан цIартIехь хилла хIусамнана шайн йолчара дIайигира. Цунна хетарехь, даймахкарчу цуьнан гергарчу нахана кхераме хила ца деза, амма, хIетте а, цаьрца йолу зIенаш хедийна цо, нохчийн полисхой коча ца эхийта царна.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG