ТIекхочийла долу линкаш

Говраш езахь а, яъал ца еза


Румыни -- Евробертан туьканашна говран жижиг доьхкинчу Ботосани-гIалана гергахь йолчу Doly-Com жижиган комбинатана уллехула говран варданахь воьдущш ву хIара стаг, 15Feb2013

Румыни -- Евробертан туьканашна говран жижиг доьхкинчу Ботосани-гIалана гергахь йолчу Doly-Com жижиган комбинатана уллехула говран варданахь воьдущш ву хIара стаг, 15Feb2013

Европерачу туьканашкахь бежнийн жижиг ду бохуш, говрийнарг духкуш хилар гучудаларца йоьзна IалагIож кхин дIа а яьржаш ю, амма дукхахболчу вайнахах иза, цхьадикка, хьакхалуш яц.

Европа мел ю дIасадаьржина хилла Румынехь куьйгана цIе йоцучу цхьаьна сурсаташ лелоран фирмано хаспаш деш, духкуш хилла говрийн жижиг, цара юежний ду а, бохуш, мах беш хилла долу. Британин а, Германин а, Францин а, кхин цхьа могIа Европерачу мехкийн Iедалша хIицна сихонца шайн туьканашкахь мел долу жижиган сурсаташ толлуш ду. Ткъа нохчех хьакхайеллий те жижиган скандал?

Кху деношкахь гергарчу цхьана зудчуьнгара смс -хаам кхечира соьга, кхана цхьана Хьенехо говрана урс хьокхуш ду, хьуна жижиг оьший, аьлла. „Жижиг-м тешна а оьцур дацара ас, и говр, дийна йолшехь, суна схьаюхкур яцара теша цу стага, ен а ца юьш?“ - аьлла, жоп деллера ас. Кхеташ ма-хиллара, я цуо суна иза схьа а ца йоьхкира, я Европехь жижгана мел юьйш йолу говр схьаеэцна со а ер яцара.

И цхьана агIор забаре а, амма вукху агIор, цу говрах къахетар бахьана долуш, гIайгIане а къамел юх-юха а кардадуьйлу суна, кху деношкахь йоллучу Европехула а яьржаш йолу говрийн жижгаца йоьзна гIовгIа тергал еш.

Цкъа хьалха Британерачу туьканашкахь дIадоладелира дерриге а. Цигахь сурсатийн кхачамашна тIехь терго латточу хьукматна гучуделира, меттигерачу туьканашкахь бухкуш болчу италхойн „лазанья“ олуш болчу кхачанна юккъехь, хила ма-деззара, бежан жижиг а доцуш, говраниг хилар.

ДIаболийначу талламаша гучудаьккхира, и жижиг Британе Францера кхаьчна хилар, ткъа цига иза Люксембургера кхаьчна хилар, Люксембурге иза Голландера, ткъа Голланде - Румынера иза кхаьчна хилар.

Доцца аьлча, цIарна цIе яхана йолу глобализаци шен уггаре а маьттазчу сибтехь гайтира цу жижиго шира континент мел ю дIасабинчу некъаша. Ткъа Румыни – иза и говраш йойъуш а, бежний жижиг ду боху, и говрийн жижиг Европа мел ю дIасадаржош а йолу меттиг хилар гучуделира.

ХIинца Европе мел ю хIора а кхечу махкара импорт йина долу жижиг кIирбелла толлуш бу сурсатийн эксперташ. ДIакъевлина сихонца дуккхаачу пачхьалкхашкахь бIеннаш тоннашкахь гIорийна жижиг латтош йолу шабаран кхерчаш.

Ткъа хIора а меттигера вахархо, кафешкахь а, ресторанашкахь ша кхачанах церг тохале хьаьлха, ойла ян езаш ву, шена хьалха Iуьллу деттина жижиг я кIур туьйсу бургер говрин ду те я, меню тIехь яздина ма-хиллара, бежнийн ду те, аьлла.

Европийн пачхьалкхашкахь бехаш болу дукхахболу вайнах, цхьадика, цу тайпанчу тешнабехках кIелхьарабовлуш бу, цара жижиг ишттаъ-вуьштаъ бусулбачу базаршкахь хьанал сурсаташ духкучаьргара бен оьцуш ца хиларна, я, тобанашкахь вовшах а кхетий, шаьш цара хаспаш деш хиларна, хьастагIа соьга говран жижиг оьций баьхначара санна.

Германехь ехачу вайн махкахочуо Садаева Хадишата дийцарехь, урс хьакханза долу туьканашкара жижиг эца цхьа а хьашт дац нохчийн муIажарийн, хIунда аьлча, маьI-маьIIерачу хьаналчу базаршкахь бусулбе Iедалехь хаспаш динчу дийнатийн жижиг хиларна духкуш.

Садаева Хадишат: „Хьалха, кхузахь нохчийн дукха боцучу хенахь, туркошкара а, Iарбошкара а оьцура жижиг вайнаха. ХIинца, нохчий кхузахь алсам бевлчахьана, базаршкахь вайнах а бу жижиг духкуш, „Кхузахь хьанал жижиг ду шуна, марша догIийла шу!“, аьлла тIе йоза яздина туьканаш схьа а йилина.

ЧIогIа хаза и жижиг лелон Iама а Iемина уьш, эшахь семса жижиг а, эшахь даьIахк ерг, эшахь аьхьина жижиг а ло хьуна шен-шен мехах. И говрийн жижиг, бежнийнарг ду моьттуш, вайнаха эцна, аьлла, суна хезна дац, вайнаха жижиг базарара оьцу“.

Говран жижгах лаьцна аьлча, шайн доьзалехь цкъа а цу хьайбан дилха дууш хилла дац, бохуш дуьйцу Хадишата, и говраш шаьш кегий долчу хенахь дуьйна шаьш дукха чIогIа дукхаезаш лелийна хиларна. Амма нагахь санна говран жижиг дезаш цхьаъ велахь, иза а карадо хьанал жижиг духкучаьргахь, бохуш цуо.

Садаева Хадишат: „Кху Германехь а и говран жижиг гучу а даьлла, талламаш беш бу Iедалхой. Амма иза нохчех хьакхаделла дац, суна хаарехь. Говран жижиг дезаш нах хуьлу, цара вовшах а кхетий, говр йоьй, вовшашлахь доькъу иза. Бакъдерг дийцича, ас говран жижиг цкъа а эца а ца оьцу, я дуур а дацара, сайна иза говран дуйла хууш.

ХIунда аьлча, тхо кегий долуш дуьйна тхан дас, даима а дукхаезаш, лелийна говраш. Цкъа а уьш цуо яйина яц жижигана. Цхьа тамашийна хьекъале а, хаза а хеташ ду тхо и говра боху хьайба, тхан дас тхоьга иштта схьакховдийна а ду и хIума. Цхьа адам тайпа хьайба ду – кхи и говр“.

Нохчех ца хьакхаделлехь а, амма тоххарехь бIеннаш эзарнаш европахоша эцначух а, диинчух тера ду бежанийн жижиг санна духкуш хилла долу говрийн дилха.

Ала догIу, иштта-м говрийн жижиг европахоша вуно чомехь деликатес лоруш хилар. Немцойн а, австрихойн а, -ткъа францхой-м хьехо а ца оьшура,- езачу туьканашкахь духкуш хуьлу говран жижигах дина лоьхьаш а, говрийн семса жижиг а. Цу Iалашонца цу мехкашкахь лерина кхиош а, дойъуш а ду и нисделла хьайбанаш.

Бакъду, шаьшна, бежанийн ду а бохуш, шаьш ле а деш, говрийн жижиг дохкар ца деза европахошна. ХIунда аьлча, немцойн сурсатийн кхачам Iалашбаран министро Айгнер Ильзес оьгIаз яхханечехь ма-аллара, говрах иза бежан ду бахар – иза-м цIена цхьа хьакхалла ма ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG