ТIекхочийла долу линкаш

Шенген зонина юкъа керла пачхьалкхаш эцарна дуьхьал ю Германи


Люксембург--Шенген-эвла.

Люксембург--Шенген-эвла.

Болгарий, Румыний Шенген-зонина юккъе ян гIортахь, шаьш цу хIуманна дуьхьал хилар дIакхайкхина Германин куьйгалло. Карарчу хенахь Европера 26 пачхьалкхе юккъе йогIуш йолчу цу бертан дозанаш шордар цхьанна а пайдехь хир дац, элира немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Ханс-Петер Фридриха.

Зазадоккху беттан 8 -чохь дийцаре дилла дезаш ду, Болгарий, Румыний Шенгенан зонина юккъеяран хаттар – Евробертан пачхьалкхийн юстицин а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министарш вовшахкхетачу саммитехь. Амма немцойн куьйгалло хьалхехь дIакхайкхина, шаьш цу хIуманна дуьхьало йийр ю аьлла, цунна дуьхьал вето а кхайкхина.

„Вайн махкахой кийча бац, Шенгенан дозанаш шордайта, нагахь санна цу хIуманна бухларбеш йолу принципаш ларош елахь, кхерамазаллийца а, криминалаца къийсам барца а, Iедалан белхахойн куьйгана цIена хиларца йоьзна йолу. Ткъа уьш цкъачунна ларош ца карайо тхуна“, - элира немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Ханс-Петер Фридриха.

Иштта цуо хадийра, цхьа а сатийсам а ца буьтуш, Шенгенан дозанаш цхьана декъана, масала, хIаваэхула я хIордачухула Болгарина я Румынина схьадоьллур ду бохург а.
Немцойн коьрта полисхочуо, цул совнаха, къеллах бевдда, Германе оьхуш болу мухIажарш чу ца бита кесталгIа керла гIулчаш йохур ю шен хьукмато, аьлла, дIахьедар а дира.

„Маьрша дIасалеларх долчу низамах пайда а оьцуш, кхуза схьа а оьхуш, деккъа цхьа социалан гIо эцархьама лелаш болчу нахана дуьхьало ян некъаш хила деза“, - элира цуо, масала, цкъа Германера арабаьхна болу мухIажарш кхин цу махка чу ца бита низам ара дакхар цу некъех цхьаъ санна а хьахош.

Ала догIу, Румыний, Болгарий 2007-чу шарахь дуьйна Цхьанакхеттачу Европин декъа йогIуш ю. Амма хIетахь дуьйна шайн дозанаш схьаделларга сатуьйсуш йолу и шиъ, хIинцалца схьа Шенген-бертана юккъеюьтуш яц, хIунда аьлча, цу берта юккъерачу пачхьалкхийн Iедалшна хетарехь, я Румынехь а, я Болгарехь а Iедало кхоччуш коррупциций, зуламхойн тобанашций латтош къийсам ца хиларна. И бахьана долуш цу шина пачхьалкхан бахархой, Евробертан кхечу мехкашкарчу бахархойн санна, маьрша шайна баха-Iен лууш йолу меттиг харжа бакъо яц.

Шенген-бертах аьлча, цу юккъехь ю Цхьанакхеттачу Европина юккъе йогIуш йолчарех дукхохйолу пачхьалкхенаш а, ткъа иштта царна тIекхетта Норвегий, Швейцарий. Ткъа, мелхо а, Евробертана юккъехь шаьш елахь а, амма Шенген-бертана юккъе ца йогIу Британий, Ирландий.

Шенген-бертана юккъе йогIучу пачхьалкхашна юккъехь дозанаш дац, аьлча а, цу дозанашкахь хадеш я Iедалан белхахой а, я цхьанна кепара талламан социйлаш яц. Вуьшта дозанашца долчу некъашца шайна шеконе хетачу машенашна тидам беш, дIасалелаш полисхой хуьлу.

Иштта маьрша ваха а, ван а йиш хилар мел боккха зовкх бу бохучун хам хаьа Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а бахархошна, визанаш йоцуш Европе кхача бакъо йоцуш болчу.

Кху тIаьхьарчу пхийттех шарахь оьрсийн куьйгалла Европертаца визанаш йоцуш дIасалеларх лаьцна барт бан гIертар цкъачунна жамI доцуш дуьсуш ду.
XS
SM
MD
LG