ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Младич Раткон тIехь кхел еш ю ХIаагехь


Нидерландаш -- Боснера демонстранташ бу хиллачу Югославехула йолчу ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу Трибулан хIусамна хьалха лаьтташ, 16Стиг2012
Нидерландаш -- Боснера демонстранташ бу хиллачу Югославехула йолчу ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу Трибулан хIусамна хьалха лаьтташ, 16Стиг2012

ХIаагехь Дуьненаюкъарчу трибуналехь Боснерачу сербийн армин буьйранча хилла волчу Младич Раткона тIехь дIайоьдуш йолу кхел тIаьхьатеттина суьдо. Цу кхелехь гIантда волчу Ори Альфонса дийцарехь, прокурораш гIалат далийтина, Младичан адвокаташна талламан материалаш а елла. РогIера кхеташо маца хир ю тIаьхьо хоуьйтур ду ша, аьлла, хаам бина суьдхочо Орис.


Младичан гIуллакхехула долу ладогIарш дуьйладелла Кхаарийн дийнахь. Прокурораш дIахьедар дира, Младич жоьпаллехь ву, 1990-чу шерашкахь Боснехь тIом боьдуш, цигахь геноцид ярна а, кхеяу къаьмнех болу нах байарна а аьлла.

Еарин дийнахь дийцаре динарг дара 1995-чу шарахь Сребреница олучу гIалахь, 8 эзар бусулба стаг а вуьш, Младичан эскаро дина долу зулам. Младич Раткос тIецадуьту шена дохкуш долу бехкаш

Шо хьалха, лаца а лаьцна, ХIаагерчу дуьненаюкъарчу кхелана хьалха дIакхачийнера cербхойн инарла хилла волу Младич Ратко. ДуьнентIехь уггаре а чIогIа лохуш болчу зуламхойх цхьаъ хилла волу Младич сербхойн а, амма иштта дуьненаюкъарчу а Iедалхойх лечкъина лелаш волу дуккха а хан яра.

Боснера тIом дIабирзинчул тIаьхьа тIеман зуламхо лерина волу иза а, кхин цхьамогIа сербхойн инарлаш а, тIеман куьйгалхой а санна, дуьненаюкъарчу лехаме велла вара, цо Боснехь а, Герцеговинехь а бусулба нах байар бахьана долуш. Караджич Радованца цхьана Боснерчу бусулбачарна тIехь геноцид ярна коьрта куьг бехкениг лоруш ву иза.

Эххар а даханчу шеран Стигалкъекъа-баттахь сербхойн къайлах сервисхойн лаца каделира Младич, цхьаьна жимчу сербхойн юьртахь божалчохь лечкъина воллучуьра. ХIетахь дуьйна ХIагерачу набахтехь шена тIехь процесс дIайолаяларе хьоьжуш вара иза. Кхаарин дийнахь Дуьненаюкъарчу Кхелехь цуьнан дов хатта долийна.

Процессан хьалхарчу дийнахь Младич Раткон адвокаташ дехар дира, коьрта кхелахо Ори Альфонс кхечуьнца хийцахьара, ткъа ша процесс тIаьхьататтахьара, аьлла. Амма Дуьненаюкъарчу Трибуналан куьйгалхочо и дехар бух боцуш ду аьлла, тIе ца ийцира.

Кхелахоша толлур ду Младич Раткос Боснехь тIом болчу хенахь лелийна долу зуламаш. Иза Боснера бусулбанаш байанарна вина ца Iаш, иштта хорваташ а, цигонаш а, кхин болу сербхойн къомах боцу Боснин а, Герцеговинин а бахархой байъарна а, царна къиза таIзарш лелорна а бехке веш ву.

Талламхоша чIагIдарехь, Младич Раткос куьйгалла дечу сербхойн тIеман ницкъаша геноцид йина, Сребреница гIалахь 8 эзар бусулба стагана тоьпаш тохарца. Цу инзаречу къизаллийна куьг бекениг Младич хиларх цхьа а шеко яц талламхойн, хIунда аьлча церан каракхаьчначу аудиойозан тIехь хезаш ду Младича шен салтташка деш долу омра.

--Дийначарна герз детта, дийначарна, цаьргахь герзаш дац шуна, цаьргахь цхьа ши гранаташтухург бен яц шуна! -- бохуш цIогIа детта инарло, цу аудиойозан тIехь.

Цулсовнаха, Младич вара, талламхоша дйицарехь, Боснин коьртачу шахьаранна Сараевона го а байтина, цу гIалин тIе хаддаха артиллерига а, снайпершка а герзаш а доьттуйтуш, цигахь эзарнаш нах байитийнарг. Иштта Сербехь этникан зачисткаш ярна бехке а лоруш ву Младич.

Цуьнан омрашца, бIенаш эзарнаш боснхой а, хорваташ а, шаьш бехачу меттигашкара лаьхка а лаькхина, цIийнах а, царах а бохийра. Эзарнаш нах, шайна юкъахь зударий а, бераш а долуш, Младичан омранаша кхоьллинчу концлагершкахь тIепаза байра.

Бакъду, ша Младич шена тIе тоьттучуш болчу бехкашна къера ца хуьлу. Цо чIагIадарехь, иза шен къоман дуьхьа леташ а вара, нийсо къуьйсуш а вара.

Иза иштта даиман а хуьлуш ду, адамаллийна дуьхьал зуламаш лелорна бехке бечу инарлаша а, пачхьалкхан куьйгалхоша а шаьш лаьцна, карабахча, шаьш динарш зуламаш дацара, шаьш шайн къоман а, пачхьалкхан а сийлаллин дуьхьа лелаш дара боху кийтарлонаш яр.

Эзарнаш адамаш дайарна бехке волчу Младича а, я цулхьалха лаьцна хилла волчу Караджича а, Милошевича а тоьшаллаш дора, шаьш шайн куьйгаца цхьа а маьрша стаг вийна вац, бохуш. Оцу кепарчу лакхарчу даржашкарчу инарлаш, я пачхаьлкхан куьйгалхоша шайн куьйгашца тоха а ца туху дукха хьолахь тоьпаш. Церан метта церан омраш кхочуш дан могIарера салттий а, эпсарш а хуьлу.

Боснехь тIом болчу хенахь Нохчийчохь а тIеман омраш дIалуш хиллачу Ельцин Бориса а, цултIаьхьа веанчу Путин Владимира а ца вийнера шен куьйга цхьа а маьрша нохчи. Бакъду цара динчу омрашца байина бу бIеннаш, эзарнаш вайнах.

Карарчу хенахь Младич Раткон тIехь ечу кхело а, цулхьалха Югославин президент хиллачу Милошевич Слободанна тIехь кхел яро а тоьшалла ло, мел нуьцкъала Iедал, я Iедалда хиларх, ша адамаллина дуьхьала динчу зуламех иза кIелхьара вер цахилар.
XS
SM
MD
LG