ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хенал а хьалха маьршайаккхийта оьшучу лоьрийн комиссех чекх ца йоккху Мусаева Зарема


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Ши бутт сов хан йу Устрада-ГIаларчу колонин куьйгалло Мусаева Зарема лоьрийн комиссех чекх ца йоккху, хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командо". Цо дахдо иза хенал а хьалха арайаккхийта аьлла дина дехар листар.

ГIуран-баттахь адвокато Савин Александра Шела гIалин кхеле дехар дахьийтира, цуьнан могушалла ледарчу хьолехь хиларна Мусаева лаьцначуьра маьршайаккха аьлла. ТаIзар токхуш йерг инсулинах йоьзна шолгIачу кепера диабет а, кхин а цхьа могIа дIа ца йуьйлу цамгарш а токхуш йу. Кхел дуьхьал хилира Мусаева хенал а хьалха арайалийта, делахь а чиллан-бутт бовш и сацам йухабаьккхира Нохчийчуьра Лакхарчу кхело.

Лакхарчу кехалан пленуман сацамца а догIуш, Мусаеван могушалла талла лоьрийн комисси йара кхайкха йезаш, цуьнан жамIаш катоьхна Шелара кхеле а хьажош, билгалдоккху адвокато Савин Александра. Оцу йукъанна, цо бахарехь, Мусаеван медкарти тIехь ишта а йаздина дац цуьнгарчу цамгарх, цо могуьйтуш дацара цунна бехкзуламан гIуллакхехула таIзар дан.

Кхаа беттачохь Мусаевас дакъалаьцна кхелан шина кхеташонехь, цуьнгара бехкбаьккхина цуьнан цIе тIехь бейдж ца хиларна. УДО йан дуьхьал хиларна бина латкъам толлучу заманчохь Соьлжа-ГIалара СИЗО йигира иза колонира. Арз толлучу кхеташонехь цо дакъалецира видеозIенехула – могушалла ийгIина хиларна кхело цунна бакъо йелира хиъна Iен. Савина бахарехь, "дика лоьрийн реабилитаци" йара зудчунна оьшуш.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
  • Пятигорскера кассацин кхело кхаа баттана лахйина нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина набахтехь йаккха тоьхна хан. Цунах лаьцна дехар динера прокуроро. Курхаллех а, ницкъахочунна тIелатарна а дуьхьал айдинчу гIуллакхехь таIзар малдан бахьанаш карийна боху, ма-дарра дийцича, гIуллакха йукъахь дан а доцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG