ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Читиговх заьIапхо виначийн кхел йирзина, амма ца дирзина дов


ГIалгIайчоь -- Читигов Зеламха, ГIалгIайчуьрчу милцоша йиттинчул тIаьхьа, Карабулак, 18Тов2010
ГIалгIайчоь -- Читигов Зеламха, ГIалгIайчуьрчу милцоша йиттинчул тIаьхьа, Карабулак, 18Тов2010

ГΙалгΙайчуьрчу Карабулакан кхелехь дирзина цигарчу шина полисхочо маьршачу нахана тΙехь таΙзар латтор толлуш гΙаттийна, шарахь сов лелла дов. Меттигерчу полицино хьийзийначех цхьаъ – нохчийн мухIажир Читигов Зелимха - заьΙап висина цуьнан бехкенна. Кхело бина сацам тΙех кΙеда бу, ша кхидΙа а лоьхур ю пачхьалкхехь нийсо, бохуш ю хΙинца мухΙажиран нана. Ша Читигов Зелимха Европехь веха хΙинца. Маршо Радио масситтаза гΙоьртира цуьнга шена хетарг довзийта. Амма дΙа ца баьлла кΙентан дагчуьра полицино кхоьллина кхерам – иза ца хΙоьттира тхоьца къамел дан.



Карабулак-гIалахь дIайирзина шина милцочунна тIехь еш хилла кхел. Оцу гIалахь милицин куьйгалхо хилла Гулиев Назир мокъавалийтина. Ткъа Нальгиев Илес, нохчийн мухIажирна Читигов Зеламханий, кхечу маситта стаган гIадгIачунний тIехь къизалла латторна бехке а вина, 8 шарна набахте хьажон кхачийна.

Милцоша хьийзийначу Читигов Зеламхин нене Зухрага Маршо Радионо хаьттира, цунна хIун хета оцу сацамах, аьлла. Цо ша реза яц боху.

Читигова: « Реза ца хилла тхо. Реза муха хуьлу тхо Нальгиевна 8 шо хан а тоьхна, Гулиев дIавахийтича. ШолгIаниг вукхуьнан куьйгалхо ма вара. Цунна ца хууш ма ца лелийна Нальгиевс ша мел лелийнарг. Цо кIант дIавигар а, иза хьийзор а ца хууш ма ца хилла цунна. Прокуроро 10 шо доьххушехь, бакъвина кхело Гулиев. ТХо реза дац. Оха и гIуллакх юхалиста ГIалгIайн махкахь бахар пайде дац. Цигахь уьйраш ю церан. Оха Москох лур ду иза. Нагахь санна Москох а гIуллакх ца хилахь, кхин а лаккхарчу тIегIане кховдора до ха иза».

Тахана Читигова Зухран доьзал Москох дIанисбала гIерташ боллу. ГIалгIайн махкахь а, Нохчийчохь а шайна кхерамазалла яцара бохуш, кхин дIа а дийцира цо.

Читигова:
«Берийн школе лела а йиш яцара. Жимахъерг гимназехь яра, ткъа йоккханиг университетехь яра. И шиъ кхуза схаьялийна оха. Цара тхуна некъ ца битира. Тхо ГIалгIайн махкара Нохчийчу дIадахча а, неIарга хIуьттура. Iедало гIарол а ца делира тхуна. Цхьана а агIор тхуна накъосталла ца дира, шайна лаахь байъа а байъа, бохуш санна».

Бехктакъхаман гIуллакх шуьйра довза доьлча, бехке веш волу Нальгиев а, Гулиев а хьаьвзира шайн хьал политикан буха тIедаккха. Царах цхьаъ, Нальгиев, оппозицин цхьана акцехь дакъалаца а кхиира, ша юха а набахтин гура чу вахийтале.

Гулиев кхело кIелхьарваккха мега аьлла хеташ, маситта де хьалха дийца долийнера оьрсийн цхьаболчу бакъонашларъярхоша. Сахьт дац Гулиев, Евкуровн вешин, Увайсан, бажа хиларе терра, аравалийта а, бехира, масала, Ганнушкина Светланас. Нагахь санна иза ишшта хилахь, ГIалгIайнчоьнан куьйгалхочунна сий деш хIума хир дац иза, аьллера оьрсийн евзаш йолчу бакъонашларъярхочо.

Республикан куьйгалхочунна ца хаьа, меттигерчу Iедалан сий башха лекха а доцийла гойтуш дуйла тIаьххьарчу масситта баттахь ГIалгIайн махкахь лаьтта хьал.

Цу тIе тидам бохуьйту дукхаъчу политикан тергамхоша. Нохчийчоьнца доза къастор а, меттигерчу оппозицино республикан куьйгалхой хийца бохуш, дуьхьалонан акцеш дIаяхьар а, юха уьш дIалецар а - оцу доллучо а Оьрсийчоьнан республикех уггаре а къона ларалучу мехкан юьхь-сибат башха томехьа а ца гойту.

Юккъехула, тIемалошца бохьу бала а бу цхьана эшшара ира лаьтташ. Цаьрца зIе таса гIерташ, гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека шен мобилан телефон а гIараьяккхинера. Цу тIе ца тоьхна зIе цхьана а гIаттамхочо, лакхарчу хьаькаман зорбан гIоьнчаша шаьш бахарехь. Цхьаболчу тергамхоша мел долу и кхачамбацараш дузу тIедогIучу шарахь махкахь хинболчу республикан куьйгалхочун харжамашца. Кхечу дашца аьлча, харжамийн компани цигахь дакъалаца лаам болучара йолийна хIинцале а.

ГIадужу-баттахь «Мехк-кхел» юккъаралло Москох дуьхьалонан акци дIаяьхьира Iедалан урхаллашна хьалха, ГIалгIайн республикан куьйгалхой хийца бохуш кхайкхамаш бора оппозицино .

Оцу деношкахь Несар-гIалахь а оцу юкъараллерчу жигархоша кхайкхийра мацалла. Амма мацалла лаьцнарш чугулбеллачу гIишлонна чохь бомба йоллу аьлла, еъначу полицино дIа а лецна, ханна изоляторе дIабигира "Мехк-Кхелан" жигархой. Лаьцнарг вара 50 гергга стаг. .Оцу акцина тiехIиттира Европера гIалгIай а. Брюсселехь Еврокомиссин гIишлонна хьалха пикет дIаяьхьира 30 стага.

Тергамхойн могIаршкахь дийца долийна, республикан куьйгалхочун харжамийн компани Несарахь хIинцале йолийна аьлла. Иза аьттехь ца дуьту меттигерчу журналист Чапанов Вахас.

Чапанов: «Москох болчарна кхузахь хуьлуш дерг дика ма девзий. Шаьш чIогIа говзанчаш а хета царна Кавказан гIуллакхашкахула. Царех дукхахберш кхузахь цкъа а хилла а бац, интернетехула бен кхин хIума хууш а бац. Суна хIара харжамийн компани ю аьлла ца хета. Цу тIекхача хIинца а гена ма ду. Цхьа шо ду. Наха лелориг цхьаъ хир ду-кх. Халкъана кIордийна нах лечкъор а, уьш дIалецар а. Мацалла кхайкхинчарна, Москох пикет хIоттийначарна а кIордийна...

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG