ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муртазалиева Тоита: Нохчийчохь накъосталла хир ду бохучух ца теша


Муртазалиева Зараъ, оьрсийн телевизионера сурт
Муртазалиева Зараъ, оьрсийн телевизионера сурт

Терроризман бехке а йина, 2005-чу шарахь Дечкен-беттан 17-чу дийнахь исс шо хан а кхайкхийна чуйоьллина хилла Муртазалиева Зараъ кеста араяла езаш ю Мордоверчу зударийн набахтера. Ша дерриг цо набахтехь даьккхинарг бархI шой, ах шой хир ду. Беккъа и цхьа къинхетам бира, бехк боццушехь, пропагандин Iалашонца чуйоьллинчу Зараэх оьрсийн бакъонийн системано. Оццу шеран Зазадоккху-беттан 17-чу дийнахь низамашкахь цхьа хийцамаш хилла аьлла, 9 шарана тIера ах шо дIадаьккхира Оьрсийчоьнан Лакхарчу Кхело. Зараан нанас Тоитас дуьйцу тахана оцу дехачу 8 шарахь сов ша лайначух а, цIеххьаша хийцаделлачу дахаро шена гайтинчух а.

Нохчийчохь тIемаш бечу заманахь, пропагандин хьашташ кхочушдеш а, новкъара-накъара дIабаха а Iалашонца хеццна чубоьхкинчех цхьаболу нохчий цIаэха буьйлабелла оьрсийн набахтешкара. Уьш, дукха хьолахь, хиллане а бух ца хиларна, амма, цкъа схьалаьцнарг дIа ца хеца 8 шераш а, сов а кхайкхийна хилла нах бу. Уггар а луьрчех, терроризман артиклш тIехьарчийнарш бу уьш. Мел чIогIа бакъонашларъярхой а, ур-атталла Европера Адамийн Бакъонийн Кхел а гIортах, терроризм бохучу деккъа оцу цхьана дашо а, Iадавой вуьту стаг. Оцу дашах кхерало, къаьхка, бода боуьйту. Къемата а бехк боцуш чувоьллинчу стагах хьарчийнарг терроризмаца йоьзна артикл елахь, чуьра бевлла мел гIо дан гIортарх, гIорасиз бисна бакъонашларъяхой. Ларамаза дуй иза?

Могуш воцуш а хилла, цIийнда кхелхина дукха хан а ялале, кхин а беза бала тIебазбелира 2004-чу шарахь, хIетахь 45 шо бен ца хиллачу Муртазалиева Тоитина. 8 шо дIадаьллачул тIаьхьа цуьнан могушалла дикка галъяьлла. БIаьрса телхина, цо ша ма-аллара, хIума атта дицло... Дукха хан ца йисна хIинца Зараана набахтера цIаян. Амма и хазахетар дицдо цунна, цIаеъча Зараа хIун дийр ду, нохчийн юкъараллин дахарехь цунна хIун меттиг кхочур бохучу хаттаро?

Тоита: ЦIаян езаш Гезгмашин беттан 3-чу дийнахь ю иза. 4-чехь цуьнан 29 шо кхочу.
«Зараъ, цIаеъча хьуна хIун луур дара?» аьлла аса шега хаьттича цо соьга аьлларг ду: «Нагахь санна хьо соьца дIайогIур елхьара, суна тIаьхьа а хIоьттина хьо йогIур юйла хиъча, цхьа минот ца йоккхуш, махкал а арахьа дIагIур яра ша. Вайн къомана юкъахь чекх яла шена хала хир ду. Амма ша гIур яц, хьо шеца йогIур яцахь» ду.

Аса элира цуьнга, 8 шарахь хIокху махкахула со лелла, доккха ши стаг ду сан да-нана. И шиъ могуш дац. Уьш охьа а тесна яха суна бегIийла дац, аьлла.

«ТIаккха вайшимма собар дийр ду. Делахь а, кхузара дIаяхча шена атта хир дара» цо а эли.

Цунна тIаьхьа а яхана. тIаьххьара сайна иза гича, сан ойла хийцаелира.


Набахти чуьра араяьлча Нохчийчу яха ца хIутту Зараъ


ХIунда кхоьру Зараъ Нохчийчу ян? Стенна сагатдо цо?

Тоита: Сайна нохчашкара гIо хир доцийла суна хиъна хIокху 8 ах шарахь.

Нелидова Наташа юй (бакъонашларъярхо) цо ахча теснера вай кхузара гIалахь йолчу «Синтем» организаце. ВаллахIи ца хиънера суна хIинццалц иза (организаци) цигахь юйла а. 10 000 эзар сом теснера (Нелидовас) цу организацехула. Цара соьга кхехьийтина косташ аса дIа ца дайина. Тешар яц хьо цу тIехь дерг дешца. Оцу 10 эзарна тIехула цара суна баьккхина хьовзам хьовзам хьайна хиъча!!!

Аса царга ала а элира «8 эха шарахь со шуна тIе а ца еъна, шуьгара хIумма а ца дехна аса. Дукха чIогIа кIелъйисина муьраш баьхкина суна тIе. Амма со цкъа а шуна тIе ца еъна. Ткъа хIинца, метишкано ахча тесна ша шуьгахула аьлла, сайга хабар тоьхча еъна шуна тIе. Цо схьатесна ахча схьалойша суна, со кхана Iийча сайн йоIана (набахте) тIаьхьа яза езаш ю» аса аьлча а, ахча схьа ца луш, цара суна баьккхина хилла хьовзам!

"Синтемо" етт эцна Зараана дахьийтинчу ахчанах


Ца кхетамна я боккъалла а, бала ца кхачарна делахь а, юкъаметтигаш нис ца елла Тоитин а, Соьлж-гIалахь болх бечу «Синтем» цIе лелочу гIо-накъосталлин организацин а. Халахеташ делахь а, нохчий вовшийн гIуллакхашка хьажар, хIокху шина тIамо чIогIа галдаьккхина, тешам байина вовшна юкъара. Цуьнан цхьа долчу бахьанах, хIокху программехь жимма тIаьхьуо дуьйцур ду аса.
ЙоIана тIаьхьа Мордоверчу набахте яха кечлучу Тоитина ахча теснера юкъ-кара цунна гIо-накъосталла деш хиллачу Нелидова Наташас. Билггал «Синтемехула» ахча тасаран бахьана дуьйцуш, кхин дIа къамел дира Тоитас.

Тоита: ХIинццалц дIатесна ахча дайна, ша хIинца кхечу кепара дийр ду аьлла теснера и ахча Наташас «Синтемехула». Эххар а цара («Синтем» организацерчара) соьга хIун яздира хаьий хьуна? «35 тысяч у меня ушло на корову. Кхин шегахь дац», аьлла. И бохург хIун ду, боху аса тIаккха. Аса хьоьга дуьйцург адам ду, ахьа соьга буьйцург етт бу!

«Сколько тебе надо?» олу соьга. ЧIогIа хала даьккхира аса царгара и итт эзар сом. Цул тIаьхьа маса бутт белира дага ца догIу суна, суна кост кхечира мобилан телефон тIе. Иза Iуьйранна 3 даьлча кхаьчна ю соьга. Иза а дIа ца йойуш йитина.

«Извините, если вы завтра утром успеете к 8 или 9 (дага ца догIу суна билггал), есть вещи для Зары». Цунна тIеюха хIума харжа йиш хир ю бохург хир дара иза церан. Амма со Неврера (100 чаккхарма сов Соьлж-гIалина генахь) гIала яха ма еза.
10 даьллачул тIаьхьа бен ца гина суна и кост а.

ТIаккха аса дуьхьала яздина: «12 даьлча дIаеъча ларор юй со? ЙоIана тIаьхьаяха гIерташ хилча муьлхха а гIо суна оьшуш ду» аьлла.

«ХIан-хIан, ларор яц. 12 даьлча хьо еъча кхузахь хIумма а хир яц. КарабогIучу баттахь йогIур ю хьо, хьайна лаахь» аьлла жоп даийтина суна.

Со тешна ю, аса КIуръанна тIехь дуй буур бара, церан («Синтеман») метта Нелидова елахь, Светова елахь, кхин берш хиллехь, соьга хоттур дара «хIун размер ю Зараан? Оха юьстах йоккхур ю хьуна цунна мегар ерг» аьлла.

Уггар хазаниг кхин а ду. Соьга яздина: «И ахча дIа ма делира, тхоьга шуьца уьйр ца тасаелира. И ахча дIаделира» бохуш. Со нийса кхетта ца кхетта суна ца хаьа, хьалха а цхьа ахча хилла тхуна цхьаммо тесна, тхоьца зIене а ца бовлабелла, и ахча дIадаьлла.

«И ахча дIа муха долу, селхана бен тIедиллина а ца хилча?» аьлла аса хаьттича, «собар делахь, тIаккха кхин цкъа а хьовсу» шаьш, аьлла и кеп хIоттийра суна.

И 10 эзар схьа а эцна, схьаэцар тIечIагIдеш куьг яздина сан кIант схьавеъча, юха телефон тоьхна боху, и куьг нийса ца хилла, кхин цкъа а куьг яздан вогIур варий иза, аьлла. Воуьйтур ву аьлла, ас-м ца вахийти иза. Схьагарехь, хьалхалерчу цхьана ахчанна а куьг яздан лууш хиллера царна оха. И накъосталла ду-кх суна хIокху 8 ах шарахь нохчаша динарг.


Кхин цхьаъ нохчийн "турпалхо-ямартхо"


Дуккха а чубоьхкинчу нохчийн гIуллакхашкахь санна, терроризмана бехке йинчу Муртазалиева Зараан гIуллакхехь а кIорга лар йитина, аьлча а, цу берриг хьовзамна бух кечбинарг ву оьрсийн къайлахчу ницкъаш болх беш волу Ахмаев СаьIид. Ша тIаьхьуо бен ца кхийтира цунах бохуш дийцира Тоитас.

Тоита: Зараъ лаьцначу хенахь цхьаммо цуьнан (Ахмаевн) телефон а елла, тоьхна аса цуьнга. Цуьнан зудчо схьаийцира. Маряьм яра а хаац, Марина яра а хаа, дага ца догIу суна. Аса хаьтти, Марина, маса бер ду хьан? 5 бер ду эли.

Хьажахь, боху аса, 4 сан а ду ду-кх уьш. И сан цхьа Зараъ дIаелла а, дIаяьккхина а, хьалаоллийтина а, и цхьаъ йоцуш Iийр дара вай. ТIаьхьадисинчарна хIун дийр ду вай?

5 бер лелон дезаш хьо а ю. Кхин а 3 лелон дезаш со а ю.

Балхара цIайогIуш йолу йоI вай нохчийн кIанта чу а йоллийтина... 20 шо кхаьчначу зудабере, хIан хIара сан телефон ю хьуна, оьшшучу хенахь телефон тоха, аса накъосталла дийр ду хьуна аьлла, бертIорз шех теша а тешийтина... И хIун ду?

Сан ю алий дог ма лазахь Зараах. Сан йоцуш санна ойла ехьа цунах. Кхана Iуьйрре хьайчунна ишттаниг дича, кхечунна ишттаниг дича, цунах хIун хир ду? Дейша суна гIо! Зараъ Китай-городехь лаьцна, оцу меттире цо (хьан цIийндега) телефон тоьхна.

«Цара цхьа хIума дийр дац. Хьайга «полицино» ден боххург дичхьана, хьо йолуш ю» ма аьлла (Зараэ) цо (Ахмаевс). Китай-городе (проспект) Вернадского дIа а йигина, «хьо бакълуьйш хиллера, лаца тхан бакъо яцара. Хьоьга гIуда даьккхичхьана шаьш довлуш дара» а аьлла, тIаккха циггахь кхин шиъ (Iедалан белхахо) тIе ма веана цунна.

(Зараас) телефон Китай-городера тоьхнера, балхара ара а яьлла, йогIучу хенахь шаьш лаьцча. Телефонехула къамел дина хилар тIечIагIдеш (телефонан уьйран операторера) кехат даккхийтахь хьайн цIийндега аьлла аса дехчи, цуьнан зудчо эли – харцдерг аса дуьйцур дац – «сан берийн да а хилла, со цуьнан хIусамнана а хилла тхо Iийр дац, иза вогIур а ву, ма-дарра сурт цо дийца а дезар ду. И аьхьа дуьйцург суна хиъна а дацара» аьлла, цу зудчо къамел ди.

«Да виса, элхьамдуьлиллахI, Делан къинхетам боккха бу-кх. ХIинца-м цхьа йист ер яра цуьнан. Коьрта теш и вара цу гIуллакхехь» аьлла со паргIатъели. Iуьйранна «командировке вахийтина, вац» аьлла иза ца веа. Телефон цара кхин схьа а ца ийци. Оцу тIехь иза чекхделира.


Нохчийчура стоьлан дайшна тIе ца кхачало


Бакъонашларъярхоша цхьабосса политикан бахьанашца чуйоьллинчу лоручу Муртазалиева Зараан адвокаташ хенал хьалха иза араялийтар деха тохабеллачу хенахь, Нохчийчура Iедалша а дIахьедарш дира, шаьш а иза юьтур яц, дакъа лоцур ду, аьлла. ХIетахь а дог тохаделлера шайн, амма, цIеххьаша уьш, тап-аьлла дIатийчи, церан карахь кIезга хIума дуй кхийтира МуртазалиевгIеран доьзал. Оьрсийн Iедал дагахь дацара, масаллина чуйоьллина нохчийн жима зуда, шаьш аьлларг а кагдеш, араялийта. Цу хенахь дуьххьара Нохчийчура омбудсменах Нухажиев Нурдина тIекхачаелира Тоита.

Тоита: Цу хенахь Зараъ хенал хьалха араяккха – гIуллакх хилахь а, ца хилахь а, Страсбурге латкъам чубелла хилча - адвокато элира, дехар дан деза. ТIаккха со оцу Нухажиев Нурдина тIеяхара. Соьгахь копи йолуш ю, цо суна дехар яздира, «Зараъ арайолуш, цо адаптаци яллалц, шайн аппаратехь балха дIа а хIоттор ю иза, массо тайпа накъосталла а дийр ду аьлла. Цо (Нурдис) Кадыровн Iедалан цIарах официала кехат делира. Айса яздина официала кехат аса Рамзане а дахьийтинера. Цу кехатна тIера дIадоладелла, «шаьш гIо а дийр ду, ша-дерриг а дийр ду» аьлла хIума дара. Амма юха дIадижира церан иза. Оцу Федералан сервисаша «Стоп» аьллачух тера дар-кх царга.

Маршо радио: Хьалхара а, тIаьххьара а Нухажиев гар хилира цунах. Кхин цул тIаьхьа Нохчийчура Iедалшна тIекхачелла яц Тоита.

Тоита: Путинна тIекхачар атта дуй те аьлла хеташ ю со, вай кхузара (стоьлан дена) стагана тIекхочул а. И йоI цIаеъча, цхьана а дикачу хIумане, дикачу балхе аса цаьргара (нохчийн Iедалера) са ца туьйсу.

Маршо радио: Юха а, тIаккха а, шена тIекхаьччий бен ца хаьа, кхелашкахь а, набахтешкахь а боккъалла а долу хьал. Дукха хьолахь, ша цхьалха вуьсу стаг. Нах къехка буьйлало, бала тIебазбеллачух. Амма, гонаха дика нах хиларо, мелла а догйовхо ло. Ша набахте хьажийча шен йоIа шега аьлла дешнаш диц ца ло Тоитина.

Тоита: Зараъ лаьцначу хенахь, дуьххьара со шена тIаьхьаеъча Зараа элира соьга: «Нана, 8 ах шо дукха хан ю. Нахана а ша кIордор ю. Лулахошна а ша йицлур ю. Классехь цхьанадешначарна а ша йицлур ю. Хьо цхьаъ хир ю ша йиц ца еш».

Цо ишта аьлча, аса эли, «Зараъ, ишта хир даций иза-м. Вуониш бу. Амма диканиш а шортта ма бу. Ца хилча хIара дуьне лаьттар а дацара».

Цул тIаьхьа шо а ши шо а даьлчи эли хIокхуо «деллахь, нана, хIинца-м ша йицло а хан ма яра. Наха-м дикка дакъа леци» аьлла.

Чохь воллуш волчу стагана телефон тоьхна а, ша дагавеанера а аьлча, чIогIа доккха хIума ма хетий.

Маршо радио: Карарчу хенахь, Мордоверчу набахтехь тIаьххьара беттанаш токхуш йолу Зараъ могуш яц. Делахь а, и шен цамгар ца го цунна, шен дисина денош дагардеш.

Оьрсийн кхеле бехке вечуьнан бехк хилар тIе чIагIделлачу гIуллакхех а къаьсташ ду Зараан гIуллакх. Таллам дIахьучу хенахь, буьззинчу барамехь цуьнан бехк ца хилар къастаделлера цуьнан адвокаташка. ХIетте а, федералан кхелахочо Комарова Маринас кхаа сохьтехь кеч а бина, Зараъ бехке еш сацам кхайкхийра. Цу гIуллакхехь коьрта теш вара, кхелехь гучу ца ваьлла волу Ахмаев СаьIид. Бусулба дин тIеэцна хиллачу шина оьрсийн зудабераца Куликова Анница а, Воронова Дарьица а лелийна доттагIалла а цхьана бехке диллира Зараана – царах шахIидаш кечбан ойла йолуш яра аьлла.
Кеста арайолуш йолчу Зараана шортта хан оьшур ю, нахах теша Iама. Амма цунна иза ца лаахь, цунна билла бехк бац цхьаннен а.
XS
SM
MD
LG