ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн некроз, шелигчуьра Путин: цамгар къасторах


Путин Владимир, Кадыров Рамзан
Путин Владимир, Кадыров Рамзан

Кху деношкахь тхуна хиира зорхан йекхоьнан некроз цамгар хиларх. Дукхахберш тIаьхьакхиа гIиртина хила тарлора гуглан гIоьнца, дуьйцург хIун ду.

"Новая газета Европа" гIирсо артикл арахийцира "Паччахьан метта хIоттонверг" аьлла, цу тIехь дуьйцу, 2019-чу шарахь лоьраша ишта къастийна хилар Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цамгар. ХIетахь дуьйна цуьнгара хьал эшна догIу, дукха вехар вац иза бохуш. Лакхарчу Iедалхоша хIинцале а дийцаредо боху, мила хир ву Кадыровн метта, шегара декхарш кхочушдан гIора доцуш иза висахь (нохчийн "Ахмат" спецназан командиран Алаудинов Аптин цIе йаьккхира).

Матвеева Анна, журналист
Матвеева Анна, журналист

Амма диагноз тIечIагIйеш, цхьана а кепара официалехь информаци ца йалийна "Новая" газето, цунах а кхеташ ду: официалехь Кадыровн могушаллех лаьцна цкъа а дийцина дац- нохчийн паччахь массарел а чIогIа могуш ву бохуш, баржон хаамаш боцург. Артиклан авторш тIетуьйжу анониман хьасташна а, рогIе а ца хьоьжуш, Кадыров садаIа вахарна а, цомгаш хиларна иза къайлавийларна а - хIаъ, "жимма шелвелла, массо а ма хуьлу могуш воцуш" – бохуш, хабарш даржош. Ткъа хабарш-м дара кеп-кепара, Нохчийчоьнан куьйгалхо кхетамчохь вац а бехира, иза кхелхинчух тера ду а бехира.

Амма ша Кадыровс а, йа цуьнан пресс-гIуллакххоша а цхьана а агIор терго ца йира "Новая" газетин артиклан. Делахь а цуьнан аккаунташкахь оццу оршотан дийнахь видео гучуйелира йоьдучу кхеташонера, и дIахьош вара иза ша, ткъа шолгIачу дийнахь спортзалчохь тренажераш тIехь йаьккхина ролик йаржийра, цу тIехь гIеххьачул а тIахъаьлла гантелаш ловзайо цо. Оцу доллучо а тешон дезара хьовсархой, Кадыров дикачу хьолехь ву, иза могуш вац бохуш лела хабарш – аьшпаш бу. Ткъа хьовсархоша кхин а чIогIа къийса долийра, муха гуш вара Нохчийчоьнан урхалхо, цуьнан йуьхьтIера бос буьйцура, цуьнан лелар, дикци а. Лоьхучунна даим а карор ду – карийра иза могуш цахиларна билгалонаш а. Кадыровн агIончашна, мелхо а, видео тIехь могушаллех вуьзна баьчча гора, и "доллу шайтIанаш, дуй хьуна" хIаллакден долу.

Демократин политикаша цхьана хIумана къайла ца хьо шайн чуьра дахар

Кадыров Рамзан могуш хила а тарло, йа цомгаш – хуьлийла и панкреонекроз токхуш, йа цхьа кхин лазарш, чолхе, йа дайн. Вуьйцург и вац. Муха хаьа, йа ца хаьа адамашна политикан шайн лидерийн могушаллин хьолах лаьцна бохучо дуккха а дуьйцийла йу муха кхоьллина йу кху заманан йукъараллаш, демократин а, авторитаран а.

ХIунда аьлча кеп-кепара ду цигахь бахархошна хьаькамийн могушаллех а, цуьнан чуьрчу дахарх а лаьцна хаийтар.

"Со охьакхетта, шун мемашка хьоьжуш ву"

2021-чу шеран зазадокху-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден шершира, иза Джорджи дIакхачон дезачу кеманан ламеш тIехь. Охьавожаза велира иза, амма ца вуьйжира. Дуьненан телехьожийлан каналашкахь гайтира и. Байден США-н историхь уггар а къена президент ву, цу хенахь дара цуьнан 78 шо. Ткъа 2022-чу шеран аьхка Байден охьакхийтира вилспетара Делавэр штатехь, хьалхарчу ледица шаьш цхьанакхетта 45 шо кхачар даздечу заманчохь. Байден Джилл шен вилспетахь хьалха вара, ткъа президент дIавоьрзийлехь лара ца вира. Йуха а гайтира и сурт дуьненан каналаша. Йа хьалхарчу а, йа шолгIачу а меттигехь ца лазош велира иза, амма Байденан дуьхьалончаша консервативан прессехь йаздира, артиклашна йинчу комментарешкахь а дийцаредира, дада когаш тIехь дика латталуш вац, пачхьалкхан урхалла цуьнга муха дойтур ду бохуш.

Ткъа Германин канцлер Шольц Олаф 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь гучувелира нахана йукъахь пираташ санна аьтту бIаьргана бехчалг йихкина. Iуьйранна водучу заманчохь галваьлла охьакхетта хиллера иза, бIаьрг а лазош. Чов йерззалц бIаьрса ларде аьлла хиллера цуьнга лоьраша. Белхан хьокъехь шен масийтта цхьанакхетар йукъахдаьккхира Шольца – бIаьрг Iаржбина товш ма дац Iедалхочо къамел деш аьлла. Iаьржа бехчалг йихкинера цо, цуьнца сурт даккхийтира, социалан машанашкахь и хIоттош йаздинера: ""Шун мемашка хьоьжуш ву со".

Мемаш хье ца йелира. Интернетехь забарш лелочара самукъадаьлла фотошоп йира Шольц пиратан хотIехь, белш тIехь тоти йолуш, йа робот-стеган цхьа бIаьрг дийна болуш, шолгIа механикехь бина болуш, Шварцнеггер чохь волуш хилла Терминаторан вастехь иза гойтуш. Доггах хьийзийра цара канцлер. Цо самукъадаьккхира карикатураш йохкучийн а, церан публикин а, тарлора Шольцан шен а цунах самукъадаьлла хила. Делахь а, самукъадаккхар доцург а, забарш гайтаме йара: демократина а, диктатурина а йукъара башхалла гайтира цара.

Берлинна гергарчу Потсдамехь вехаш ву канцлер Шольц, Iуьйранна шайн кварталехула воду иза, могушалла латтош. Цул а хьалха хилла Меркель Ангела Берлина йуккъехь йехаш йу; муьлхха а Берлинера гидо гойтур ду туристашна, цуьнан петар чохь йолу цIа.

Демократин политикаша цхьана хIумана къайла ца хьо шайн чуьра дахар. Царна коьрта ду, шаьш Дала даздина дахкийтина доций а, уьш санна адамаш шаьш дуй а, шахьаршкахь шаьш дехаш доций, петаршкахь Iаш дуй дIахаийта шайна кхаьжнаш тесначаьрга. Шайн чохь а биргIа экка тарлуш хилар, шаьш а лулахошна чу хи хеца а тарлуш хилар, лазор а, цомгаш хила а шаьш а тарлуш дуй дIахаийта. Дахаран хатI а, царна оьшу биллам а бу и, шайн харжамхой шайх тешийта. Цара бегаш бо, шаьш шайца а цхьаьна.

ЭгIазалла дIагайтар – ницкъан билгало йу

2023-чу шарахь Байденан официалан къамел дечу хенахь "Канадица йукъаметтигаш кхиор йу вай" олучу меттана цо элира: "Китайца йукъаметтигаш чIагIйийр йу вай". И дара Канадин а, США-н а уьйрашна лерина дIахьочу барамехь. Журналисташлахь белам иккхира (Путинан брифингехь ваьхьар велара цхьаъ цо ларамза галваьлла аьллачунна тIехула велавала). Ткъа Байден ша а велавелира, цо элира:"ХIаъ, Канадица, Китайца нисйийр йац. Бехке ву, тилкхазваьллера. ХIинца шуна хаьа-кх, сан коьрта чохь хIун ду: Китайн бен ойла йац сан".

ГIийлачарна дала тохар ду, шаьш беламе гайтар, гIорадерг ша а цхьаьна воьлу шегара даьллачух

Тилкхазвийларш, гIалаташ, тасавалар, ког карчар, бета тIе басарш хьекхар, мухха а тIехваьлла дика ца гайтар – и дерриг а демократин лидеро бен шена магийта йиш йоцург ду. Кхин а цхьа хIума ду цо шена могуьйтур долуш – ша галваларна къера хилар, цунах а, шех а гIадвахна велар. Забар, бегаш, ирони, цу тIе ша аьшнашвар – ницкъ болчу стеган амалехь ду. ЭгIазчунна дала тохар ду, ша беламе хетар ницкъберг ша а воьлур ву шегара даьллачух.

Кеманан лами тIехь галваьлла Байден, вилспета тIера а охьакхетта иза, Шольц тасавеллера Iуьйранна водучу хенахь, бIаьрг а лазош, Меркель жIаьлех кхоьруш йу, кхинболчу Европан политикийн а хила тарло, кхечарех ца лечкъон Iаьткъа меттигаш.

Оцу кепара лелар бац цкъа а авторитаран лидерш. Уьш гуттар а массо а хIума тIехдика долуш хила беза – шайн кхетамехь. Шайца забарш йар а ца магадо цара, низамца царна тIаьхьабовла тарло – Iедалан векал сийсазварна аьллачу артиклехула. ХIаъ, Си Цзиньпин а, Путин Владимир а кеманан лами тIехь охьакхета тарло, нахана хьалха дIахIиттина къамел деш, Австри олучу хенахь Австрали аьлла гIалатбовла а тарло – амма цхьана а зорбанан гIирсо цкъа а гойтур дац и. Байденан йа Макронан тилкхазвалар доллу дуьнено дуьйцур ду, ткъа Путинан йа Ким Чен Ынан галваларх цхьанна а хуар дац цкъа а, йа и эфире а дохуьйтур дац.

Доцца аьлча, мотта мегар дац, церан "лидерш" ламеш тIера охьаэга, ткъа "вайнаш" 70 шо кхаьчча а турпалаш санна бу аьлла.

Стенгара бовлуш бу СоловейгIар

Къовсаме тема йу пачхьалкхан куьйгалхочун а, лаккхарчу хьаькамийн а могушаллех лаьцнарг. Лоьрийн къайле боху кхетам болуш бу: лоьрийн хаамаш нахала ца боху дархочуьнгара пурба доцуш. Амма пачхьалкхан куьйгалхо – нахана йевзаш персона йу, цуьнан могушалла йукъараллин ниIматах долчу хеттаршлахь йу. КIайчу цIийнехь кест-кеста хоуьйтуш хуьлу президентан лоьро бен хаамех: цигахь аьлла хета, йукъараллина хууш хила деза, могуш вуй мехкан урхалхо, ткъа иза шех лаьцна дийцийта реза хила везаш хуьлу. Евробертан дукхахйолчу пачхьалкхашкахь ишта дац – президентан йа премьеран, йа горгамаш хьокхучу белхалочун медкарта и делахь а, низамо цунах лаьцна хаамаш Iалашбо.

ХIетте а Оьрсийчохь дерриг а политикех доьзна ду. 1996-чу шарахь хIетахьлера президент Ельцин Борис дагана операци йан охьавиллича, цуьнан терго йеш йоллу пачхьалкх йара. "Хьалхарчу каналана" комментарий луш вара гоьваьлла америкахойн кардиохирург Дебейки Майкл. Журналисташа ма-дарра дуьйцура, операци муха чекхъйаьлла, Ельцин дарбан цIийнехь волчу йукъанна цуьнан декхарш кхочушдеш мила ву, "зарратан нуьйда чохь чамда" хьаьнгахь йу а, дарба дар ма-хеттара ца нислахь, хIун дийр ду а цхьаьна.

Путинан а, цуьнан гонах болчийн а могушаллех лаьцна хууш дац цхьанна а. Авторитаран лидерийн могушалла хила ца йеза, цу тIехь цамгарш муххале а, шаьш дилха доцуш болуш санна дIагойту цара. Камерашна хьалха хIуьтту уьш кастом йухий, галстук уллий (цхьа хьенех Байден майка а йоьхна, шорташ йоьхна, шен къаналло дIахуьйдина когаш дIагайта ийза а ца луш вилспетахь воьдуш хуьлу), шайн доьзалш хьулбо цара: Путинан йоьIарша кхин фамилеш лелайо, президенто царех лаьцна дуьйцуш "и зударий" олу, зудчуьнца къаьстинчул тIаьхьа цуьнан уьйрех а, берех а лаьцна хууш хIума а дац, бах-бахарш доцург. Иштта адамаш хуьлу, шаьш дела хеташ, адамаллица дерг царна дош ца хета, хийра хьулу, эгIазалла гайтар хета царна адамалла гайтар.

Ткъа хIинца Кадыровн зорхан йекхоьнан некроз йу бохуш баьржина хаамаш – цхьа а вац и хаамаш тIечIагIбийр болуш а, йа бакъ дац эр долуш а. Иштта даьржа букъаца кхераме дестар ду бохург а, - хIан-хIа, лейкеми – йац, Паркинсонан цамгар а йац Путинан бохуш, дикка шерашкахь шен медийн карьера йеш схьавогIу Соловей Валерий. Цунна цхьанна бен хууш доцчу бахьанашца, стохка гIадужу-бутт бовш Путин велла, цуьнан дакъа Валдаехь гIорийначу камери чохь латтош ду аьлла дIахьедича, дуккхаъчу нахана интересе ца хилира иза. Тарлора и хила лууш и хьийзина а.

Шун политико диллина дуьйцуш делахь шегарчу хьолах лаьцна, иза могуш хиларан билгало йу и. Шаьш бакъ болчу диктаторша а цхьаьна лечкъадо шайгара хьал – тIаккха царна гонах СоловейгIар а, кхинболу эладитанчаш а баьржа. Сталинан кхалхарх хаамаш къайлабаьхьна бара дуккхаъчу шерашкахь, оцу тIехула дуккха а хабарш лийлира, иза ша шена тоьхна велла а бехира. Ткъа баккъал а болу хаамаш уьш белла дуккха а хан йаларх а, къайле хилла буьссу.

"Блоги" рубрикехь охьайазйина ойла редакцина хетачуьнца йогIуш ца хила а тарло.

  • Кадыров Рамзанан могушалла кхин тIе а чIагIъйелла йогIучу йукъанна Оьрсийчоьнан президентан администрацихь цуьнан метта хIоттон верг хIинцале а билгалваьккхина, чIагIдо "Новая газета Европа" хьасто. РогIера Нохчийчоьнан куьйгалхо хила тарло аьлла, дукха хан йоццуш тIеман министраллехь лаккхара дарж деллачу "Ахмат" спецназан командиран Алаудинов Аптин цIе йаьккхина цара. Кавказ.Реалиин редакцино листира мел бакъ долуш хета Алаудинов посткадыровн республикин куьйгалхочун дарже "хьалхататтар"
  • Федералан Iедална гергахь Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан культах а, монополих а хьал талхоран бакъдолу бахьанаш хIоьттина. Кадыров могуш вац бохуш, хабарш даьржинчу йуккъехула цуьнан метта хIоттон стаг хоржучу заманчохь Кремль кхерам боцуш Iедал кхечаьрга дала дезаш хиларан гIайгIа беш йу, аьлла ду "Новая газета Европа" хьосто кечдинчу регионан политикан ландшафтан таллам баран шолгIачу декъехь йаздина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG