ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кондиционер хIоттийначу четаран мах – $2600


ХьаьжцIа баха бетталуш бу дагестанхой

Кху шеран аьхка Макка а, Медина а ХьаьжцIа баха хьаьгначу Оьрсийчоьнан бахархошна 20,5 эзар меттиг билгалъяьккхина СаIуда Iаьрбийчоьно.

Къилбаседа Кавказан мехкашлахь стохка а санна, уггар дукха квоташ еллачу регионех ю Дагестан.

6000 эзар стеган таро ю Марсхьокху-баттахь Зиярате ваха.

Даханчу шераца дуьстича, кху аьхка Макка, Медина боьлхучийн харж алсам ер ю, оцу хиллачу механа цхьа эзар, ах эзар Iамеркан доллар тIекхетарца.

2016-гIа шо схьаэцча, масала, ХьаьжцIа ваха аьтто бара 1800 долларх, нагахь санна автобусца Урдунехула воьдуш хилча.

Ткъа карарчу шарера дуьйна 2020-чу шаре довллалц СаIуда Iаьрбийчу кеманца боьлхучийн некъах дер ду 2600$.

СаIуда Iаьрбичуьра доьду кема масех сахьтехь дIакхочу, ткъа Урдунера доьдург масех дийнахь-буса а.

"ХьажцIа боьлхучарна эвсара хьелаш кхолла сацам бина кхушара. Мина ломан буьххьехь СаIуда Iаьрбийчоьно шаьш четарш кечдина боху зияртхошна лерина".

ХьаьжцIа мехаш дестарх дуьйцуш Оьрсийчуьрчу Макка, Медина боьлхучеран гIуллакхкаш луьстучу комиссин куьйгалхочо Гамзаев Мохьмада дийцарехь, къастийна Оьрсийчоьнан бахархошна аьлла тIетоьхна дац мехаш. Дуьненчуьрчу массо а бусулбанех хьакхалуш бу и хийцамаш.

Цо бахарехь, мехаш тIекхетаран бахьана ду, кху шарахь Iарбоша Зиярате боьлхучарна кхоччуш комфорт а йолуш уьш дIатарбан Iалашо лаьцна дела.

"Мина лаьмтIехь тоаме Iер-дахаран хьелаш а хIиттош, четарш йоьгIна. Цундела мах сов эккха кху шарахь. Оцу ахчанна юкъа догIу хьешан хIусамашкахь буьйсанаш яхар, еза лоручу меттигашка дIасабигар а", -иштта кхетадо зияратхойн гIуллакхаш лелочу Гамзаев Мохьмада.

Кавказ.Реалии портале Дагестанерчу цхьана ХьаьжцIа ваха лаам болчо дийцира, Макка, Медина воьдург мехаш хьалабахаран бахьана мехкадаьттан мах лахбаларца доьзна хила тарло аьлла.

"СаIуда Iаьрбийчоьнан экономика хаъал лахъелла, мехкадаьттан черманах уггар лахара мах хIоттийна, тIекIел гIишлош йийгIар сацийна цигахь. Цундела Зиярате богIучарна тIера цIока яккха гIерта уьш", - аьлла хета, шен цIе цаяккхар дехначу дагестанхочунна.

Иштта Кавказ.Реалиица къамел дина шолгIа Дагестанера вахархо Мутаилов Салман-Хьаьжа хIора шарахь воьду ХьаьжцIа, дуьххьара боьлхучарна гIо-накъосталла а латтош.

Цо дийцира, Дагестанна дахначу шарахь Макка, Медина квоташ дукха еллашехь, кехаташ чуделлачарех 500 стаг ца воьдуш висира, бохуш.

Ткъа 2015-чу шарахь 2000 стеган аьтто хиллане а ца хилира ХьаьжцIа ваха.

Оццу юкъанна кхоллало хаттар: кху шарахь мехаш бесторо таро лур юй-те дагестанхошна Зиярате баха?

"Сан зерашца, кху шарахь хIинцале а Макка, Медина ваха нигат динчу 3000 стага кехаташ чуделла, - боху Салман-Хьаьжас. - ХIинца а 5 бутт хан ю ХьажцIа ваха йисинарг, цундела шеко яц и терахь кхин а шозза совэккхар хирг хиларх. Стохкалерачуьнга ладоьгIча, хаа мегар ду, кху шарахь а зияратхойн кхачо хуьлийла доций".

ХьажцIа боьлхучийн кехаташ кечдеш, уьш новкъа бохуш йолчу Дагестанерчу цхьана компанин белхахоша дийцира иштта Кавказ.Реалии портална, СаIуда Iаьрбийчоьнан тIедожорца, мехаш хIиттораш шаьш ду аьлла.

Амма цара тIе ца лоцу, кху шарахь мехаш тIех сов дестийна хилар.

"СаIуда Iаьрбийчоьнан лехамашца хIиттош ду оха и мехаш, - аьлла "Макка-Тур" агенталлан векало Омаров Мухьаммадрасул-Хьаьжас. – Мехаш дукха лакхара ду, амма шаьш зияратхошна леррина кхоьллина хьелаш долу дела, саIудхоша иштта хIиттийна и мехаш.

Масала, Мина ломахь цара ехкинчу четаршкахь хIиттийна кондиционераш, ткъа айхьа ойла ехьа, и хIуммаъ тера-мера хьал ма дац".

XS
SM
MD
LG