ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн полицина тIелатар, КъорIанца "забарш" лелор. КIиранан жамIаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра полицина дина тIелатар, Москвахь герзаш деттарна нохчо бехкевар, КъорIанца "бегашна" лелорна икххина дов – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршонан 50-чу подкастехь.

ХIоттайе лайк, цо подкаст йаржош гIо дийр ду, ткъа хIинца тхо дIадуьйлало!

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Нохчийчохь полицина дина тIелатар

Чиллан-беттан 14-чу буса нохчийн Iашхой-кIотарахь вевзашвоцчу кхаа стага герзаш диттина, лазийна полисхо, хаийтина махкара Талламан комитето. Урхаллин хаамашца, тIелеттарш байина дуьхьал герз тоьхна, оцу меттигехь карийна боху герз а, патармаш а. Бакъоларйаран органийн белхахочун дахарна тIекховдарна бехкзуламан гIуллакх долийна.

ТIелатале хьалха "шеконашца волу масех стаг" хаавеллера шайн эвлахь Сулейманов фамили йолчу меттигерчу полисхочунна, йаздо шайн хьастана тIетевжина "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахочо кхин а ницкъ тIеоьзнера, ахсахьт даьлча хьун толлуш богIу уьш тIенисбеллера герзашца болчу нахана. Лазийнарг ву боху полицин лаккхара сержант Мадаев.

ХIара бутт карабеачхьана шолгIа хаам бу нохчийн ницкъахошна тIелатар дарх лаьцна. Чиллан-беттан 4-чохь суьйранна вийна полицин подполковник Атмурзаев Альберт, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органийн а, дакъойн а оперативан тобанан хьаькам вара иза. ТIечIагIбазчу хаамашца, "Арена Ахмат" стадион йолчу меттигехь машенахь воьдуш хилла Атмурзаев, ОМОН-Ахматан белхахоша саца аьлла, тIедожийча, ца соцуш тIехъиккхина иза. ТIаккха герз тоьхна машенна тIе полисхоша, бохура.

КъорIанна тIехь "бегаш" бар

ГIебарта Балкхаройчуьра бархIолгIачу классан дешархочочуьнга къурд алийтина массарна гуш-хезаш КъорIанах лаьцна забаре видео йаккхарна. Бусалбанашна деза жайна видео тIехь гойтуш дац, амма кхиазхочо кеп хIоттайо, и сийсаздо ша бохуш. Оцу видеон терго йина ГIебарта-Балкхаройчуьра бусалбанийн Динан урхалло.

"Шаьш дечунна тIаьхьа а ца кхуьуш, шаьш дIагайтархьама, машане ролик хIоттийна. Цу тIехь сийсазе къамелаш до Дезачу КъорIанах лаьцна", - дIахьедира муфтиятан векалша. БархIолгIачу классан дешархочо динарг "инзаре" хIума ду аьлла цара, цуьнан леларх пайдаэца тарло бусалбанийн уммехь а, республикехь а долу хьал талхон.

Муфтиято йаржийна дешархочо а, цуьнан дас а гечдар доьхуш дIайазйина хилла видео, амма къайла ца йаьккхина кхиазхочун йуьхь. Цуьнгара даьллачунна тIехула бархIолгIачу классан дешархочунна йетташ видео хIоттийра дукха ца Iаш телеграм-каналаша. Ницкъбарна жоьпалле озийний дешархой- хууш дац.

Журавель Никитас даредина

КъорIан дагийна аьлла лаьцначу Журавель Никитас рогIерчу кхелан кхеташонехь дийцина шегара даьллачух лаьцна ма-дарра. Жимчу стага бахарехь, Украинерчу тIамана ша реза ца хиларна цо керла хаамаш боьшуш хилла телеграм-каналашкахь. Чиллан-бутт бовш цигахь вевзина хилла студентана канале йазвелла цхьа накъост - цо тIедахкарш деш хилла цунна, кхочушдийриг ахча лур ду а бохуш. Царех цхьаъ хиллера Волгорадера маьждигна хьалха КъорIан дагор. Ша лелочуьнца динан билгало йацара аьлла, тIетоьхна Журавеля. Цо чIагIдо, КъорIан ахчана дуьхьа дагийнера ша аьлла.

Журавель Никита – аннекси йинчу ГIирмера вахархо ву. Оьрсийчоьнан талламо чIагIдарехь, "Украинан къайлахчу сервисийн тIедилларца" дагийна ду цо КъорIан. Оцу версин тоьшаллаш далийна дац. Стохка бIаьста Москвара тIедилларца жимстаг Нохчийчуьра талламан изоляторе дIавигира, республикера дуккхаъчу бахархоша дехарш динера аьлла. Ала догIу, Оьрсийчохь лелаш долчу низамашца, гIуллакх цига дIадала бух лара мегар дацара цунах.

Аьхка Журавельна йиттина Нохчийчоьнан урхалхочун кIанта Кадыров Адама, цул тIаьхьа пачхьалкхан даржаш а, совгIаташ а дира цунна.

Нохчийчохь таIзар динчу Мусаева Заремин, нохчийн оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран ненан гIуллакхца долу хьал кху кIиранах хийцаделира. Чиллан-беттан 6-чохь "Iазапашна дуьхьал Командо" хаамбира, Устрада-ГIаларчу колонира иза кхечу набахте дехьайаккха тарло аьлла, амма и хаам бакъ ца хилира. Мусаеван адвокатан аьтто хилира цунна тIекхача. Юристо бахарехь, вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана тIейогIучу заманчохь тарло федералан таIзар кхочушдечу урхаллин кхечу колони дехьайаккха, кхелан кхеташонехь видеозIенехула дакъалаца аьтто а боккхуш цуьнан. Шена кхел кхайкхайаллалц иза латтийначу Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторе йуха йига там бу, хетарехь.

Оцу йукъанна Санкт-Петербургера прокуратуро талламбар дерзийна, Нохчийчуьра Сулейманова Седа лачкъийначул тIаьхьа болийна хилла. Хьукмато дIахьедина, йоI бертахь Соьлжа-ГIала барт хоттуче а йахана, шен лаамца доьзалехь а йисина аьлла.

Дагадоуьйту, бакъоларйархоша а, масех тешо а бахарехь, стохка марсхьокху-баттахь кадыровхоша нуьцкъаша дIайигира Сулейманова Санкт-Петербургера. "Сий лардеш" ша йерна кхоьруш, цIера йеддера иза. ЙоIехь долчу хьолах лаьцна хууш хIума доцу пхи бутт сов хан йу; дахначу кIиранах кризисан "СК SOS" тобано дIахьедира, Сулейманова цуьнан гергарчара йийна хила там бу аьлла. Информаци тIечIагIйина йац.

Некъан бохамна тIехула герз деттар

ГIалин йуккъехь герз диттина аьлла шеконашца лаьцна Москвахь 29 шо долу стаг – дов иккхина хилла некъан бохамна тIехула. Зорбанийн хаамашца, вуьйцург ву Нохчийчуьра латархо Очаев Расул, иза а лазийна хилла. Официалехь информаци тIечIагIйина йац цкъачунна.

Травматикан герз а лелош, хилларг хулиганалла ду аьлла, хаамбина Москвара прокуратурехь. Талламан комитетехь иштта тIетоьхна, дарбанан цIийне кхо стаг валорах, царех цхьаъ бехкехетарг ву – лоьрашкара пурба ма-хиллара, хеттарш дан дIавуьгур волуш ву иза.

Плющихан урамера дов доладелла цхьа жима некъан хьовзам хиллачул тIаьхьа – Очаевн доттагIчо Чиботарь Виталийс лелон машен тIеIоттайеллера сепаратистийн "ДНР-н" боксан федерацин президентан йоьIан Саркисян Эмилин машенна. ЙоьIан дехарца цига кхаьчнера герзашца хадархой балош федерацин президент Саркисян Армен а, тIаккха лета буьйлабеллера уьш. Iедалхошкахьа йолчу "РЕН ТВ" канало йаржийначу видеоца, ницкъахоша дIасабаьхнера уьш.

Очаев воцург а лазийна иштта кхин а ши стаг.

Дийцарехь, бразилхойн джиу-джитсун спортан говзанча ву Очаев, делахь а, Кавказ.Реалиин редакцина ийначу кепехь латарийн гурашкахь спортхочун цхьа латар бен карийна дац. 2012-чу шарахь 18 шо долу Очаев ринге ваьллера нохчийн "Беркут" латархойн тобанан декъехь, спортхо вовзийтира Соьлжа-ГIалин вахархо санна.

И доцург а, Москвара Преображенскийн кхелан картотекехь бехкзуламан гIуллакх ду цуьнан санна фамили йолчу Очаев Русланна дуьхьал даьккхина. Стохка зазадокху-баттахь гIуда а тухуш, шина шарна машен лелон бакъо дIайаьккхира цуьнгара къаьркъа а мелла масийттаза машенан урхалла дарна. ТаIзар кIеда хилийта бахьанаш карийра кхелана цуьнан волонтерийн болх барна делла баркаллин кехаташ а, ишта джиу-джиутс спортан говзанча иза хилар а

Жигархойн а, тутмакхийн а бакъонаш хьешна хилар бакъдо ЕСПЧ-кхело

Чиллан-беттан 15-чохь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листина Оьрсийчуьра цхьа могIа аьрзнаш, латкъамбинера къилбан регионашкара бахархоша а цхъаьна. Тутмакхийн а, митингехь лаьцначу жигархочун а бакъонаш эшийна хиларна тIетайна Страсбург, царна компенсацеш хIиттийна.

Европан Кхеташонна йукъара йаьлчхьана Оьрсийчоьно шена ден тIедахкарш кхочушдеш дац.

"Дмитриев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула Европан кхело 4 эзар евро хIоттийна Волгоградерчу Дубровин Дмитрийна. 2018-чу шеран дечкен-баттахь лецира иза оппозицин политико Навальный Алексейс хIоттийначу "Харжамхойн гIаттамехь". ХIетахь Волгоградехь араваьллера 300 стаг, Дубровивнан хьокъехь протокол хIоттийра "митинган" артиклехула, ишта 10 эзар сом гIуда а туьйхира цунна. Европан кхело лерина, полицино низамехь доцуш лаьцнера волгоградхо протокол хIоттадале хьалха, оцу меттигехь и хIоттон аьтто боллушехь. Ткъа кхел прокуратурина тIетуьйжура, цо а гойту цара озабезам лелийна хилар.

"Морозов а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхан гурашкахь листина Къилбаседа Кавказера кхаьчна цхьа могIа аьрзнаш. Масала, 2018-чу шарахь стаг верна Гуьмсехь таIзар динчу Дудаев Зеламхана дIахьедина, колони ша дIавуьгучу хенахь шен бакъоанш ларйина цахиларх. Тутмакхашна латтон деза хьелаш ца хIиттийнера, вагонаш тIехйуьзна йара, цIена хIаваъ тоаме дацара. Кхело эзар евро хIоттийна цунна компенсацина.

Оццул мах дIало аьлла лакхахь дийцинчу бахьанаца 43 шо долчу Асадуллаев СаьIидана а, Байсиев Iумарна а. 2018-чу шарахь кхел йинера царна Ростовн кIоштахь волайнхочун могушаллина доккха зен дарна.

2022-чу шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоь Европан Кхеташонна йукъара йаьккхира, Украинана шуьйрачу тIамаца тIелатарна. Цунна дуьхьал жоп лучу Москвано сацам бира тIейогIучу заманчохь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочуш ца бан. Оцу кепарчу омрана куьгйаздира президенто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG