ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан цIарах спецназ, ЭрдогIана тIеэцна нохчий, Кадыровс шечарна лун совгIаташ. КIиранан жамIаш


Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп
Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп

Оьрсийчоьнан къилбехь Навальныйн безамна акциш дIайаьхьна, Нохчийчуьра бахархой Туркойчуьра арабохур бац аьлла ЭрдогIана, КъорIан дагорна бехкевинчу Журавель Никитина кхо шо ахшой доьху, ткъа Кадыровс шен гонна совгIаташ доькъу - цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 51-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Навальныйн безамна зезагаш дахкар

Чиллан-беттан 16-чу суьйранна дуьйна, хIетахь Iедалхоша хаамбира оппозицин политик Навальный Алексейн кхалхарх, Оьрсийчоьнан гIаланашкахь маса акциш йолийра и дагалоцуш.

Карладоккху, Федералан кхелан сацамаш кхочушбечу урхаллин версица, къаьстинчу рожехь йолчу "Полярный волк" цIе йолчу колонихь хиллачу Навальныйна вон хиллера "арахула волавелла леллачул тIаьхьа". Иза валале масех де хьалха, камераш чохь долчул а луьра хьелаш латточу ШИЗО хьажийнера иза 27-гIа а. Политикан агIончаш тешна бу, иза вийна хиларх. Оппозиционеран хIусамнанас Навальная Юлияс чIагIо йира, шен хIусамден гIуллакх тесна дуьтур дац ша аьлла.

"Къилбаседа йистера цхьана колонихь, Полюсан гонехь, даим а Iа лаьттачу меттигехь Путина цхьа стаг вийна ца Iа. Цуьнца цхьаьна цунна лиъна вайн дегайовхонаш, вайн маршо, вайн кхане хIаллакйан дина хIума ду. Оьрсийчоь кхечу кепара хила йиш хиларх, вайн ницкъ болуш хиларх, вай тешаш, къийсам латтош хиларх, вай кхечу тайпа даха лууш хиларх тоьлла тоьшалла хIаллакдина".

Навальный дагалоцуш мемориалан хьесапехь суьрташ хIиттийра дахначу мукъаденошкахь Краснодарехь, Таганрогехь, Ставрополехь, Буьри-ГIалахь, Новороссийскехь, Сочихь, Ростовехь, Волгоградехь, Элистахь, Астраханехь, кхинйолчу гIаланашкахь а.

Акцишна тIехула полици кхачийра къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 40 гергга вахархо. Дукхахберш дIахийцира протоколаш а ца хIиттош, амма цхьаццайолчу гIаланашкахь уьш бехкебира ницкъахоша бохург ца дарна а, экстремистийн билгалонаш гайтарна а. Буьри-ГIалара масех вахархо лаьцнера зезагаш дахка лаам хиларна.

Сочихь репрессийн баланаш хьегначарна хIоттийначу хIолламна уллохь лаьцнера ког-салазаш хехкарехь шозза Оьрсийчоьнан чемпион, тренер Зимирев Николай. Полицин декъе дIавигира иза ницкъахоша. Цигахь телефон схьайаьккхинера цуьнгара, дактилоскопих чекхваьккхинера, шен адвокатца зIене а ца волуьйтуш. Цул тIаьхьа маьршаваьккхинера тренер протокол ца хIоттош.

Политик дагалаца баьхкинчу нехан телефонаш кегийна цхьайолчу регионашкахь, низам дохо мегарг цахиларх кехаташ кара а деллера царна. Политикан репрессеш лайначарна Ростов гIалахь хIоттийначу мемориала хьалха полисхоша камери тIе бехира нах, дIайазбора церан паспорташ тIера хаамаш а, зезагаш дахкаран бахьанаш а.

Уггар дукха нах лецна хиллера Ставрополехь. "ОВД-Инфо" ресурсан хаамашца, мел лахара а 19 стаг дIавигина хиллера цигахь полици. Буьри-ГIалахь, "ОсНова" гIирсан лараршца, 14 стаг ца кхиънера репрессеш лайначарна хIоттийначу бIаьрхийн ТIулгана тIекхача – полисхоша совцийнера уьш.

Нохчашна депортаци йийр йац аьлла ЭрдогIана

Оцу йукъанна Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджеп Тайипа къамел дина, Оьрсийчу депортаци йан кхерам лаьттачу нохчийн "къаьстинчу хьолах" лаьцна. Туркойн хаамийн гIирсаша йаздо цунах лаьцна.

Хаамбарехь, политикан бахьанашца Оьрсийчохь леца, ницкъбан, йа байа тарлун цхьа могIа нохчий Туркойчоьнан Iедалхошка бевлла, шаьш Iалашдар доьхуш. Делахь а уьш дIабигина хилла репатриационан центрашка – иштта олу депортаци йаллалц кхечу мехкашкара бахархой чохь латточу хIусамах.

Кхерамна кIел нисвелла 30 нохчо, ву царлахь Нохчийчоьнан Ичкерия республикин хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран вешин кIант Дудаев Мансур а. Цунах лаьцна хаийтина лаьцначийн адвокато Кечечи Тургула. Иштта хууш ду, центрехь Дудаев Мансуран гергара нах а латтош хиллийла. Биссинчийн цIераш йохуш йац.

Кечечи Тургула дIахьедина Туркойчохь беха нохчий "Оьрсийчоьнан Iедалан манипуляцин политика бахьана долуш хала хан йоккхуш бу", царна атта дац "Оьрсийчоьнан харцонна тIехула" шайн бакъонаш Iалашйан аьлла.

Нохчийн "башхачу хьолах" лаьцна ЭрдогIан вистхиллачул тIаьхьа, Дудаев а, цуьнан гергарнаш а маьршабаьхна репатриационан центрера. Лецна хиллачу бисинчийн кхолламах хилларг хууш дац.

Нохчийчуьра Журавеля гIуллакх

КъорIан дагорна бехкевечу Журавель Никитина йукъарчу хьелашкара колонихь даккха 3,5 шо хан тоха аьлла дехар дина прокуроро. Йуьхьанца пачхьалкхан ТАСС агенталло дIахьедира, прокуроро Журавельна 6 шой II буттий хан йехна аьлла, делахь а тIаьхьо хаам хийцира.

Карладоккху, Волгоградера вахархо Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша дIахьедира, лаьцначо мукIарло дина, СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара ша аьлла. Журавеля дина дIахьедар доцург, мича тоьшаллаш тIехь гIуллакх вовшахтоьхна, хууш дац.

Журавелян дов хоттуш ду Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштан кхелехь. Цунна бехкаш дехкина делах тешачийн дог-ойла аьшнашйарна а, дине йолчу гамонца харцахьа леларна а. Волайнхой ду шаьш аьлла дIахьедина Нохчийчуьра I3 имамо. Оцу гIуллакхехула хеттарш дайта кхеле ца богIуш, масийттаза тIехйалийтира цара кхеташо. Делахь а царех пхеаммо гIуран-баттахь дIахьедира, КъорIан дагош йаьккхинчу видеоно "боллу бусалбашна динчу зенах" а, шаьш холчахIитторах а.

Стохка марсхьокху-беттан 15-чохь Кадыров Адама йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалара СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, 15 шо долу Адам жоьпе озавойла дац аьлла. Цул тIаьхьа жимахволчу Кадыровна ворхI совгIат дира – Нохчийчоьнан "турпалхо" цIе а йелира цунна.

Бакъонашларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх лерина Журавель Никита. Бакъоларйархой шек бу, бусалбанийн деза жайна дагорна Журавель бехке ву аьлча, иза Нохчийчу дIавигар а, совнах болу нах, масала, Кадыровн кIант, талламан изоляторе витар а "доккха низам дохор" ду элира цара.

Кадыровн гонерчу нахана керла совгIаташ дар

Мехкан муфтийна Межиев Салахьна а, вице-премьеран даржера шен невцана Мацуев Висханна а, цхьа могIа нохчийн даржхошна а Нохчийчоьнан "турпалхой" аьлла цIераш йелла Кадыров Рамзана.

ХIун динчунна йелла царна "турпалхойн" цIераш, къастийна дац, амма Кадыровс йаздо, совгIаташ динчарна баркалла элира ша "СВО-н Iалашонаш кхочушйарехь доккха дакъалацарна ("СВО" леррина тIеман операци бохург ду– Украинерчу тIамах иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша. – Редакцин билгалдаккхар). Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор Нохчийчу варца нисдина хилла совгIаташ дIадалар.

Майраллин орден йелла Росгвардин Нохчийчуьра урхаллин хьаькаман гIовсана Рашаев Султанна – "Кадыровн чалтач" аьлла цIейахна ву иза.

Полковникан чинашца совгIаташ дина "Ахмат-Грозный" ОМОН-н командирана Бисаев Анзорна а, Росгвардин оперативан гIуллакхаш кхочушдечу 96-чу полкан командирана Тушаев Мохьмадна а.

Украинан Iедалхоша бехкево Бисаев кхиазхочунна тIехь гIело латторна, Тушаев воьзна хила тарло Нохчийчохь ЛГБТ-нах лечкъорна а, царна тIехь ницкъбарна а.

Цул совнах, Золотов Виктора инарла-майоран погонаш йелла Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волчу Делимханов Адамна. И цIе йеллера цунна Путина дечкен-бутт бовш. Цхьа могIа политикаца доьзна нах байъарца вузу Делимханов.

18 шо долу Кадыров Рамзанан кIант министр ву

Нохчийчоьнан урхалхочун воккхаха волу кIант Кадыров Ахьмад республикера кегийрхойн гIуллакхийн министр хIоттийна, иштта цунна регионан лаккхара совгIат делла – Кадыровн орден.

Къастийна оцу дарже и хIотторах хаамбина бац, амма парламентан спикеро Даудов Мохьмада билгалдаьккхина керла даржаца совгIат дарх йазйинчу постехь. Цо тIетоьхна, Кадыровн кIанта "лаккхарчу тIегIанехь кхочушйо муьлхха а хIиттийна Iалашонаш", билгал ца даьхна цо дина гIуллакхаш.

Дагадоуьйту, кхул а хьалха Кадыров Ахьмада дIалецира спортан а, кегийрхойн политикан а министран хьалхара гIовс, цуьнан 18 шо дуьзна дукха хан йалале хIоттийра иза цу дарже.

2023-чу шарахь Кадыров Ахьмадах шен гIоьнча а, Iедалхошкахьа йолчу "Хьалхарчийн болам" йукъараллин куьйгалхо а вира цуьнан дас. Цул совнах, йахначу бIаьста кхиазхо Кремлехь тIеийцира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта зуда йалош цунна дина совгIат лерира и политологаша.

Пачхьалкхан кеп-кепарчу тIегIанера даржашкахь Нохчийчохь ву КадыровгIеран 100 гергга гергара стаг – бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Маршо Радионо вовшахтуьйхира КадыровгIеран цIийнах мел волчу, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.

Путинан цIарах йина йолахой кечбен база

Украинана дуьхьал тIом бан хьийсон йолахой кечбечу Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет" президентан Путин Владимиран цIарах хир йу. Цунах лаьцна дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Кадыровс дийцарехь, тIеман база Путинан цIарах хилийта сацам и схьайоьллучу заманахь дуьйна а бара – 2013-чу шарахь. Ткъа тахана бен хаийтина дац, хIунда аьлча, оцу хьукмато "ша кхолларан Iалашо меттахIоттийна", "Оьрсийчоьнна пайда а беана".

Кху кIиранах "спецназан университетехь" хилира Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс Медведев Дмитрий. Цо дIахьедира, Украине тIаме хьийсон I6 эзар сов "лаамхо" цигахь Iаморашкахула чекхваьлла хиларх.

Дагадоуьйту, дахначу кIиранах Нохчийчохь дIахьедира, Оьрсийчоьнан президентан Путинан цIарах Соьлжа-ГIалахь керла микрорайон йийр йу, дуккха а петарш йолу 130 цIа а деш аьлла. Кадыровн проспекте дехьаволучу меттигера Путинан цIарах проспект кхин дIа йахйеш йийр йолуш йу Путин Владимиран кIошт. 2026-чу шарахь дийр ду боху хьалхара 65 цIа. Амма официалехь дуьйцуш дац хьан куьйгалла дийр ду гIишлош йарехь, мел мах цунах бер бу а.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG