ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкара бахархошца хийца украинхойн йийсархой оьцуш хилар бакъ ца до Кадыровс


Оккупаци йинчу Мариуполера нохчийн эскархой. Украина,2002 шо
Оккупаци йинчу Мариуполера нохчийн эскархой. Украина,2002 шо

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, тIеман йийсархой оьцуш "къайлах базар" йац йа Нохчийчохь а, йа Оьрсийчохь а. Иштта тергойина цо, кадыровхоша йийсаре лецна украинхойн эскархой мехах оьцу, махкара бахархойх дIасахийца аьлла, масех дозанал арахьарчу гIирсаша бинчу хааман.

41 шо долчу йийсархочуьнца Левицкий Вячеславца йина архивера видео зорбане йаьккхина Кадыровс, цо баркалла боху шена дарба дарна а, ша хуьйцуш сацамбарна а. Мехкан куьйгалхочо чIагIдо, Левицкий ша каравеанера кадыровхошна 2023-чу шеран охан-баттахь, иза а, кхин ши стаг а хийцира Оьрсийчуьра кхаа эскархочуьнца аьлла.

Хьалхо Левицкийс дийцира украинхойн ТНС гIирсана, чиллан-баттера охан-батте кхаччалц Оьрсийчоьнан эскархойн карахь вара ша, цигахь лазийначул тIаьхьа дарба дира шена, тIехь гIело а латтийра бохуш. Цул тIаьхьа нохчийн декъе дIавеллера украинхо, цигахь дарбанан цIийне охьавиллира, гIоле хиллачул тIаьхьа дIасахийццалц ларми чохь латтийнера. Левицкийс чIагIдора, шеца ларми чохь масех иттаннашкахь йийсархой бара аьлла.

И дерриг а бакъдо иштта кхечу йийсархочо – Потремай Сергейс. Цо бахарехь, Соьлжа-ГIаларчу лармаш чохь 39 украинхойн тIемалой бара, 60 вацара бохуш. 2023-чу шеран мангал-баттахь царех исс стаг хийцира.

Хьалхо украинхойн йийсархой бухкуш хиларх дийцира тIеман йийсархойн гIуллакхашкахула йолчу украинхойн координацин штабан векало Яценко Петра.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь хIокху информацих лаьцна комментарий йина йац.

  • Карара шо долалуш Кадыров Рамзана дIахьедира украинхойн йийсархой хуьйцур бу ша Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цуьнан доьзална тоьхна санкцеш йухайахахь аьлла. Оцу хаамо эргIадбахийтира Оьрсийчоьнан милитаристийн блогерш а цхьаьна – Нохчийчоьнан куьйгалхо бехкевира "адамаш дохкарна". Цул тIаьхьа шен дIахьедар "троллинг" йара элира цо, амма Кавказ.Реалиино хеттарш динчу политологашна хетарехь, йуьхьанца дуьйна а цо аьлларг боккъал а дара, и бохург ду Малхбузено Оьрсийчоьнан элитина дуьхьалйаьхна санкцеш болх беш йу.
  • Украинехь йийсаре лецна кадыровхой маса хьуйцу, Оьрсийчоьнан армин кхечу дакъошкара эскархойл а. Цунах лаьцна дIахьедира украинхойн "Ищи своих" телеграм-каналан авторо Золкин Владимира а, Украинин агIо лаьцна тIом беш волчу Гуьржийн легионерчу буьйранчас Мамулашвили Мамукас а.
  • Бахмутана гергахь йийсаре лаьцначу "Ахматан" тобанхочо дIахьедира, кадырохвоша "шайнаш ларбо", штурме хьийсадо Нохчийчуьра бахархой йукъахь боцу дакъош. Кавказ.Реалиин редакцино теллира тоххара йийсаре эцначу "Ахматан" эскархойн видеош, уьш берриш а аьлча санна цхьана а агIор боьзна бацара республикаца, кадыровхойх а ларамза дIакхетта хиллера уьш. Дукхахболчара дIахьедо цхьана кепара проблемех – тIеман гIирс цатоар, буьйраллица зIе ца хилар, нохчех болчу эскархойн йолу бакъонаш цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG