ТIекхочийла долу линкаш

Малицаев Микаил: Айса «цаьрга» аьлларг юхаоьцур дац ас, мел кхерамаш тийсарх а


Малицаев Микаил

Малицаев Микаил

Европехь вехачу Малицаев Микаиле, цIахь цунах Артур а олу, Фейсбукехула вевзаш воцчо яздира, маьттазчу маттахь, хьо гена волуш ву, хьайн проблемаш естош, хьо стенгахь ву а, хьан ваша Тимур стенгахь ву а хаьа, ма е хьайн нахана проблемаш. КхидIа оха доца дуьйцур ду хьоьца, аьлла.

ТIаккха Малицаев Микаила социалан машанехула шениг дIахьедира, кхин дала делла а боцчу шен маттахь. Нохчийчохь нах халчу хьоле хьиттийна Кадыровс а, цуьнан гонаша, халкъ маьршша даха дита, ма хьийзаде, бохура цо.​

Цул тIаьхьа де-ши де далале Хьалха Мартанарчу полицин хьаькамна хьалха а лаьтташ, нанас телефон туьйхира Малицаевга полицина жоп далар доьхуш.

Цул тIаьхьа Хьалха-Мартанарчу полицин куьйгалхо Джабраилов Рустам ша а велира Малицаев Микаилца телефонехула зIене. Шога, гIиллакхна гена даьлла къамел дара динарг.

ТIаккха цIийнан баккхийчех цхьаъ иштта телефонехула вистхилира Микаиле. Гергара мел верг халчу хьолехь ву, дийцинчунна дохко а валий, Iедал къинтIера даккхахьара бохура цуьнга.

Кадыров Рамзанна, я кхечу цхьанна а хьалха ша баьхначунна дохковала лерина вац Малицаев Микаил. Маршо Радионе зIене а ваьлла, хIинца шен лаьцна кхобу ваша паргIатваларе сатуьйсуш, хьал ма-дарра нахала даккха лаьа шена элира цо.

Шех лаьцна дийцира Малицаевс. Иза цхьа хан хьалха ницкъхоша лаьцна, т1ехь гIелойина ву.

Полицино Малицаев Микаилан гергарнаш шайн-шайн цIабахийтина, цхьа ваша Тимур воцург. Цунах хууш хIун ду, иза муьлхачу хьелашкахь латтаво полицино шен карахь, хаьттича, шена ца хаьа цунах дерг, иза дIахецаза ву боху Микаилна.

Хьо кхерамзаллехь хетий хьуна, хьайна тIаьхьа нах кхочур бац, зен-зулам дийр дац аьлла хеташ араваьллий хьо, хаьттира Маршо Радионо. Вац Малицаев Микаил шен дахар кхерамах маьрша ду аьлла хеташ а.

...Таханенна хьал хийцаделла дац. Малицаев Микаил ша дийцинчух дохко а ваьлла, цуьнгара Нохчийчоьнан администраци къинтIера йоккхуш, дош хаззалц, аьлла, лаьцна латтош ву цуьнан ваша Тимур. Ткъа ша кIурд эр дац, къоман бIаьргаш чохь иштта дакъазвала шена ца лаьа, боху Малицаевс.

Ала догIу, гIиллакх-оьздангалла лаьцна дац агIонаша дIа а, схьа а ден къамелаш. Нохчийчуьрчу хьаькамаша кхетор йолчу кепехь ца йина Малицаевс шен критика. Я иза кхетар волчу кепехь ца до цуьнца махкарчу хьакамаша къамел а.

Мила тоьлур ву, мила оьшур ву: пIелг санна цхьаъ волу Кадыровн Iедална тIе бехкаш бахкарца гIаьттина жима стаг, я хIинца цо шена дуьхьал яьхна ницкъахойн тобанаш? Доьрзуррий-те дов бехк-гунахь а доцчу Микаилан вешина Тимурна иза могуш-маьрша цIавоьрзуш?

ГIайгIане бевлла Iа МартантIера МалицаевгIар а, ерриг юьрт а, система шена къинтIера ца йоккхуш чIагIвелла Микаил а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG