ТIекхочийла долу линкаш

МухIажираш саготта бу Парижерчу талоро шайн дахар вочу агIор хийца мег аьлла


Швеци -- Машаран акце арабевлла бу нохчий СтокхIолмехь, (ДIахьедар доьшург ву журналист Тарамов Майрбек) 2014 шо.

Швеци -- Машаран акце арабевлла бу нохчий СтокхIолмехь, (ДIахьедар доьшург ву журналист Тарамов Майрбек) 2014 шо.

Парижехь терроран тIелатарш динчул тIаьхьа Малхбузерчу пачхьалкхашкахь беха мухIажираш, шайна юкъахь нохчий а болуш, саготта бу, цунах шайна зулам дала мега бохуш. Швецехь вехачу нохчийн журналистаца Тарамов Майрбекаца къамел дира Маршо Радионо цу хьокъехь.

Нохчийн вевзаш волу журналист Тарамов Майрбек Швецехь веха 10 сов шо ду. Цуьнан аьтто хилла тидам бан цу махка тховкIело йоьхуш баькинчу вайнехан дахарна. Хийца-м ца делла шоьга Iедалш а, могIарера бахархой а хьежар Парижехь бусулба нах бу бохучу зуламхоша терроран тIелатарш динчул тIаьхьа аьлла шега хаьттича, Тарамов Майрбека элира цкъачунна хIумма а хийцаделла цаго шена аьлла.

Арара хьаьжца сурт кхоллало Малхбузерчу Европехь дIатарбелла нохчий, шайна Iедало чохь Iан хIусам а, хенах довла кепек елча тоам беш бехаш бу олий. Муха ду ма-дарра долу сурт, масала, Швецехь?Муха беха цигара нохчий аьлла хаттар делча, хIоьттинарг тайп-тайпана сурт ду бохура Тарамовс.

Швецин Iедалша хьалха санна тIоьцуш бац шайн махка тховкъело йоьхуш баьхкина нах. Шена масийтта доьзал бевза дуккха а шерашкахь Швецехь бехаш белахь а, цигахь баха бакъо луш долуш кехаташ доцуш бохуш дийцира Тарамовс.

Махкал арахьа беха нохчий бIаьрг баьтташ хуьлу олуш ду-кх дукъа адамашна юкъахь вайн къомах верг тидаме оьцуш. Иза бакъ ду бохура Тарамов Майрбека, дукхачу хьолахь вовше бевза нохчашна элира цо.

Уьш къаьсташ а хуьлу кхечу нахах, делахь а хан-зама яьлча мелла а Швецин юкъараллах дIауьш меттигаш йогIу вайнехан бохуш вара цу махкахь веха нохчийн журналист Тарамов Майрбек.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG