ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан вице-премьерна инарла-майоран чин делла


Кадыров Рамзан а, Висмурадов Абузайд а, Кадыровн телеграм-каналера сурт
Кадыров Рамзан а, Висмурадов Абузайд а, Кадыровн телеграм-каналера сурт

Ницкъаллин блокана тIехь терго латточу Нохчийчоьнан вице-премьерна, "Терек" СОБР-н командирана Висмурадов Абузайдана тIеман инарла-майоран чин делла. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира цуьнца догIучу омрана куьгйаздина. Висмурадовн кIантехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоI.

Висмурадовна керла цIе йаларх хаамбина Кадыровс шен телеграм-каналехь. Кремлан бакъонийн актийн официалан порталехь Путинан омра хIоттийна дац.

Висмурадов Абузайд – нохчийн "Терек" спецназан командир ву, Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу гонера а ву. 2019-чу шарахь Висмурадов Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаршка йазвинчул тIаьхьа ницкъаллин блокаца болх бен вице-премьеран дарже хIоттийра иза Кадыровс

Висмурадов Абузайдан кIантехь Рамзанехь йу Кадыров Рамзанан йоьалгIа йоI – Табарик. Иза, Кадыровн гонера цхьа могIа нах а санна, Украинан а, Американ а санкцийн тептаршкахь йу тIом бахьана долуш.

"Ахмат" клубан коьрта директор хIоттийра Висмурадов Рамзан 2022-чу шарахь, и клуб а йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лаьцна. Цул а хьалха клубан латархо вара иза, ийначу кепехь латаршкахь дакъа а лецира цо. Чиллан-баттахь "Нохчийчоьнна гIуллакхаш дарна" мидал йелира Висмурадов Рамзанна.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIанакъостех кхин а масийттана- Укрианерчу тIамехь дакъалаьцначу- керла совгIаташ дийкъира, даржашкахь лакха а бехира уьш. Царех цхьаберш бехке бу нах байъарна а, царна тIехь ницкъ латторна а.
  • Кадыровна луьйш болчу ЯнгулбаевгIеран вежаршна уьш хIаллакбийр бу бохуш кхерамаш туьйсучарех дIакхийтира Висмурадов Абузайд 2022-чу шарахь. Ша Кадыровс а, Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама а, нохчийн лаккхарчу ницкъаллин структурашкара даржхоша а тийсинера царна и кхерамаш.
  • Пачхьалкхан кеп-кепарчу тIегIанера даржашкахь Нохчийчохь ву КадыровгIеран 100 ца кхоччуш гергара стаг – бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран цIийнах мел волчу, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.
  • Кадыровн гергарнаш даржашкахь лакхабаьхна, царна совгIаташ декъна ца Iаш, хIонс йужу цуьнан бIанакъостийн берашна а цхьана. Ша кхоьллинчу политикан элите орамаш хецийта и кеп йу Нохчийчоьнан урхалхочо къастийнарг, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG