ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра эскархой Украине хьовсийна аьлла дIахьедина Кадыровс кхаа дийнахь шолгIа


Соьлжа-ГIалахь эскархой дIахIиттор, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалахь эскархой дIахIиттор, гайтаман сурт

Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназ олучу университетехь кечбинчу йолахойн керла тоба Украинана дуьхьал тIом бан хьажорах дIахаийтина Кадыров Рамзана. Доьдучу кIиранах хIара шолгIа хаам бу Нохчийчоьнан урхалхочо бинарг – хьалхо цо дIакхайкхийра эскархойн керла тоба хьажорах кIиранах цкъа, йа шозза.

"Ахмат" спецназера бу тIамтIе хьовсийнарш, аьлла ду Кадыровн телеграм-каналера постехь. Куьйгалхочо билгал ца даьккхина маса стаг ву тобана йукъахь, иштта уьш муьлш бу а – хьалхо бакъонашларйархоша хаамбира бертаза меттигера бахархой тIаме хьийсорах а, Нохчийчоьнан Iедалан политикана резабоцчарна дуьхьал репрессеш лелон гIирсех санна мобилизацих пайдаэцарх.

ТIемаш бечу зоне йолахойн тобанаш хьийсорах Кадыровс хаамбира оршотан дийнахь а. Цул хьалха оцу кепара чулацам болу публикацеш наггахь бен гучу ца йуьйлура цуьнан телеграм-каналехь – цо йаздира цунах лаьцна охан-беттан 17-чохь, 2-чохь, зазадокху-беттан 20-чохь, 13-чохь, 5-чохь, чиллан-беттан 20-чохь, иштта кхин дIа а. ТIаьхьий-хьалхий ши тоба тIамтIе йахийтаран бахьанаш ца дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Оршотан дийнахь Кадыровс Гуьмсера дешаран базин куратор хIоттийра шен 16 шо долу кIант Адам.

Нохчийчуьра цхьана тIеман декъана йукъахь бертаза тIаме вахийтина хиллачо дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, цхьана а кепара бина кечам боцуш, шаьш цига дIахьийсорах.

Охан-бутт бовш мехкан Iедалхоша дIахьедира, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIаме Нохчийчуьра 42 эзар стаг, бу царлахь 17 эзар "лаамхой" олурш а, аьлча а, Гуьмсехь Iамийна, "Ахматан" декъах дIатоьхнарш. И зераш талла аьтто бац. Кавказ.Реалиин редакцина хууш ду Украинехь веллачу Нохчийчуьра 269 стагах лаьцна. Официалехь дIахьединчул а масийттаза сов ду и терахь.

  • Нохчийчохь тIеман дакъошна оьшург латтон персонал – корматалла йоцу эскархой-контрактхой бертаза хьийсабо Украинерчу тIамтIе. ХIинццалц схьа алапаш оьцуш, болх-некъ болуш хьелаш хIитторна "декхар" схьадалар санна лору Iедалхоша и. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига дийцира тIаме бахийтинчех цхьаммо. ТIаме ца ваха йиш йу хьан шина некъаца: хьайн метта тIамтIе вахийта стаг валавахь, йа ца воьдург ахча лахь.
  • Кхул хьалха хилла мобилизацин тулгIе йирзинчул тIаьхьа Нохчийчу йухабаьхкинарш кхоьруш буш шайн маршонах а, дахарх а – тIамтIе баха уьш дуьхьал бовлахь йа набахте бохуьйту уьш, йа царна тIехь Iазапаш хьоьгу. Республикехь ницкъахоша Iаткъамбар тIаьххьарчу хенахь алсамдаьлла, бахархойн проблемаш Iиттало арахьарчу мехкашкахь лела паспорташ оьцуш а, дуьйцу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG