ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Путинан цIарахчу спецназан куратор хIоттийна 16-шо долу Кадыров Адам


Adam Kadyrov
Adam Kadyrov

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен 16-шо долу кIант Адам куратор хIоттийна Гуьмсера Путин Владимиран цIарахчу Оьрсийчоьнан спезназан университетан. Дахначу шарахь СИЗО-хь Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Адаман цхьа моггIа тайп-тайпана пачххьалкхан совгIаташ а, ишта Шейх Мансуран цIарахчу батальонан кураторан дарж а делира. Жимахволчу Кадыровс хIун Iалашо кхочуш йийр йу спецназан университетехь – хууш дац.

Кадыров Адам "университетан Iалашо чIогIа дика йевзаш ву", йаздина шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цо ишта тIетуьйхира, "кураторан" дарж цунна кхаьчна Iаморш дIахьочу йукъараллин куьйгалхочун Вайханов Байбетаран "дехарца".

Спезназан университет – иза Iаморш дIахьо база йу, цигахь кечбо Украинана дуьхьал тIом бан йолахой, кехаташ тIехь иза спортан-герзаш кхуьссу клуб санна йу. Цунна Нохчийчоьнан дешаран министраллин лицензи йу, иза цхьана а ницкъаллийн структурин куьйга кIелахь а йац. Заздоккху-баттахь хиллачу Оьрсийчоьнан президентан харжамаш хилале хьалха, Нохчийчоьнан Iедало базин цIе хийцира Путин Владимиран цIарца.

Марсхьокху-баттахь Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Кадыров Адама КъорIан дагорна бехканца лаьцначу Журавель Никитина йиттира. Полисхой реза ца хилира цунна дуьхьал гIуллакх даккха, хIунда аьлча оцу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIента бехктакхаман гIуллакх доло бакъо лун хан тIекхаьчна йацара.

Цул тIаьхьа цунна йелира "Нохчийчоьнан турпалхо" цIе а, республикан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхочун дарж а, лаккхара орденаш йелира ГIиргIазойнчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а хьалха гIуллакхаш кхочушдарна, ишта "Даймехкан Сий" орден а, кхин а динан "Умматан хьалха декхарш кхочуш дарна" а, I-чу бараман "Ислам динан гIуллакх дарна" орденаш а, "Трудовая доблесть России" мидал а, "Оьрсийчоьнан спезназан университетан гIуллакх дарна" I-чу бараман мидал а. Хьахийначерах цхьа йолу мидалш цунна лойла дацара, ханна иза жима хиларна.

  • 16 шо долчу Кадыров Адамна мидал йелира UAE SWAT Challenge 2024 къийсадаларшкахь – цигахь цо дакъалаьцна доццушехь. Делахь а массарел а хьалха сцени тIе велира иза конкурс йоьдучу доьалгIачу дийнахь динчу жамIийн совгIат схьаэца. Даудов Мохьмада дIахьедарца, Нохчийчоьнан урхалхочун кIант веанера Дубай, махкара бахначу эскархойн "гIо лаца".
  • Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан могушаллин министро Алханов Адама дIахьедира, Кадыров Адама "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан" куьйгалла дийр хиларах. Цу хенахь цунна 15-шо дара цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG