ТIекхочийла долу линкаш

ХIинца санна дукха харцдерг оьрсийн телевизионехь цкъа а ца хилла!


Украина - берийн лор Комаровский Евгений

Украина - берийн лор Комаровский Евгений

Украинина чу оьрсийн эскарш дига бух кечбеш, оьрсийн телевизионехула дуьйцучо дог иэтIорш, интернетехь шайн дегнаш дассош бу. Юьстах ца бисина политикица а, тIамца а цхьа а гIуллакх доцурш а. Царах цхьаъ ву вевзаш волу берийн лор Комаровский Евгений.

«Советан пачхьалкхехь а ца хилла оццул харцдерг дуьйцуш телевизион», цундела, Iе а ца велла, шен кхайкхам шен Фейсбук чуьра агIонна а, шен интернета агIонна тIе а баьккхина Комарсовский Евгенийс. И лор дика вевзаш ву Украинехь а, Оьрсийчохь а. Цу лоьран шен телевизионан программа а ю.

Массо а аьлча санна, социалан машанашкахь наноша тобанаша кхуллу цуьнан цIарах – дуьненчу даьлчхьана дуьйна лелорна тIера, цамгаршна тIе кхаччалц информаци вовшахтухуш.
ГIазакхашна тIеIаткъам бо Украинехь, бохучунна аьттехьа реза вац берийн лор. Шен исс минот сов долчу дIахьедарехь цо кхайкхам бо Оьрсийчура дай-наношка.

Комаровский: «ГIирмехь лортIехь могушалла Iалашъяран система ца хиларна ойла хIунда ца кхоллало Оьрсийчоьнан политикийн кортош чохь? ГIирмехь къепе латторан органаш ца хиларна са хIунда ца гаттадо? Цигахь йохкалуш йолу милици ю. Суьдхоша, гуш лаьтташехь, харц сацамаш бо. Мел волу депутат бизнесо дIахIоттийна ву. Ял йоккхурш бу нахана тIера исс цIока йоккхуш.

Талорхошна шаьш яккхина ах са дIаяла дезаш бу бизнесхой. И дуьйцуш цхьа а вац. Массара буьйцург мотт бу. Политикаша шайна луучунна тIедаккха буьйцуш бу мотт. Бакъйолчу проблемина тIера тидам дIаозон. Амма нехан хьашташ дуьйцуш цхьа а вац. Милицино нахана ницкъ бо. Иза ма ца дуьйцу. Милцоша хьийзон нах кIелхьарбаха цхьа а ца вогIу.»

Маршо радиоца шен Украинера схьа телевизионехула хиллачу къамелехь лоьро Комаровский билгалдаьккхира, ша лор велахь а, тIом эккха а сахьт доцчу хьолехь, вист ца хуьлуш Iойла ца хилар.
Шаьш долчехь Оьрсийчохь йоллу проблемаш ю, уьш шаьш къастор ю шаьш. Амма, герзаца бохьуш машар а, орца а ца деза шайна элира Комаровский Евгенийс.

Комаровский: «Муьлххачу а маттахь къамел дан тхуна новкъарло еш цхьа а вац. Цундела, тхайн тентакашца дерг, тхоьга тхайгга къастадайтийша тхоьга. Тхо ларор ду шуна. Тхан пачхьалкхехь тхайна ма тов юкъаметтигаш лелон тхуна новкъарло цхьаммо а йийр яц шуна. Харьковера, Луганскера, Донецкера, ГIирмера, Ивано-Франковскера, Львовера...тхуна Украинехь Iа лаьа.

Оха тхаьш бийр бу, Украинехь Iийр ду-дац тхо бохучу хаттарехь сацам. Тхуна машар коча ма боллийша. Нийса ма дац иза, кхуза баьхкина салтий, оьрсийн эскаран билгалонаш йоцуш лаьтташ бу. Нийса ма дац иза. Дерриг дуьнено Iехон хIунда гIерта? Оьрсийн дарбан хIусамашна, оьрсийн къаношна пенсин метта дала хьаш долу ахчанаш, оьрсийн танкашна чу ягорг юттуш хIунда дойъуш ду?

Карарчу хенахь Оьрсийчохь нах бу гулбеш, кхуза, Донецке, Луганске, Харькове тIом бан хьовсон. Уьш шун бераш ма ду. Оьрсийчоьнан байракх кхузахь хьалаолла бахка гIерташ болу салтий, уьш шун бераш ма ду. Ца оьшу шуна. Билггал сан дуьхьа цхьа хIума дейша.

Аса 35 шарахь шун берашна а дарба дарна дуьхьа дейша. Сайга кхаьчначу 250,000 кехатана 150,000 кехат сайн чотах хьажийна аса Оьрсийчу. Тхайн берашна ойла йина ца Iаш, шун берашна а ойла ярна дуьхьа дейша, аса шайга доьхург. Сан хаам баржабейша арахь, луларчу, телевизионехула "Украинехь бандеровцаш гIазакхий бойъу бохуш" дуьйцучунах тешачу йоккхачу стаге дийцийша.»

Берийн лор сатесна ву, шайн бераш оьрсийн Iедалшка Украине а хьовсийна, ца дайъийта оьрсийн бахархой урамашка бевриг хиларх. Урамашка бовла ца баьхьахь, дай-наноша уьш цIахь мукъа а совцорг хиларх.

Комаровский: «Дехар ду шуьга, сан цIарах кхайкхам бейша, урамашка довлийша. Нахе дийцийша, кхузахь цхьа а гIазакхий охьатеIош вац, алий. Кхузахь къелла а ю, кхаьънаш оьцу; ял йоккхурш бу, барам боцуш, чуьрабевлла. Оха тхаьш къастор ду цаьрца дерг. Кхузахь болуш бу, коьртаца дика боцу, шаьш маца совца деза ца хууш а, нах карзах ца баха ца хууш а болу националисташ. Цаьрца а барт бийр бу оха. Делахь а, цхьа хIума дейша, дехар ду шуьга.

Интернетехь вайна гуш дерг, оцу телевизорна хьалха хевшина Iаш болчаьрга, компьютер хIун ю ца хуучаьрга дийцийша. Сан массо дешархой, соьца социала машанехь зIенехь мел верг, Комаровскийн школан тобанийн векалш, Комаровскийн сайта тIехь берш... вай 6 миллион гергга ма ду. Аса зIе латтош берш бу оццул. Вай боккъал болу ницкъ буйла гайти вай, вайн бераш кIелхьардахий вай! ХIинца цамгарх ца лардеш, тоьпан хIоьънех.»

Комаровский Евгенийн видео цхьана Чехехь гIазакхийн мотт буьйцучу нанойн сайта тIе тоьхнера. Масех сохьтехь цунна бухахь дитинчу йозанаша тайп-тайпана дийцара, ГIирма хьенан хила еза а, цигара порт а, хIурдан эскарш а мел стратегин маьIна долуш ду а. Наггахь верг волу, цу тIеман ловзарх а, геополитиках а хIун пайда хуьлу нахана? Шайн махкахой дерриг дуьненахь халчу хIитточу Оьрсийчура президента а, я политикаша цхьа а ойла ца йо, бохуш яздо вукхара. Телевизионе хьовсурш а, интернетехь берш а бекъабелла ца Iа. Интернетехь а бу бекъабелларш.
XS
SM
MD
LG