ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан инаугураци йолчу дийнахь Нохчийчохь рейдаш дIайаьхьна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан президентан инаугураци йолчу дийнахь, стигалкъекъа-беттан 7-чохь, Нохчийчуьра Шела кIоштахь ницкъахоша операци дIайаьхьна. Оппозицин нохчийн каналаша хаамбина масех иттаннашкахь нах лечкъорах цу дийнахь. КIоштан бахархойх цхьаъ тIай бухахь ирхъоллавелла карийна.

Niyso телеграм0-канало зорбанехь йаржийна лачкъийначех 18 стеган цIераш – верриг а вуьйцург ву ткъе итт гергга вахархо. Хьастан хаамашца, полицин дакъошка балийра иштта хенара дай-наной, лечкъийна бигинчийн хIусамнаной а – иштта ницкъахой схьакхачале лачкъа ка даьлларш а цхьаьна. Шела-кIоштахь рейдаш йолийра стигалкъекъа-беттан 7-чохь, цхьана дийнахь дIа а йерзийра уьш. Дийцарехь, нах лечкъоран бахьана хилла цара интернетехь резабоцуш йитина комментареш, хаамбира Кавказ.Реалии сайте боламан векало.

Оццу дийнахь Шела кIоштахь жимчу стеган дакъа карийра – тIай бухахь ирхъоьллина хиллера иза. Цигахь йаьккхина видео а, сурт а зорбане даьккхира 1АДАТ боламо. Церан информацица, и хиллера 21 шо долу Москвара вахархо Зармаев Дени. Ницкъахойн рейдашца иза муха воьзна хилла, хууш дац.

Шела кIоштахь дIайаьхьначу рейдах лаьцна бина хаам бац йа Нохчийчоьнан урхалхочо а, махкара бакъоларйаран органаш а, йа меттигерчу пачхьалхкан зорбанаша а.

  • Социалан машанашкахь "нохчийн гIиллакхашца-гIуллакхашца йогIуш йоцу" кеп лелорна бахархошца "кхетош къамелаш дан" сацам бира Нохчийчохь. Оцу балхана тIехь Iуналла латтор ду регионан куьйгалхочун 18 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада, дукха хан йоццуш кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин коьрте хIоттийна иза.
  • Нохчийн парламентан спикер, республикин куьйгалхочун уллорчу накъостех волу Даудов Мохьмад кест-кеста луьйш хуьлу социалан машанашкахь лелачу кегийрхошна. 2021-чу шарахь Нохчийчохь онлайн-хадархоша болх болийра "ламасташца йогIуш йоцу" посташ лоьхуш, тиктокехь онлайн-трансляцеш хIитторна тIехь терго латтош Даудов ша вара.
  • Стохка лахьан-баттахь нохчийн ницкъахоша рейд дIайаьхьира Дагестанаца дозанехь йолчу Гуьмса кIоштара Къеди-Йуьртахь. Иттаннашкахь меттигера бахархой лийцира, операци дIайаьхьначу меттигехь тидам хилира гIагI диллинчу техникин а. Нах лецарх лаьцна дош ца элира хIетахь а республикера полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG