ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан цIарах Нохчийчуьра кIошт. КIиранан жамIаш


Кадыров Рамзан, Путин Владимир
Кадыров Рамзан, Путин Владимир

Кадыров а, "терроризм эшорах" бина кхайкхам а, Украинана дуьхьал тIом бан низамехь йоцу вербовка йар, тикток-эскарш а, Делимханов Адам а, иштта - Соьлжа-Галара кIоштана Путинан цIе тиллар а – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 59-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыров а, терроризмана тIехь баьккхина "толам" а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийна терроризмана тIехь толам баккхарх – оцу къамелаца вистхилира иза Нохчийчохь полицина тIелатар дина ши бутт баьллачу хенахь. Цхьа а тоьшаллин бух а боцуш, республика "хадам боллуш терроризмана тIехь толам баьккхина цхьаъ бен йоцу регион йу дуьненахь" аьлла цо. Контртерроран операцин" раж (КТО) йухайаьккхина 15 шо кхаьчначу дийнахь цунах лаьцна йаздина цо шен телеграмехь. Оцу дийнахь официалехь дIакхайкхийра Нохчийчохь шолгIа тIом берзарх.

Мел лахара а 2010-чу шарера схьа дуьйна терроризм "эшийна" бохуш, дIахьедарш до Кадыровс, бакъду цул тIаьхьа а республикехь лоьхура гIаттамхой бу бохурш, ткъа тIаьххьара, "Исламан пачхьалкх" тобанца доьзна тIелатар дира Соьлжа-ГIалахь 2021-чу шеран гIуран-баттахь. ХIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин цхьа белхахо вийра.

2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан шахьарахь керла тIелатар дира полицина. Официалан версица а догIуш, меттигера 19 шо долчу кIанта дина дара и. Оцу баттахь дуьйцура Ассиновская станицехь герзаш деттарх, гIуран-баттахь герз лелош дов даьллера Хьалха-Мартанахь. 2023-чу шеран зазадокху-баттахь гIараделира кхин герзаш детташ хиллачу конфликтах лаьцна – Гуьмсехь ши стаг вийра.

ТIаьххьара полицина дина хилла тIелатар Iашхой-КIотарахь чиллан-беттан 14-чохь нисделлера. ХIетахь муьлш бу цахуучу кхаа стага герзаш диттира, лазийра ницкъахо, тIелеттарш байъира. ТIаьхьо Кадыровс дIахьедира тIелатарна шеконаш йолуш шиъ лаьцна аьлла. Регионан куьйгалхочо тIетуьйхира ишта, "бандин декъашхой" полисхошна тIелетарш дан дагахь хиллера аьлла.

КТО йухайаьккхина рогIера шо кхачарца махкахой декъалбеш Кадыровс иштта дIакхайкхийра, Нохчийчоь тахана "цIоналлин а, къепенан а масал лоруш ду", "кеп-кепарчу рейтингашкахь лакхара могIарш дIалоьцу" республико аьлла. И дешнаш а догIуш дац билггал долчу хьолаца: Human Rights Watch организацино а, "Мемориал" центро а, кризисан СК SOS тобано а хаамаш бора дуккхаъ а нехан бакъонаш хьешна республикехь меттигаш хиларх, цул совнах, регион тIаьххьарчу могIаршкахь хуьлу пачхьалкхан зорбанийн социалан рейтингашкахь.

Орцан министраллин хьаькам лацар

Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан орцан министраллин урхаллин куьйгалхо Цакаев Алихан сацийна хилла къаьркъа мелла а волуш машен хаьхкина воьдучу заманчохь. Дукха ца Iаш, махкара баьхкинчу кадыровхоша лаьцначуьра дIавигинера иза. Цунах лаьцна дIахьедина нохчийн оппозиционерийн цхьа могIа телеграм-каналаша, шайлахь "Осторожно, новости", Baza а йолуш. Официалехь оцу хаамна тоьшаллаш дац.

NIYSO боламан а, оппозицин нохчийн блогеран Абдурахманов Тумосон с а хаамашца, инцидент нисйелла Нохчийчоьнца дозанехь йолчу Дагестанера "Герзелан тIай" постехь, маца хилла и – хууш дац.

Некъан полисхоша машен сацайе аьлча, ца сацийна хилла боху Цакаевс, некъан хьовзийлехь йуха а вирзина, полисхошна тIехахка дагахь хилла иза машен. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахойн аьтто баьлла машен сацон, къаьркъа мелла машенлелорхо лаьцна, шеца кехаташ а ца хилла цуьнгахь.

Дукха хан йалале, нохчийн оппозиционераша чIагIдарехь, Цакаевна тIаьхьабаьхкина хилла Нохчийчуьра ницкъахой; цаьрца хилла мехкан урхалхочун уллорчех волу Висмурадов Абузайд а. Оцу наха дIавигира боху Цакаев, цул тIаьхьа цуьнан машен а.

Нохчийчуьра орцан министраллин куьйгалхо лоцучу хенахь йаьккхинчу видеона геолокаци йан гIоьртира Маршо Радио. Дуьххьара динчу зерашца, видео билггал дIайазйина йу Дагестанера "Герзелан тIай" федералан контролан пунктехь. Оцу видео тIехь гуш йу нохчийн регистраци йолу пачхьалкхан номер: А 899 МР 95. Йаржийначу видео тIехь лоцучун йуьхь дикка къаьсташ ца гойту. Цакаев Алиханца хиллачу инцидентах лаьцна Соьлжа-ГIалахь йеш комментарий йац. Кадыров Рамзана масийттаза олура республикера МЧС-н куьйгалхочух "хьомсара ваша".

Алаудиновн керла дарж

Нохчийн "Ахмат" спецназан командирана Алаудинов Аптина Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь лаккхара дарж делла. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а санкцеша лаьцначу Кадыровн гонера иза тIеман-политикан белхан Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс хIоттийна.

Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алаудинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. ТIеман министраллин керла дарж деллехь а, Алаудиновс кхин дIа а куьйгалла дийр ду, Украинехь тIеман зуламашна бехкебечу "Ахматан" эскархойн. Оьрсийчоьно схьадаьхначу дозанаш тIехь рейдаш йарна а, маьрша нах байъарна а бехкебо уьш.

Алаудинов Аптица дузу "Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь" нах хьийзор а.

Кху кIиранах шолгIа хаам бара Оьрсийчоьнан тIеман министраллин "Восток-Ахмат " батальонан командиран Хамбулатов Вахин хьокъехь. "Нохчийчоьнан Турпалхочун" седа белла цунна Кадыровс.

Хамбулатовс, дагадоуьйту, дакъалецира оккупаци йинчу украинхойн Мелитополехь блокпостехь тIеман полицица хиллачу девнехь.

2000-чу шерийн йуьххьехь Хамбулатов Ваха Ичкерин цхьахйолучу тобанан декъехь вара, йуха Оьрсийчоьнан эскаршкахьа велира иза, Кадыров Рамзанан ха деш болх бира цо. Украинехь тIом беш ву иза 2014-чу шарахь дуьйна. "Восток-Ахмат" батальонан командир хIоьттира 2023-чу шеран мангал-баттахь. ГIадужу-баттахь Кадыров Ахьмадан цIарах республикан лаккхара орден йелира цунна.

"Ахмате" – наркотикашна а, къаьркъана а тIехула

Iедалхоша хIора кIиранчохь дIахьедо, керла тобанаш хьажийна олий, бу царлахь Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет" олучу центрехь Iаморашкахула чекхбевлла кхечу регионашкара бахархой а, иштта Нохчийчуьра нах а.

ТIамтIе бохуьйту бертаза нах къаьркъа меллехь а, наркотикаш лелош белахь а, дIахьедира бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара. Цуьнан хаамашца, Кадыровн Рамзанан "барта омраца" хьийсош бу къаьркъанах, наркотикех боьзна нах: "Нохчийчохь къаьркъа моьлурш, кхиндолу корта бахон хIуманаш лелораш а тIаме хьийсош бу Iедало. Цига бахийтинчарна йукъахь белла нах гучубевлла. Цу нехан гергарчаьрга Iедалхой хеттарш дан бахча, уьш бакъо йолуш, низамца догIуш бахийтина бара, йа бацара аьлла, шайга хеттарш дан буьйлабелча, Iедало жоп делла царна, шайна бен-башха ца хета, оцу тайпа нахах къам цIанделчхьана аьлла", - дийцира Янгулбаевс.

Украинана дуьхьал тIом болабелчхьана кризисан СК SOS тобанан бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалии сайтан хьасташа а дуьйцура, Украинана дуьхьал тIаме ницкъахоша лечкъийна Нохчийчуьра бахархо а цхьаьна бохуьйту аьлла. Царех цхьаболчаьрга харжам бойтура: йа тIамтIе воьду хьо, йа Iазапаш лан реза ву хьо олий. Нохчийн даржхойн а, имамийн а, командирийн а декхар ду тIаме нах гулбан - «барам» кхочуш бархьама меттигера бахархой къайлах набахтешкахь латтабо, тIаме баха дуьхьал хилахь, церан гергара нахана тIехь таIзар дийр ду бохуш кхерамаш а туьйсуш.

Тикток-эскарш а, Кадыровн "аьтту куьг" а

Оьрсийчоьнан парламентехь Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу, мехкан куьйгалхочун уллорчех Делимханов Адамах лаьцначу "Википедира" артиклера "тикток-эскарш" хьахор дIадайа гIоьртина. Украинерчу тIамана гена а буьйлуш, кадыровхоша тIом беш ду шаьш бохуш, кепаш хIиттон видеош бахьана долуш тиллинера царна и цIе.

Делимхановх лаьцна и алар дIадайъа кхузза гIоьртина уьш. Делахь а, "Важные истории" гIирсо а, Wikiganda проекто а бинчу талламехь йаздарца, "тикток-эскарш" аьлла дешнаш диссина материала йукъахь. Маршо Радиона лерина оцу хаамна комментарий йира политолого Савва Михаила:

"Кадыровн тикток-эскарех" дешнаш интернетера дIадайъа гIертар – хир ду ала йиш йолу хIума дара. Муха ду хьуна аьлча, Кадыровн эскархойн къонахалла йойъу, мем хилла дIахIоьттина "тикток-эскарш" алар. И бохург хIун ду – тикток-эскарш – кеп хIиттор, баккъал бен тIемаш бац уьш, оцу нехан доьналлех кхинберш тешийта хIоттийна туьйра ду и. Къонахалла дIайаккхахь, церан кхин дуьссуш хIуммаъ а ма дац, уьш дош ца хета, нолаш йу уьш. Суна хетарехь, оцу тайпа интернетера цхьацца информацеш дIайайъа кхин дIа а хьийзар бу уьш".

Йуьхьанца кадыровхойх "тикток-эскарш" элира тIеман эксперташа – тIамана йуьстах уьш латтарна. Машанехь видеош йаржайора цхьа а Iалашо ца лоцуш, цара герзаш детташ. И бакъдира тIом зуьйчу Институто а: церан хаамашца, нохчийн дакъойх тылехь пайдаоьцуш хиллера.

Оккупаци лайначу Украинан бахархоша дуьйцура цара лелийначу тIеман зуламех. Украинера нохчийн дакъош – Кадыровн пиаран коьрта дакъа ду, ткъа Делимханов – цуьнан уллорчу нахах ву. И ший а Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Европан пачхьалкхийн а санкцеш бухахь ву.

Соьлжа-ГIалара Путинан кIошт

Соьлжа-ГIалин мэрихь дIахьедина "Путинский" аьлла, керла кIошт кхуллуш йу аьлла. Меттигерчу Iедалхоша чIагIдарехь, цуьнан тоьшалла дина охан-беттан 3-чуьра 5-чу дийне кхаччалц Шейх-Мансуран кIоштахь бахархошка бинчу хаттамо. Леррина оцу кIоштан декъана туьллур йолуш йу Оьрсийчоьнан президентан цIе.

Кадыров Рамзана дешнашца, и тайпа сацам тIеэцна "нохчийн къомана доккха баркалла цунна ала лаарна". "Уггар аьхна, тоьлла, эвсара" Соьлжа-ГIалин дакъа хила дезаш ду и, билгалдаьккхина Кадыровс.

Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетана" а тиллина Путинан цIе, цуьнан цIе лелош йу ишта Соьлжа-ГIалин коьрта проспекто а.

Оцу йукъанна хьахон догIу, КадыровгIеран цIарах махкахь 346 урам хилар. Регионан массо а йарташкахь аьлча санна тоххара Ленинан цIарах хиллачу урамийн цIераш хийцина Кадыров Ахьмадан цIарца. Маршо Радиона йеллачу комментарешкахь бакъоларйархоша а, регионан эксперташа а элира, культ йаржон Iалашонца деш хIума ду и аьлла.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

XS
SM
MD
LG