ТIекхочийла долу линкаш

Шотландехь референдум хилла. Муха ду цуьнан коьрта жам1аш? ХIун Iаткъам бийр бу цо Британина а, шотландхой санна, шайн йозуш йоцу пачхьалкхаш кхолла луучу ницкъашна а.

Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь Шотландехь референдум хилира и мохк Британехь дIакъастар хьокъехь. Харжамхошна делларг цхьа хаттар дара: «Хила езий Шотланди йозуш йоцу пачхьалкх»?

Цу хаттарна жоп луш дукхах болчу Шотландин махкахоша кхаж тесна Британех иза йозаш йоцуш хиларна дуьхьал. ББС-но бинчу хаамца, 100 процент кхаьжнаш дагар динчул тIаьхьа 55,3 процент харжамхоша аьлла «ХIан-хIа». 44.7 процент харжамхоша аьлла «хIаъ». Верриг а референдумехь дакъалоцуш вара 84 процент кхаж таса бакъо йолу Шотландин махкахо.

Референдум дIаьяхьира Шотландин 34 кIоштахь. Царах 4-а кIоштахь туьйлира Шотланди йозуш йоцуш хиларан агIончаш. Данди гIалан харжаман гонехь Шотланди йозуш йоцуш хила еза аьлла, кхаж теснарг вара 57 процент харжамхо. 43 процент кхаж теснарш дуьхьал бара. Малхбузен Дамбартоншир олучу кIоштIахь Шотландех ша пачьалкх хилийта лууш бара 54 процент харжамхой. Дуьхьал бара 46,5 процент.

Глазгохь Британех шайн мохк дIакъаста беза аьлла хетачу нехан терахь дара 53,5 процент. Дуьхьал – 46.5 процент. Къилбаседан Ланаркширехь "ХIаъ" аьлларш бара 51, 1 процент. «ХIан-хIа» аьлларш бара 48,9 процент.

Цу хаттаран истори иштта ю. 1707-чу шарахь, Юккъерчу Америкехь йохка-эцаран колони кхолла, финансаш тоьаш а ца хиларна, аьтто ца баьлча, Шотландино политикан барт бира Ингалс-пачхьалкхаца. ХХ-чу бIешарахь шотландхоша кхайкхамаш бора, Эдинбургана (Шотландин коьрта гIала) цхьайолу бакъонаш юхаерзхо еза бохуш.

1979 шарахь цу махкахь дуьххьарлера референдум хилира Шотландина зил тоьхна автономин статус ялар хьокъехь. Амма харжамхоша дукха ледар дакъалецира цу кхаж тасарехь. Цундела из цхьа а жамI доцуш дIайирзира.

Амма кхин а 20 шо даьлча хилла референдум дIайирзира Шотландехь парламент а кхуллуш. Цуьнан бакъо яра цхьацца сацамаш тIеэца могашалла ларъярца а, дешарца а, меттигерчу Iедалийн органаш болх барх а лаьцначу хаттаршкахь.

2011-чу шарахь сепаратистех лаьттачу Шотландин къоман партино толам баьккхира цигахь хиллачу харжамашкахь. Цул тIаьхьа Британин а, Шотландин а Iедалша барт бира, цунах йозуш йоцу пачхьалкх хилар къастош референдум дIахьура ю аьлла.

Референдумехь дакъалоцуш бацара берриг а Британин бахархой. И хаттар иштта къастийнера Британин Iедалша а, Шотландехь референдум дIаяхьарна хьалха яьллачу цу махкахь Iедалехь йолчу Шотландин къоман партино.

Коьрта биллам бара Шотландехь ваха бакъо хилар. Кхаж тасарехь дакъалаца йиш яра Шотландехь вехачу муьлххачу а Британин, Евробертана юкъайогIучу муьлхха а пачхьалкхан а махкачуьнан. Шотландехь бина, амма махкал арахьа бехачу махкахойн бакъо яцара референдумехь дакъалаца.

Британехь харжамашкахь дакъалаца бакъо ю 18-тта шо кхаьчначу махкахойн. Амма кху референдумехь кхаж таса бакъо еллера 16, 17 шо кхаьчначу шотландхошна а. Референдуман жамIаш тIеоьцур долуш дара дакъалаьцначу нехан терахье хьажна доцуш.

Референдум хила ши кIира диссинчу хенахь бинчу талламца цигахь дакъа лаца дагахь бара 90 гергга процент бахархой. Иштта хила а хилира.

Референдумехь дакъалаца бакъо йолуш вар 4 миллион 400 эзар Шотландера харжамхо.

Нагахь жоп «ХIаъ» хиллехь, Шотландех йозуш йоцу пачхьалкх хир яра 2016-чу шарахь Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь. Лондонца дийцарш дIадахьа а, дIакъаьсташ билгалдаха деза хаттарш дийцаре дан а билгал баьккхина бара 18 бутт.

Зазадоккху-беттан 24-гIа де харжар а дацара ларамаза. Оцу дийнахь 1603-чу шарахь Ингалсан а, Шотландин а паччахьалла цхьаьнакхетта. Вуьшта аьлча, Шотландин паччахь Джеймс VI, Ингалсан паччахь а хIоьттина, Джеймс Хьалхара цIе а эцна.

Референдумо муьлхха жамI деанехь а Британин паччахьна (карарчу хенахь Элизабет ШолагIчунна) муьтахь юьсур яра Шотланди. 18-чу дийнахь хилла йолу референдум 1707-чу шарахь хиллачу политикан бертах хьакхалуш яра, кхин 100 шо хьалха шина паччахьалла цхьаьнакхетарх хьакхалуш яцара. Амма йозуш йоцучу Шотландино тIаьхьо керла референдум дIаяхьа мегара, паччахьан Iедалх лаьцна.

Цхьаболчу эксперташна хетарехь, йозуш йоцучу Шотландехь паччахьан цIарах Iедал дIакхоьхьуш хила мегара инарла-губернатор, кхечу пачхьалкхашкахь иза ма хиллара, масала, Канадехь а, Австралехь а. Цигахь пачхьалкхан куьйгалхо ю Британин паччахь.

Британин ахча стерлингийн фунт диср дарареферендуман проблемех уггаре а халаниг. Шотланди йозуш йоцуш хиларан агIончашна хетарехь, иза диса дезара керлачу пачхьалкхехь. Британин коьрта банк лоручу Ингалс-пачхьалкхан банкан куьйгалхочо дIахьедар динера и ахча лелар догIуш дац суверенитетца аьлла.

Амма цунна хетарг бух болуш дац аьлла тешна бара Шотланди йозуш йоцу пачхьалкх хила еза аьлла хетачу нахана. Цара дийцарехь, валютан барт богIуш бу Британин пайденна долучуьнца.

Евробертана декъашхо хила лууш а абара Шотландех йозуш йоцу пачхьалкх ян лууш болу нах. Уьш реза бара Натона юкъабаха а.

Кхин хаттар дара цхьайолу пачхьалкхаш, масала, Испани а, Белги а Шотланди Евробертана юкъаяхарна дуьхьал хила мегаш хилар. Цу шина пачхьалкхехь а бу дуккха а сепаратистийн ойланаш йолу нах.

НАТО-х дерг аьлча, Цу организацина декъашхой хила лууш хиллехь а Шотланди йозуш йоцуш хилийта арабевлла нах дуьхьал бара шайн махкахь «Трайдент» олу Британин зарратан ракетийн системаш дIахIитторна.

ХIинца и дерриг а хаттарш мехкала дац. Шотланди юьсуш ю шех Шотландех а, Ингалсах а, Уэлсах а, Къилбаседа Ирландех а лаьттачу Британина юкъахь.

Шотланди йозуш йоцу пачхьалкх хиларна дуьхьал яра кхо парти – Консерваторш а, Лейбористаш а, Либералан демократаш а.

Цу наха шаьш алсам бакъонаш ялийта хьовсур ду аьлла дош деллера шотландхошна, нагахь цара и мохк дIакъастарна дуьхьал кхаж тасахь. Кху беттан 12-чу дийнахь Британин вице-премьеро Клегг Ника кхайкхам бира, Ингалс-махкахь Iедал регионашца декъа деза аьлла.

Цо дийцарехь, цхьайолу бакъонаш дIасаяла еза регионашна. Цо гойтуш ду Шотландерчу референдуме хIинцале а хийцамаш бена хилар Британе.

Шотланди дIакъатсарна дуьхьал вара Британин премьер-министр Кэмерон Дэвида, амма кхера а ца кхоьруш реза хилира иза и форум дIаяхьа. Гезгмашин-беттан 19-чу дийнахь, референдум хилла шолагIчу дийнахь Кемерона дIахьедар дира, ша хазахетта хилар хоуьйтуш кхаж тасаран жамIаш бахьана долуш.

Кемереон Дэвид: "Шотландин халкъо аьлла шена хетарг. Иза, цхьа а шеко йоцуш, ма-доллу жамI ду. Деа къомах лаьтташ йолу вайн пачхьалкх цхьаьна йитина цара. Кхин болу миллионаш вайн махкахой санна воккхавевеш ву. Аса хьалха референдуман кечам беш ма-аллара, сан дог дохийна хир дара, Британи йохар суна гинехь, суна хаа изза аьлла хеташ хилар Бритнехь а, дерриг а дуьнентIехь а бехаш болу нах, вай хIинццалц цхьаьна динарг а, кхин а алсам вай цхьаьна дийр дерг а гуш болу. ХIинца хан кхаьчна ерриг а вайн Британи метта а еана цхьаьне кхане некъ боло».

Шотландин рефередумах лаьцна дуьйцуш ойланера ца йолу Нохчийчоь, цуьнан бахархойн сатийсам. Оьрийчоьно и сатийсам кIоршаме хьешар а. Муха ду Шотландерчу референдуман коьрта жамIаш? (Дуьйцург дац и цу кхаж тасаран жамI муха ду бохург. Дуьйцург ду иза дIахьош Британин Iедалша, цигарчу бахархоша лелийна гIиллакхаш). Цуьнах лаьцна дуьйцу Маршо Радион авторо, историко Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек:

Референдуман жамI дуккха а наха аьттачу бовларца тIеэцна Британехь а, дерриг а дуьнентIехь а. Валлийцаш а, Къилбаседа Ирландера а политикаш хазахетта бу Шотланди Британех дIа ца къаьстина.

Евробертан а, НАТО-н а куьйгалхоша а дIахьедар дина шаьш ларамца тIеоьцу Шоталандин халкъо бина сацам аьлла. Дукхах болчу политикаша а, могIарчу наха а билгалдоккху Британин демократи дийна а, могуш а хилар.

XS
SM
MD
LG