ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магнитский валарна бехкечу нехан чоьташ совцийна Швейцарино


Швейцари -- Швейцарин Кредитан а, UBS а банкийн логош ю Женевехь, 01ГIад2007
Швейцари -- Швейцарин Кредитан а, UBS а банкийн логош ю Женевехь, 01ГIад2007

Магнитский набахтехь валийтарна бехкечу нехан ахчанаш Iамеркерачу банкашкахь дIакъевлина ца Iаш, хIинца Швейцарехь а лаьцна латтош ду, меттигерачу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь. Изза кесталгIа юкъарчу берташца а, декхаршца а вовшашца йоьзна йолчу кхечу Европерачу банкашкахь а дан там бу.

Оьрсийчохь лакхарчу Iедалхоша коррупцин машанашца миллиардашкахь ахчанаш лечкъор гучудаккха гIиртина волу Магнитский, доцучу бахьанашца лаца а лаьцна, юха цул тIаьхьа набахтехь лоьрийн гIо а ца деш, валийтар бахьана долуш юкъаметтигаш дикка телхина Оьрсийчоьнний, Цхьанатоьхначу Шташний.

И хилам бахьана долуш Iамеркахоша дахана шо довш тIеэцнера шех „Магнитскийн низам“ олуш долу низам, цу стеган валарна бехке болчарна дуьхьала гIулчаш йохуш долу. Масала, бехкечу Iедалхошна Цхьанатоьхначу Штаташка бахар доьхкуш а, церан ахчанаш, цара шайн таронех кхин пайда эца бакъо йоцуш, Iамеркерачу банкашкахь гIорош а долу.

Цунна дуьхьала, Iамеркахошна хIуьттаре ярхьама, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь баханчу гIуран баттахь, сихаллехь вовшах а тоьхна, тIеийцира, „Анти-Магнитски акт“ аьлла цIе дIаяхана долу низам, Цхьанатоьхначу Штатийн бахархошна оьрсийн берашна доладар доьхкуш долу. Иштта и дов марсадаьла а долуш дIадоладелла дара керла, 20I3 шо.
Ткъа хIинца, схьахетарехь, и шина пачхьалкхенан юккъера Iоттбакхам Европерачу пачхьалкхашна тIе а баьржаш бу.

Дечкен беттан деалгIачохь Financial Times газетано шен леринчу артиклехь кхайкхам бинера, „Магнитскийн низам“ Евробертан пачхьалкхашка а тIеэца, аьлла, юрист кхалхарна бехкечу оьрсийн Iедалхойн ахчанаш Европерчу банкашкахь дIа а сацош, царна Цхьанакхетачу Европе бахкар а доьхкуш.

Ша цу кхайкхаман йилбаз-мохь санна бекна хIинца Швейцарин Iедалхоша, Цхьанатоьханчу Штаташна белшаш гIортош „Магнитскийн гIуллакхна“ декъа хиллачеран банкашкара ахчанаш гIорийна, боху хаам.

Цу хаамаца, Магнитскийн валаран хьокъехь шайн талламаш дIахьош болчу Швейцарин талламхоша меттигерачу Credit Suisse банкехь ахчанаш дIадехкина йолу цхьа могIа Оьрсийчуьрчу хьаькамийн валютийн чоташ гIораяйтина, мел кIезга а, гергарчу муьрехь цу чотийн долахошка шайн ахчанна цхьанна а кепара доладалур доцуш.

Аналисташна хетарехь, цу гIулчано, цхьана агIор, цу Iедалхойн шеконе ахчанаш дIа а дехкина, уьш лардеш хиллачу Credit Suisse банкан хаъалла сий дожор ду. Ткъа вукху агIор, цигахь шайн, схьахетарехь, хьарам гулийна долу ахчанаш хьулдина хиллачу Оьрсийчурчу Iедалхойн цIераш гIарайохур ю.

Швейцарерачу „Тагес Анцайгер“ газете цу хьокъехь ша динчу къамелехь вевзаш волчу финансийн бозбуанчаллаш таллархочо Пит Марка билгалдаьккхира, тIаьхьарчу хенахь шен гIуллакхаш кхин башха дика ца хилла хиларна цу банко, хаттам-алам а боцуш, оьрсийн тайп-тайпанчу Iедалхойн ахчанаш лардан схьаийдинера, аьлла. „Ткъа цу Iедалхойн хьаналчу кепара шаьш белла дIабовллалца а цу кепара даккхий ахчанаш IаIон йиш йоцийла кхеташ ду“, - элира цуо.

Амма тергамчашна хетарехь, цхьа Credit Suisse хилла ца Iа, цу кепара шеконе „гешефташ“ оьрсийн Iедалхошца лелийнарг банк. И саннарг массийта а хила декхар ду, банкийн бизнес тIехь бехаш болчу Альпашкарчу махкахь. КесталгIа церан цIераш а нахала йовла декхар ду, аьлла, хета аналисташна.

Швейцарехь Магнитскийн валарна бехке хила там болчу нехан чоташ гIорор кхин башха цеце хIума а ца лору и хьал хьалхехь дуьйна тергал дечара. Европарламентехь бахана бутт бовш дIахьединера, Оьрчийчоьнан куьйгалло „Антимагнитскийн низам“ тIеэцахь, Европа цунна дуьхьала цхьанна а кепара санкцеш а ца еш Iойла доцийла дIахоуьйтуш.

„Нагахь санна Iамеркехь Оьрсийчуьрчу Iедалхойн активаш гIорош хилахь, изза Европерачу банкаш а дийр ду, хIунда аьлча уьш Iамеркерачу банкашца цхьа могIа берташца йихкина ю“, - аьлла элира хIетахь Европарламентан векало.

Там бу хIинца, домино ловзарехь санна, кхечу Европерачу пачхьалкхашкахь а Магнитский валийтарна декъа хиллачу Оьрсийчоьнан Iедалхойн ахчанаш гIорон а, цу нахана Европе бахкар дехка а.
XS
SM
MD
LG