ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьзда мотт бицболуьйту оьрсийн ДУМАн гимно


Оьрсийчоь -- ДУМан депутаташ бу шайн гимне ладугIуш ирахIиттина, 11Ман2013
Оьрсийчоь -- ДУМан депутаташ бу шайн гимне ладугIуш ирахIиттина, 11Ман2013

Оьрсийн пачхьалкхан ДУМано гучуяьккхина шен керла гимн. Оьрсийн блоггерша беламе а яьккхина, массанхьа яржийна иза. Маршо радион Москохара корреспондента Бамфорф Тома яздина цунах лаьцна.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ДУМан гимнан мукъамаша шира немцойн къоман гимн дагатосу. Вуьшта, оьрсийн «частушки» олучу эшаршкахь санна, «цхьа жимма тамашийна, беламе, хIумма доцург а ду». КIеда аьлча, хIокху тайпа мах хадийна оьрсийн интернетехь оьрсийн ДУМАно хIокху баттахь шира, паччахьан заманара шен цIарах йолу гимн карлаяккха бинчу сацамна.

Оьрсийчоьнан де тIекхачале ДУМАн кхеташонехь лекхира и гимн хIокху беттан 11-чу дийнахь. Цунна дехха тIараш диттира. Гимн лекхнарг вара 75 шо долу Кобзон Иосиф – Советан заманан уггар евзаш йолу билгало а, вовшашкхеттачу зуламхойн тобанашца уьйраш хиларна бехке веш волу а, урхалла дечу «Цхьааллин партин» депутат а.

ДУМан спикер волчу Нарышкин Сергейс аьлла, 1906-чу шарахь кхоьллинчу паччахьан заманан парламентан таханлерчу дийнан ДУМАнцо йолу историн уьйр хилар гойтуш ю и гимн.





Нарышкин:
"Кху мехкан тоьллачу классикан школан гIиллакхаш лардеш язбина бина бу цуьнан мукъам. Ткъа цуьнан дог ойуш долчу йозано вайна дагайоуьйту вайн хьалхалера заманца йолу, хадон йиш йоцу уьйраш а; маьршонан а, демократин а мехалла а; даймехкан парламентан гIиллакхаш кар-караэцар а. Кхеташ ма-хиллара, вайн пачхьалкхан сийлалла а. Оьрсийчоь боху цIе тIаьххьара юхаерзийнера 1990-чу шарахь."

Кобзонан цIе йоккхуш Нарышкина элира, оцу гимно «цуьнан къеггинчу кхоллараллин дахарехь цо кхин агIо гайтина хилар а», «пачхьалкхан парламентаризман исторехь цо ша-тайпа лар йитина хилар а».

Оьрсийчура интернетан машанехь къамелаш деш берш оццул комаьрша бацара.

Живой Журнал олучу агIонна тIехь "ivanpodeda" цIе лелош верг реза ца хилла, тодинчу озаца: «Хьуна хьалха, къоман векал, Оьрсийчоьно лаьттах корта беттар бу» лакха йолочу гимнан дешнашна.

«Къаьхьа де ду иза, кхин дош дац а дац цунна ала. Аса цхьана цхьаъ царах харжина а вац. Цул сов, аса цкъа а цхьаннена хьалха корта охьа ца таIийна. Суна хетарехь, дукхах болчара а ца дина иза.

Иза цхьа тамашийна, беламе а, дош доцу гимн а ю иза» аьлла яздина "ivanpodeda" цIе лелочу блоггеро. Схьагарехь, 20II-чу шарахь ДУМе хиллачу харжамашкахь бозбуунчаллаш лелийнера бохуш бийцина бехкаш бу цо хьехийнарш.

http://ivanpobedaphoto.livejournal.com/50396.html

Кобзона гимн локхуш яьккхина видео YouTube тIе яьккхина ю. Цунна бухахь дитина йозанаш, оьзда боцчу маттахь яздина ду, бохуш ерзайо шен материал Маршо радион Москохарчу корреспонденто Балмфорф Тома.
XS
SM
MD
LG