ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Студенташ дуьхьал бовларна шен дарж дитина Тбилисин университетан ректоро


Гуьржийчоь -- Университетера студенташ мацалла хьоьгуш бу. Тбилиси, 30Заз.2016
Гуьржийчоь -- Университетера студенташ мацалла хьоьгуш бу. Тбилиси, 30Заз.2016

Гуьржийчоь хьахийча уггаре а хьалха дага догIург ду цигахь бахархойн дахар цамоьттучу кепара хийцаделла хилар. Махкахь демократи хилар гойту хиламаш хуьлу цигахь кест-кеста. Иштта кху деношкахь Тбилисерчу пачхьалкхан университетан студенташа дуьхьалонан акцеш а йина, ректор вуохийна оцу даржера.

Ши бутт ца кхоччуш лаьттинчу Тбилисерчу пачхьалкхан университетан студентийн дуьхьалонан акцино шен жамIаш деъна. Цуьнан ректора Папава Владимира дIакхайкхина, ша оцу даржера дIаволу аьлла. Шен сацамах лаьцна олуш, университетан дуьхьа а, иза кхиамашка кхачийтархьам ша дIаволу. Кхиверг харжалца, цо и белхан декхарш кхочуш дийра ду.

Иза цхьа даржхо хилла Iаш вац оцу доьшийлан кхерчахь, студенташ балхара вохийна. Дуьххьара церан акци йолалучу хенахь студенташ дуьхьал бевлера шайна тIехьажа хIоттийначу-студентийн канцлер олулчу стагана тIера. Иза цара бехке вира, кхерамазаллан структурин белхахо хиларна.

Цо дукха ца Iаш къера а хилла, шен дарж вахьдиллира. Цул тIахьа, студенташ кхиъ Iалашонаш хьалхатеттира-ректор а дIавала веза аьлла. Университет кху массийта шарахь кхуьуш яц бохура цара. Шаьш бегашийн лелаш доцийла хоуьйтуш, цуьнан кабинет а дIа а лаьцна, цу чохь мацал дIакхайкхинера.

Оцу акцин йохаллехь, хийцамаш бе боху студентийн болам бекъабелира. Цхьаболчара тоам бора, ткъа вукхара-кхин дIа а акци дIаяхьа еза бохура. Уггаре а коьртачу пачхьалкхан университетехь долчу хьолан терго йира лаккхарчу Iедалша а. Цара цхьанакхетарш а дира студенташца. Амма барт ца хилира. ХIинца ректор Папава Владимир дIавалар-цуьнан кхачам болуш чакхе лору дукхачу эксперташа.

Студентийн болам, муьлхачу пачхьалкхехь юккъараллийн уггаре а кхиаме чкъор лору. Гуьржийчохь уьш даиманна хилла, шай хьежам болуш аьлла, Маршо радиога дийцира, стохка и университет яьккхинчу журналиста Бордзгор Сулхана. Цо иштта дийцира оцу хиламех.

Бордзгор: «Кхузахь студенташ даиманна хилла ницкъ болуш. 20 шо хьалха а хилла церан акцеш. 2012 шарахь а хилла уьш. Набахтехь нах хьийзабо аьлла ара а бевла Iедалшшна ницкъ бира цара. Студентийн ницкъ-къаьстина ницкъ бу. Президента а, премьер-министра а леррина ладугIу цаьрга».

Таханлерачу заманахь Гуьржийчохь студенташ хьов, муьлха а нах ца кхоьру, дуьхьалонан акцешка арабовла. Уьш хIинц-хIинца дIабоьлла шай пачхьалкхо демократийн мехаллашна тIе а тевжина дIахьочу некъах. Цундела, иштта хьелашкахь бен кхиаме юккъаралла кхоллалура яц, аьлла кхин дIа а дийцира хиллачу студента Бордзгор Сулхана.

Бордзгор: « Iедална шаьш реза воцург, студенташ а тIаьхь, ара бевла дIала кхоьруш вац цхьа а. Иза дина аьлла, хьо дIа а лаьцна, хIуна цхьа ницкъ бийра бу олийла дац. Оцу кегирхоша шай хIума дIалеладо кхузахь. Кхерам уьш кхера а ца кхоьру».

Тбилисийн пачхьалкхан университетан керла ректор хоржура ву ши бутт баьлча. Академийн кхеташоно кхаж теснарг хира ву керла куьйгалхо. Оцу кхеташонна а реза бац студенташ. Цуьнан декъашхоша харжинера боху цара, дIаваьлла ректор а, шайна тIехьожуш хилла волу керамазалийн сервисан белхахо а. Схьагарехь оцу хиламан тIадам хIоттош йолу чакхе яц хIара.

XS
SM
MD
LG