ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамана миллиардаш: Оьрсийчоьнан эскаран спонсор хилла Кадыровн фондах?


Кадыровхой, гайтаман сурт
Кадыровхой, гайтаман сурт

Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалоцучу Нохчийчуьра дакъошна оьшург латтон Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо дайина 28,6 миллиард сом, дIахьедина регионера парламентан спикеро Даудов Мохьмада. 2022-чу шарахь организацин хиллачу йоллу активел а, махкахь гулйечу мел йолчу йасакхел а масийттаза сов ду и терахь. Кадыров Рамзанан "бохча" олучу Кадыровн фондо хIун эцна, стенгара долу цунна ахча – къастийра Кавказ.Реалии сайто.

Кадыров Ахьмадан цIарах фондан ахчанах цхьа эзар ахэзар сов леррина транспорт эцна, шайлахь 169 гIагI диллина машен, 350 буьйсанна са гойту гIирсаш, иштта кхинйерг а. Цунах лаьцна дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьйцучу парламентан спикеро, СВО-на (леррина тIеман операци. – иштта олу Оьрсийчохь Украине гIортарх. – Редакцин билгалдаккхар) гIо латточу регионера штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. ТIом болабелчхьана фондо дайина ахча ду 28 миллиард 652 миллион сом, билгалдаьккхира цо. Изза бохура Кадыров Рамзана а цхьана.

Кадыровхойн дакъошна Нохчийчоьнан Iедалхоша хьажийна шаьш аьлла, дуьххьара дIахьедина и ахча. 2022-чу шарахь фондан хиллачу активел доьазза сов ду и – стохкалера хаамаш хIинца а бовзийтаза бу. Билгалдоккху, 2022-чу шарахь йинчу чоьтехь йаздина дац тIеман Iалашонашна йинчу харжах лаьцна.

ТIамехь хиларан дакъа

Муьлххачу а организацин финансийн гайтамехь уггар а коьртачех хуьлу активаш – долахь дерг вовшахтохар. Масала, йиллинчу хьасташкара хууш ду, Кадыровн фондо Нохчийчоьнан пачхьалкхан филармонин гIишло ханна пайдаэца йаларх 50 миллион сом хIора шарахь охьа а дуьллуш.

Йуьйцург йу Омаев Дагунан цIарах Соьлжа-ГIалара Лорсановн урамера тойнаш хIиттон хIусам – оцу чу-ара ца баккхалун бахаман кадастрин мах бу 900 миллион сом.

Фондан чоьташкахь активийн мах дIасакхоьсича хуьлу бIеннашкахь миллионаш соьмаш: 2018-чу шарахь 3,6 миллиард сом 2019-чу шарахь – 7,4 миллиард, кхин а шо даьлча – барам лахбелира цIеххьана – 5 миллиарде, ткъа 2022-чу шеран жамIашца 6,3 млрд сом.

Дустуш аьлча – пачхьалкхехь уггар а йоккхачу Потанинан фондо 2022-чу шарахь дайина социалан проекташна 2,1 миллиард сом, Русфондо – 1,4 миллиард сом. Оцу кепара, 28 миллиард сом – муьлххачу а Оьрсийчуьра гIоьналлин фондана дукха ахча хилла ца Iаш, йоллу Нохчийчоьнна а ду.

Масала, йоллу Соьлжа-ГIалин бюджет стохка йара 11 миллиард сом, ткъа йасакхех, йасакхаш йоцчех йоллу республикина хилачу пайденан барам – 2- миллиард сом гергга бара. Кадыров Ахьмадан цхьана фондо шина шарахь дойу ахча регионехь гулйечу йоллу йасакхийн ах хуьлу-кх.

Европехь куп тоьхначу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулатана хетарехь, дIакхайкхийна терахь "билггал хила йиш йолуш ду".

"Оцу кепара Путинна шен са санна коьртачу хаттарх лаьцна харцдерг Кадыровс дуьйцур делахь тамаш бу-кх, - аьлла хета редакцица къамелдечунна. – Эххар а чоьхьарчу къовсамехь тIехула висина иза, Пригожине а, цхьаболчу инарлашка а хьаьжча, хетарехь, цунна хIинца магийна Украинана дуьхьал ша лоцучу декъах лаьцна дийца".

Гуьмсехь йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетаца" тера хилар даладо Сулеймановс. Цигахула чекхбийлина бIенашкахь йоллу пачхьалкхера йолахой. Шен дакъош ду а бохуш, Кадыровс тIаме эхийтира уьш. ТIеман хьалхарчу фазехь баккхий эшамаш хиллачул тIаьхьа хIара "университет" йерриг Оьрсийчоьнан хилира, цигахь Iаморашкахь хилларш "Ахматан" дакъошка йукъа оьцуш хиллехь а. Нохчий кIезиг бара цу йукъахь, кхин дIа дийцира Сулеймановс.

"Иштта Кадыровн Ахьмадан фондехула Кадыровн а, республикера бюджетан белхахошкара гулдина ахча а, рицкъ а чекхдаьлла ца Iаш, Москвара къайлах кхочург а, Путинан ахча а хила тарло, - билгалдоккху къамелдечо. – Фондах офшоран компанех санна пайдаоьцийла йу ахча стенгара кхочу ца хаийтархьама".

ТIамехьа вирзина

Фондо "гIоьналлин акциш" хIиттайо бохуш, хастаме посташ йохку Кадыровс кест-кеста. 2022-чу шеран зазадокху-беттан йуьххьехь цо хаамбира, оккупаци йинчу "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а куьйгалхошна Пушилин Денисана а, Пасечник Леонидана а, "Спарта" батальонан командирана Жога Артемана а организацино гIагI диллина Toyota Land Cruiser 200 машенаш йелира.

Комплектацига хьаьжжина церан мах хила йиш йу хIораннах а 20 миллион сом. ХIеттахь фондо сепаратисташна УАЗ "Патриот" 50 машен йелира – хIоранна а мах бу 1,5 миллион сом.

Иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира фондо амуници, молханаш, кхачанан сурсаташ, техника, транспортан гIирсаш белла хиларх, церан мах хаа йиш хир йара, цо мел йелла хаийтинехь.

"Ахмат" спецназщан эскархошна гуманитаран гIо кхачийна Оьрсийчоьнан регионийн Iедалхоша а, йукъараллин организацеша а бохуш, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша йазйечу публикацешна бIостане ду и.

Украинехь шуьйра тIемаш болабелчхьана Кадыровн фонд тIеман агIор йирзина, билгалдоккху Оьрсийчуьра Transparency International тобанан куьйгалхочо Шуманов Ильяс. Нохчийчуьра куьйгалло довзийтина терахьаш талла аьтто бац, аьлла хета экспертана.

"Кадыров Ахьмадан фондан байракха бухахь гулден ахчанаш, иштта бертаза бахархошка охьадуьллуьйтург а, организацин чоьта тIе долуш ца хила, бухгалтерино лоруш а ца хила. Оцу йукъанна, кест-кеста мехкан урхалхчо зорбане йохучу публикацешца, фондо билггал доккха гIо дойла йу социалан техникаца а", - дIахьедира цо.

Шумановс терго йо, хьалхо шен доьзал а, фондан президент, шен нана Кадырова Аймани а цхьаьна санкцешна бухахь нисйелла баьхначу Кадыровн дIахьедарш тIаьхьа-хьалха цахиларан. Шен нана политикана йукъахь йац бохура цо. Ткъа хIинца диллина дIахьедо, шен нанас нохчийн дакъошна оьшург латтош хиларх.

"Кадыровн гергаранаш хIинцале а бу санкцеша лецна, хетарехь, оцу хьолехь аргументаш маьIне йац, иза тептаршкахь йу", - кхетадо спикеро.

Оьрсийчоь тIамца Украине чугIортале а, цул тIаьхьа а Кадыровн фондо шен коьрта Iалашо йоцург – таро йоцчу нохчийн доьзалашна "гIоьналла" латтадо, иштта социалан хеттарш луьсту республикера, бехира цо. Ма-дарра аьлча, фондах пайдаоьцура цо политикаца йоьзна йоцчу Iалашонашкахь а.

Нохчийн Iедалхоша игштта дIахьедора Мьянмера, Шемара, Сомалира, Эфиопира, Урдунера, ур-атталла Iарбойн Эмираташкара нахана а цхьана фондо даккхий ахчанаш дойу бохуш. ГIазза секторехь хьал ийгIинчул тIаьхьа цига гуманитаран гIо хьежийра Нохчийчухула, цу тIехь жигара пиар йира регионан урхалхочо.

ГIоьналла до а бохуш

Кадыровн фондо шен чоьте кхочучу а, ша дойучу а ахчанех ма-дарра дуьйцуш цахиларо гучудоккху, билггал йолу цуьнан резерваш Украинаца тIом болочу хенахь хууш дацар. Иштта къаьсташ дац, муьлхачу каналашкахула кхочу, дойу ахча, билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чембер Гарольда.

"Дахначу шерашкахь доза доцуш чусецор, рэкет йар, коррупци лелор, оцу доллучо а цуьнан активаш шорйина, - билгалдоккху цо. – Кадыровн долара бохча хиларе терра, "гIоьналлин" фасадо могуьйту цу тIе дохуьйту ахча гуманитаран долуш санна, иза а цуьнан рожан пропагандин чоьхьара толам бу".

2004-чу шарахь кхоьллина йу Кадыров Ахьмадан цIарах фонд. Цуьнан куьйгаллехь йу карарчу хенахь Нохчийчоьнан урхаллехь волчун 70 шо долу нана Кадыров Аймани. Организацих масийттаза элира КадыровгIеран "альтернативе бохча", цу йукъа ахчанаш дохкуьйту "сагIина" боллу бюджетан белхахошка.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн "Магнитскийн глобанан актан" буха тIехь хIоттийначу санкцийн тептарехь йу фонд. Организаци масийттаза бехкейира ца лаахь а, лууш санна оцу фондан чоьта тIе ахчанаш дахкийтарна, делахь а, Кадыровс и бехкаш тIе ца дуьту.

Фондан президент 70 шо долу Кадырова Аймани дуьххьара Американ санкцеша лецира 2023-чу шарахь. Цунна жоп лучу кIанта америкахойн Iедалхошан тIедожийра сацам хийцар, ша "иштта дуьтур дац" олуш. Сил чIогIа реакци цуьнан йоьзна хила тарлора КадыровгIеран доьзалан активаш Iарбойн мехкашкахь латтош хиларца, тешна бара редакцино хеттарш дина эксперташ. Делахь а, активаш гучуйаха хало хир ду, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан элито чолхе схемаш лелайо дозанал арахьара шайн бахам къайлахьош.

Цхьана заманчохь Америкехь хIордан пехотехь гIуллакх дина талламхо Риттер Скотт республике веанчу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо цуьнга дIаделира республикехь латточу украинхойн тIеман йийсархой тIейазбина тептар. Американ Цхьанатоьхначу Штаташа шен "нанна, йоьIаршна, бех-гунахь доцчу нахана а, говрашна а тоьхна санкцеш" йухайахахь, цунна дуьхьал йийсархой дIабала кийча ву ша элира цо. ТIаьхьо ша бинарг бегаш бара элира.

  • 2021-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо деклараци тIехь гайтира хилла нолан ял а, юкъара хилла пайда а. 2019-чу шарахь фонде, цуьнан урхаллахоша бахарехь, 6 миллиард сом (цул хьалха 2,2 миллиард) кхаьчнехь а, тIаьххьарчу шина шарахь гойту пайда цахилар. Фондо гайтинчу кехаташца, Iалашонан харжана дайина ахча дац. Коммерцица йоьзна йоцчу организацино йина чот "тамашен" хета эксперташна.
  • 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Украинера тIом бахьана долуш, даккхий ловзарш хIиттор дихкинашшехь, Соьлжа-ГIалахь шуьйра дIадерзийра Чимаевн ловзар. Оппозицин 1АДАТ боламо чIагIдарца, регионалан йукъараллин Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах дерзийра нускал. Билггал цигахь маса стаг вара, хууш дац, амма йаржийначу видео тIехь гуш ду, цхьана нускал далош йогIучу машенийн коврана йукъахь йу ткъе гергга премиум-классан машенаш, царех дукхахйолчарна тIехь номерш йац. Ковра йалош ду тIехула хьийза беракема а, ДПС-н экипажаш а – оцу гIуллакхана дIакъевлинера гIалара коьрта некъаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG