ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Клинтон - Трамп: Мила ву президент хила хьакъ. Дебатийн лорах.


Трамп Доналд а, Клинтон Хилари а Лас Вегасехь.
Трамп Доналд а, Клинтон Хилари а Лас Вегасехь.

Кхаарин буса Лас-Вегасехь тIаьххьара дуьхь-дуьхьал хIоьттина президентан теледебаташкахь дакъалецира Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж къуьйсучу шина кандидато – Клинтон Хиларис а, Трамп Доналдо а.

Харжамаш тIекхача кхаъ кIиранал кIезиг хан йисина хиларна, цу шинна тIаьхьара аьтто бара телегойтиллехула миллионийн шайн махкахошна шайга Президентан дарж тешийча шаьш дан юьхьарлаьцнарг дIахаийтар, церан дог-ойла шайгахьа яккхар а.

Iамеркана уггар мехала хета хаттарш дара Фокс телеканалехь болх бечу, кхаарин буса хиллачу дебатийн модератаро Воллас Крисс кандидаташна хьалха дехкинарш. Дебаташ йолаелира Iамеркан Конституцих а, Лаккхарчу Кхелах а лаьцна долчу хаттаршца.

Клинтона Лаккхарчу Кхелан декхар ду могIарара бахархой харцонех ларбар, ша оцу хаттарна цу хьукматан коьрта тидам тIебохийтур бу элира. Лаккхара Кхел адамийн агIор хила еза, корпорацийн агIор ца хуьлуш аьлла, дIахьедира цо дебаташкахь.

Трампа цу ойланна реза хиллехь а, шеконе диллира Хиллари ша бохучунна тIехь чекхъерг хилар. Iамеркан Конституцин шолгIачу тIетохаро Iамераканхошна герз лело еллачу бакъонах дIахадо гIерта Клинтона, бохуш къуьйсура Трампа.

Цунна жоп луш, Клинтона элира ша бахархойн герз лело бакъонна cийдо, аьлла, амма герзо Iамеркехь хIора шарахь эзаршкахь нах байаран бахьанехь, вай чIагIдан деза герз эца луучу нехан дахар а, синкхетаман могушалла а таллар, аьлла тIетуьхира цо.

Трампа Мексикан дозанца пен хьалаботта беза боху масех бутт бу. Кху дебаташкахь а дозана де Iуналла чIагIдан деза вон мел дерг – наркотикаш а, терроризм а – цигара вай махка кхочу дела, бохуш дуьйцура Трампа. Ша президент хилахь, бакъо йоцуш кхузахь мел веха вахархо махках воккхур ву, аьлла ша гуттар туьйсу кхерам тIечIагIбира Трампа.

Нийсо яц низамо ма-бохху дукхачу шерашкахь шен рагI тIекхаччалц собардеш волу иммигрант, низам дохош кху махкахь вехаш волчу иммигрантица цхьана могIаршка хIитто, бохура цо. Ткъа Хилари ю царна амнисти яла лууш, аьлла бехке йира цо Клинтон. Бакъо ца йохош, кхузахь бехачу нехан иммиграцин хьокъехь долу гIуллакхаш листар сихдийр ду ас, аьлла дIахаийтира Трампа.

Дозанца пен хьалаботтаро чIагIйийр яц кхерамзалла, аьлла жоп делира Клинтона. Iамеркехь, бакъо йоцуш вехаш 11 миллион стаг ву, церан кху махкахь вина 4 миллион доьзалхо а ву. Уьш арабаха онда эскар оьшу. Iамерко ца до ишта гIуллакх, цо вайн мохк масех декъе дIасабатIор бу, бохуш кхиндIа а дуьйцура Клинтона.

Цу нехан статус хийца а хийцина, царна низамца а догIуш, баха а, болхбан а аьтто белча, царна кIезиг шайнаш луш, уьш бацо йиш хир яц корпорацийн, аьлла дIахьедира Клинтона. Ша президент яккхахь, нийсса 100 дийнахь ша иммиграцин хьокъехь низам юкъадоккхур ду, аьлла дош делира цо.

Цул тIаьхьа Клинтона айъира Оьрсийчоьно Iамеркан хьашташна дуьхьал болхбар. Оьрсийша Iедалан серверш йохош цу чуьра лечкъийна хаамаш дIакхийдабо викиликсе, ткъа викиликсо Трампана гIоьнна уьш нахал боху шел иза толийтархьама элира Хиларис.

17 Iамеркан кхерамзаллин агенталло тIечIагIдина Оьрсийчоьнан Iедал Iамерканхошна дуьхьал къайлах болхбеш хилар. Кремлин омрица дина а ду, Путинана хаьа а хууш дина а ду, цундела лаьа суна Трампа хIинца Путин емалвойла, аьлла Трампе дош делира Клинтона. Ткъа цо аьллачунна жоп даларан метта, Путин шена ца вевза, оьрсийн хакерш дина зулам дуйла вайна хIинцца а билгал ца хаьа элира.

Путин хьекъал долуш ву, иза тоьлла Обамал а, Хиларил а массанхьа а. Вай Оьрсийчоьнца цхьаьна а кхетта, ‘Ислам Пачхьалкх’ шех олу тоба эшийча, дика хир дара. Ткъа Путинан Обамига а, Клинтоне а ларам бац уьш гIора доцуш хиларна, аьлла дIахьедира цо.

Бац, оха цунна луург чекх ца долуьйту дела, ткъа хьо цу Путинан тайниг ду, аьлла цо бохучунна кIоршаме дуьхьал жоп делира Клинтона. Хьо Iамеркан кхерамзаллин агенталлех ца теша, Путинах теша реза ву, элира Клинтона. Хьо хIинцца а Путинера гIо схьаоьцуш ву, хьо кху харжамашкахь уггар цунна товш кандидат хиларна, бохуш юха ца йолура Хилари.

КхидIа а дуьненаюкъарчу политиках дуьйцуш, Трампа ДаIиш тоба кхоллаяларна бехкейира Клинтон а, Обама а. Цара Iиракъера эскар арадаккхаро кхоьллира ДаIиш, бохуш чIагIдора Трампа. Ткъа ДIаIиш эшийнчул тIаьхьа цигахь Iамеркан эскарш дIатардийр дарий ахь аьлла деллачу хаттарна билгал жоп даларан метта, Трампа элира Iамерко Iиракъехь тIом баккхар бахьанехь и пачхьалкх хIинца ГIажарийчоьнан дола йирзийна аьлла.

Цу махкахь ас Iамеркан эскар еххачу ханна дIатардийр дацара элира Хиларис. Мосул схьаяьккхинчул тIаьхьа, Шемара Раккъа гIала а ДаIишан Iуналлера схьа а яьккхина, еха политикан процесс дIайолор яра ас, аьлла билгалдаьккхира цо. Ткъа Шемара тIом кхин а бехха лаьттар бу Оьрсийчоьно а, ГIажарийнчоьно а цигара хьал карзахдохуш хиларна, аьлла дIаьхьедира Клинтона.

НАТО-н пачхьалкхаша алсам харж ян еза, шайн кхерамзалла чIагIярхьама, Iамеркехь тахана де дац тIеман харж ша цхьамма такха; Iедалана луш йолу ял охьа а яьккхина, экономика кхио дагахь ву со; НАФТА-н хьокъехь вайн пачхьалкхо бина барт, юха толлур бу ас; 10 шарахь 25 миллион керла белхан меттиг кхуллур Iамеркехь, пачхьалкхан дефицит дIа а йоккхур ю; ас сайн компанина ма-дарра урхалла дийр ду Iамеркана, бохуш дIахьедарш а дира Трампа дебаташкахь.

НАТО-н пачхьалкхаш вайн бартхой бу, царна вайн гIорто ян еза; хьалдолучу совдегарша луш йолу ял хьалайоккхур ю; мискачу нахана сохьтехь бинчу белхана дала деза алап а хьаладоккхур ду; могушалла Iалашъен система то а йийр ю; дешаран системехь дуккха а дика хийцамаш а бийр бу, бохуш шен хьежам бовзийтира Клинтона а.

Вовшийн Iиттарш яра а дара дебаташкахь. Масситаза Клинтоне хьо аьшпанча ю, аьлла кIоршаме вистхилира Трампа. Хьан майрчо кхоьллинчу НАФТо къейина Iамерк, йовдийтина вайн махкара белхан меттигаш а, бохуш бехканаш дохура цо.

Зударшца маьттаза а ву, бусалба нах а, латинхой а, Iаьржа нах а ца беза расист ву Трамп бохуш цунна дуьхьалдеттара Клинтона.

Дебаташкахь юхха а хьакъделира Оьрсийчоьнах хаттар. Клинтона ша Шемахь кеманаш лелар доьхку зона кхуллур ю элира. Ткъа нагахь санна, Оьрсийчоьнан кемано и зона йохаяхь, иза чудоийтур дуй аьллачу хаттарна, ларлуш жоп делира цо, ша и санна дерг ца хилийтархьама Оьрсийчоьнца цу хьокъехь дийцарш дIахьур дара аьлла.

Хьалха дуьйна Путине ларам болу Трамп ша куьйгалле вагIахь, цуьнца гергарло дIатаса дагахь хилар тIечIагIдира тIаьххьарчу теледебаташа а. Нагахь санна иза президент хилахь, Оьрсийчоьнца юкъаметтиг дIанислур ю аьлла хетий хьуна аьлла хаьттира ас Вашингтонехь бух болчу Джеймстаун Фаундейшан аналитикан тобанан куьйгалхочуьнга Гаурд Глене. Ишта жоп делира цо цу хаттарна:

“Трамп совдегар ву. Цуьнан политике болу хьежам а бу совдегаран. Иза боккъал теша ДаIиш тоба эшо вайна Оьрсийчоьнан гIо оьшуш хиларх, амма дукха эксперташа реза бац цу хьежамна. Цуьнан хьехамча инарла Флин мелла а оьрсийшка озабезаме ву.

Цуьнан хьежамана герга хетало Трампана позици а, амма цунна гонахь болу хьехамчаш, цуьнан коьрта хьехамчаш а, Путинана дуьхьал бу. Масала, царах бу: Джулиани а, Крис Кристи а, Ньют-Гингридж а. Уьш чIогIа дуьхьал бу Оьрсийчоьнна. Ньют Гингрич Украине вахнера. Цигахь волчу хенахь, цо Украинан хаамийн агенталлина интервью еллера.

Цу интервьюхь цо Трампан администрацино Украинана герз лур ду элира. Иза аьлларг Гингридж вара. Вай чIогIа ларлуш тIеэца деза Iамерикан хаамийн гIирсаша бохург, уьш коьртачу декъана хаза неха санна чIогIа Трампана дуьхьал хиларна”.

Таханлерчу дийнахь алсам Iамерканхой мехкан Iуналлан мукъ Хилларига тешо дагахь бу, бохуш гучудоху нехан дог-ойла йовзархьама дIахьош болчу талламаша. ДIадаханчу шина кIиранчохь хIора дийнахь аьлча санна, Трамп зударшца маьттаза а лелла, царах маьттаза дIахьедарш а дина боху гучудуьйлучу Iорадахарша гIехьчул сов лахбина цунна Iамеркан коьрта дарж дIалаца аьтто, бохуш дIахьедо меттигерчу тергамчаша.

Ткъа хийцалур юй техьа Iамериканхойн кандидатех йолу дог ойла харжамаш тIекхача йисинчу йоцачу заманчохь? Цу хаттарна жоп дуьненна хуур ду тIебогIучу баттахь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG