ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий бахьанехь тоьхна хан текхна ваьлча бехках цIанвина Седа Пит


Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ --Седа Пит, Огайо Штатан кхело бехказа ваьккхина кху деношкахь, иза шена нохчашна гIо дарна тоьхна хан набахтехь текхна ваьлча, Марсхьокху-бутт, 2013
Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ --Седа Пит, Огайо Штатан кхело бехказа ваьккхина кху деношкахь, иза шена нохчашна гIо дарна тоьхна хан набахтехь текхна ваьлча, Марсхьокху-бутт, 2013

Нохчийн гΙаттамхошна ахча гулдеш лелла аьлла, кхо шо хан туьйхира Ιамеркан Огайо штатехь вехачу Ιаьрбичунна СедахΙати Пирузна. И хан текхна ваьллачу кху деношкахь Ιамеркан аппеляцин кхело тΙера даькхина цунна бехке деш хилла бахьана. Ишттаниг наггахь бен хуьлуш хΙума а дац, чΙагΙдо тергамхоша.




Седа Пит олу Ιамеркахоша, бухарчу дахарх а ийна, Огайохь шен бизнес а йолуш вехачу ГΙажарийчуьра схьаваьллачу Ιаьрбичух СедахΙати Пирузах. 2010-чу шарахь болийра кхерамзаллин урхаллерчу декъо цунна гонаха, иза зуламхо веш, маза кхолла.

Юьхьанца пачхьалкхана шегара йогΙу ял юьззина дΙа ца яла, кхочу са къайлаяьхьна, аьлла, жоьпе озийра иза прокуратурано, юха террорхо цунах вече берзийра талламаш. Аьлча а, бохура, цо ша гулдечу ахчанна, банкашкахула гойла доцу харш а даьккхина, и ахча Нохчийчохь маршо къуьйсучу гΙаттамхошка дΙакхачадо.

Тоьшаллаш гулдеш хΙетахь прокуратурано бехкедира «Ал-Хьарамейн» олучу СаΙуда Ιаьрбийчоьнан фондан Седа Пита леладен Ιаьмеркара дакъа. Ткъа Седана тΙелийнарг яра, бусулба дин тΙе а эцна, Ιаьрбийчо диллинчу маьждиге лелаш йолу Орегонера яхархо Кабрал Барбара.

Кхо шо хьалха, кхел йоьдуш, цо бехккъасторхошка дийцира, ша Седаца цхьаьна хьаьжцΙа яханера, цигахь, Маккахь, Седа нохчийн гΙаттамхошна гΙоьнна ахча гулдеш лийлира, аьлла. ХьаьжцΙара шаьш цΙехьадирзича, цо шега а, кхечу бусулбанашка а дийхира, Маккара цΙакхаьчча бухадисина ахча шега схьалахьара аш, ша цунах нохчийн тΙемалошна йовха хΙуманаш а, кхача а оьцур бара, бохура, аьлла дара Кабрал Барбарас кхелехь дина тоьшалла.

Седа Питан адвокаташа хΙетахь харц ца дора цо нохчашна гΙодина бохург. Амма и гΙо Соьлж-ГΙалахь бомабанашна кΙел Оьрсийчоьно хΙаллакбеш болчу бахархошна гулдора бусулбано, бехира цара. Амма чекх ца делира. Седана хан туьйхира набахтехь такха – 33 бутт. Цул совнаха доккха гΙуда тΙе а хьарчийра.

ХΙинца нийсса аппеляцин кхело иза бехке вац аьлла сацам тΙеоьйцучу дийнахь ваьлла Седа Пит тоьхна хан текхна.

Суьдхочо Хоган Майкла харц тоьшалла а дина шен бусулба ваша набахте кхачийтинчу Кабрал Барбарех лаьцна а дийцира хьалха нахана хууш хилла доцург.

Итт шо хилла оцу зудух ФБР-о, Ιамеркан къайлахчу сервисо, шен агент йина. Цо а, цуьнан цΙийндас Ричарда а хьалха кхечу бусулбачарна а кхоллина хилла вон цIераш - оцунна ФБР-о 14500 доллар совгΙатдина а хилла царна, боху суьдхочо.

Аппеляцин кхело тахана прокурорашна а буьллу бехк – цара тоъал документаш шаьш чудала декхаре боллушехь, ца делла суьдхошка, шайн коьртачу тешаца Кабрал Барбарица шаьш латтийначу зΙенах долу тоьшаллаш.

Иштта бехках цΙанвина аппеляцин кхело шена хьалха кхечара набахтехь такха тоьхна хан текхна ваьлла волу Пит Седа. Бакъдерг, олуш ма-хиллара, тΙедаьлла, Ιаьмеркахоша ма-аллара, хΙеппи енд а хΙуттуш.

Амма Седан дов листаран кепо а, ша хиллачу кхело а, цуьнан сацаман башхалло а, лаахь а, ца лаахь а, декхарево нохчех волу тергамча Оьрсийчонан кхелашкахь леллачу а, лелачу а аналогешка вала.

Хилча Седа Пит цхьаьнхьа, Соьлж-ГIалахь я Москох, Петарбухахь я ХIинжа-ГIалахь кхело нохчийн террорхошна гΙодарна бехке веш, цхьа а шеко яц иза балех хьалхавер вацаран. ТΙехь доцург а кхоьллина, шаьш набахтешкахь даха йисина ерриг а хан такха чудоьхкина бохучаралахь ду Оьрсийчоьнан тутмакхийн доккхаха дакъа. Амма аппеляцин кхеле кхочуьйтуш дац ишттачийн наггахь долу дов а.

Ιамерканний, Оьрсийчоьннний кхелийн рогΙера башхалла ю, Орегонерчу кхело парггΙат Седа Питан дов толлуш шайгара сакхташ дийлийтина аьлла, прокурораш Ιорабахар. Ткъа хьанна хезна, Оьрсийчохь лоьцучу нахана тΙехь доцург кхолларна цхьана а кхело прокуроре бехк баьккхина олуш!

КхозлагΙа башхалла ю 52 шо долчу Седа Питна, иза бехке а воцуш, набахтехь кхаьбначу хΙора дийнан цΙарх цунна пачхьалкхан кисинара теттина ахча охьадуьллург хилар. Ткъа Оьрсийчохь-м, чуьрчу кхелаша хьовха, Страсбургерчу Европан кхело а шегара нахана зулам даларна охьадилла тΙедожийна ахча а ца дуьллу Ιедало, адамаш терра, шен хеннахь охьа!

Бакъду, Седа Пит бехказа хьийзоро сов ца доккху Цхьанатоьхначу Штатийн сий. Иза лоцуш а, набахте хьажош а дерриг дуьненан прессано дуьйцура цунах лаьцна, иза террорхо а веш. Амма иза тахана кхело оцу кхерамечу цΙарх цΙанвар, цхьа даккхийчех доцу хΙума долчуха, прессин готтачу гонехь бен а ца дийци...
XS
SM
MD
LG