ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьана а стага тховкIело ца йехна Нохчийчохь 2023-чу шарахь – мехкан Iедалхоша дIахьедо палестинхойн мухIажарш тIеэцарх


Палестинхойн мухIажарш Нохчийчохь, 2023-чу шеран гIуран-беттан 1-ра де
Палестинхойн мухIажарш Нохчийчохь, 2023-чу шеран гIуран-беттан 1-ра де

Оьрсийчохь 2023-чу шарахь арахьарчу пачхьалкхашкара 8245 стага ханна тховкIело йехна Орсийчохь, 300-ммо дехар дина шаьш мухIажарш лара аьлла. Къилбаседа Кавказехь оцу кепара дехарш дина 273 кхелхина веанчу стага, оцу йукъанна Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а – цхьаммо а. Сектор ГIаззера адамаш шаьш тIеэцна бохуш, дIахьедора шина а республикехь.

Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь стохка чуделла кехаташ дара ханна тховкIело йоьхуш, мухIажаран статус йехнера кхаа стага – Къилбаседа ХIирийчохь шиммо, Астраханан кIоштахь цхьаммо а. Кху шарахь кхечу махкара тIевеъначу цхьаммо дехар дира Краснодаран кIоштахь, ша мухIажар ву аьлла къобалвар, аьлла ду чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин зерашкахь.

Къилбаседа Кавказехь ханна тховкIело йоьху нах дукха хиларца хьалха йара 2023-чу шарахь Ставрополь-мохк – 273 дIахьедарх цига кхаьчнера 218. Къилбаседа ХIирийчохь 21 дехар динера, ГIебарта-Балкхаройчохь – 19, Дагестанехь -13, Кхарачой-Чергазийчохь – шиъ. ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а цхьаммо а кехаташ чуделла дац йа мухIажаран статус йоьхуш а, йа ханна тховкIело ло аьлла а.

2024-чу шеран йуьххьехь арахьарчу бахархошкара кхочу дехарш алсамдевлира цIеххьашха: Дагестанехь хьалхарчу кхаа баттахь 20 дIахьедар дира, ГIебарта-Балкхаройчохь – 72, Нохчийчохь – 13, Кхарачой-Чергазийчохь – 16. Верриг а дечкен-зазадокху а беттанашкахь Оьрсийчохь ханна тховкIело йехнарг ву мел лахара а 310 палестинхо.

  • Хьалхо сектор ГIаззера кхелхина кхаьчначу нахаца хиллачу цхьанакхетарехь информацин министро Дудаев Ахьмада кхайкхамбира, Iедалхой "сих ма бе", йа "хеттарш листа бохуш, тетта а ма тетта" аьлла. МухIажарш шаьш сема хила беза аьлла дIахьедира хьаькамо.
  • "Чеченавто" компанихь болх бан йукъаийзон Iалашо йу республикера палестинхойн мухIажарш. Хьалхо Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана чIагIдора, Украинерчу тIамехь пайдаэца Оьрсийчоьнан "джихIад-машенаш" арахоьцур йолуш йу 2024-чу шарахь аьлла.
  • ГIуран-беттан 12-чохь ГIалгIайчоьно тIеийцира ахбIе гергга сектор ГIаззера кхелхина баьхкина мухIажарш, хаамбира хIетахь регионан министрийн кабинетан пресс-гIуллакххоша.
  • Израилан ХЬАМАС-ца тIом болабеллачул тIаьхьа Краснодар-махка веана 31 стаг, ца ваьллачу денна ГIазза секторера аравала дезна, дара царлахь 13 бер а. Уьш дIатарбинера Краснодарехь, Сочихь, Геленджикехь, Динскан а, Тимашевскон а кIошташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG