ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашлахь шуьйра яьржина йолу Твиттер а, Фейсбвук а, кхин йолу социалан машанаш къайлахчу сервисаша шайн тергонехь латтош ю.

ТIаьхьарчу эха шарахь тайп-тайпанчу пачхьалкхийн къайлахчу сервисаша шайн социала машанах пайдаоьцучу нахах йолу информаци гучуяккха бохуш шайга беш болу кхайкхамаш 40 процентана алсамбевлла, аьлла хаам баржийна кху деношкахь Твиттер цIе йолчу микроблогийн сервисан куьйгалло. Уггаре а алсамох и тайпа кхайкхамаш Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедалша беш бу, цуо шен рапортехь чIагIдарехь. Цунна тIаьхьа хIоьттина йогIуш ю Германи а, Оьрсийчоь а, Туркойн мохк а.

Иштта лакхабаьлла тайп-тайпана твитташ, аьлча а, цу сайта тIехь наха буьтуш болу боца хаамаш дIабайъа бохучу кхайкхамийн терахь а.

Оьрсийчоьнах къаьстина аьлча, Твиттер сайто шен порталан транспаренталлах, я нохчийн маттахь аьлча, чекх са гуш хиларх йолчу рапортехь билгалдоккху, Оьрсийчоьно тIаьхьарчу эха шарчохь I08 кхайкхам бина, юзерех болу хаамаш шайна гучубаха аьлла, ткъа иштта 90 сов кхайкхам бина хаамаш дIабайъа аьлла.

Иза Твиттерца дерг ду. Ткъа вайнахалахь хилла а ца Iаш, доллучу дуьнентIехь а цуьнан коьртачу конкурентех йолчу Фейсбук социалан машано хьул деш а дац, ша Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисашца цхьаьна болх беш хилар. Иштта юкъараллин а, интернет машанахь кхерамазалла ларйаран жигархоша а шена хаддаза еш хиллачу критикна дуьхьал 2013 -чу шарахь цу порталан куьйгалло дуьххьара рапорт арахийцира, шаьш шайн юзерех болчу хаамех муха стенна пайдаоьцу бохучух лаьцна.

Цу рапортехь Фейсбукан долахоша мукIарло дира, цу шеран хьалхарчу ялх баттахь шаьш 38 эзар шайн сайтах пайда оьцучу нехан хьокъехь шайга къайлахчу сервисаша динчу хеттаршна жоьпаш делла аьлла. Билгал муьлхарниш юзерш бара шайга Iедалхоша хиттинарш я царна тIе тидам къайлахчу сервисаша бахийтирна бахьана хIун дара бохург Фейсбуко ца хаийтира.

И дерриге кхин цкъа а ойла ян бахьана ду шайн доллу дахар а лайф эфирехь санна, массо а деталашца, интернете дуьллучу нахана. КIеззиг бац царна юккехь нохчи а. Къаьстина кегирхошна а, кхиазхошна а юккъехь дукха бу Твиттерах а, Фейсбуках а, ткъа тIаьхьарчу хенахь Инстаграмм цIе йолчу сарташ интернете дахкаран серверах а пайдаоьцуш берш. Нохчийн къоман ловзорг а хилла дIахIоьттина йолу ватсапп-м хьехо а ца оьшура.

Соьлжа-гIаларчу цхьана социалан машанашкахь реклама яржоран агенталлехь уггаре а вайнахалахь яьржинчу сайташна мониторинг еш болх бечу Сулейманова Маликас дийцарехь, социалан машанашкахь а, микроблогашкахь а нохчийн кегирхоша уггаре а дукха дийцаре деш дерг бусулба дин ду. Амма дин дийцаре дечехь цара ойла ца йо, шаьш дуьйцург тергал деш царна ганне а ца гуш болу Iедалан белхахой хиларан.

Сулейманова Малика: „Фейсбук, Твиттер, Инстаграмм – уьш ю дукхахболчу нохчаша лелош йерш. Къаьстина боьршачу наха цу чохь алсам дуьйцуш дерг дин ду. Шайн хетарг ма-дарра яздо, лар ца луш. Амма цу сайташна тIехь тергам латтош дуккхаъ къайлахчу сервисийн белхахой хилар диц до цара. Цхьа а хала дац царна, хьан хIун муха яздо талла а, яздеш верг мичахь ву, мила ву хаа а“.

Вайназаманахьлера виртуалан ловзоргаш мукъа хан яъйаран гIирс хилла ца юьсийла диц дан мегар дац бохуш дуьйцу социалан машанийн башхаллаш дика евзаш йолчу Сулейманова Маликас. Уьш иштта къайлахчу сервисаша а, Iедалхоша а леринчу Iалашонашца талламаш бо меттиг а ю.

Сулейманова Малика: „Хийла гина вайна хIинцале а къайлахчу сервисаша шайна ца тайна долу хIума яздина болу нах гучубохуш, уьш лоцуш. Нохчашна юккъехь а хилла иштта хIумнаш дуккхаъ. Вайна массарна а дагадогIу, хийлаза ватсапехь цхьацца шайна хетарг я моьттург яздина болу нах муьлш бу а толлий, уьш лоций Iедалхоша, юха телевизионехь гойтуш, юхьIаьржа хIоттош. Иштта тIаьхьалонаш хир юйла хууш нах ларлуш белахь ишттаниг хтир дацара“.

„Интернето цхьа а хIума диц ца до“ – и дешнаш юх-юха а олу виртуала дуьненахь кхерамазалла ларйарх болчу аналисташа а, керлачу технологийн говзанчаша а. Иштта, масала, оццу Твиттеро а, Фейсбуко а юзерша шайн персонала агIонаш дIайайъинчул тIаьхьа а латтайо уьш архивашкахь, оьшшучу хенахь шаьш а, къайлахчу сервисаша а пайда эца таро а йолуш.

Интернетехь леларан, цунах пайда эцаран шен-шен бакъонаш а ю, уьш ларйича, мелла а тешамехь хьо а, айха виртуалехь юьту лараш а хила йиш йолуш. Амма уьш дукхахболчара тергал а цо, бохуш дуьйцу Сулейманова Маликас.

Сулейманова Малика: „Интернетехь шен айпи-адрес нахана ца гайта цхьацца программаш ю. И адрес муьлхачу а сайтан администраторна го, нагахь цхьаммо цуьнан сайт тIехь хаам битахь. Айпи -адрес хиъчахьана, хаа йиш ю и яздинарг мича гIалахь, мича кIоштахь, муьлхачу кхерчахь вехаш ву. Кхечу кепара лар ца лахь а, мел кIезга а, шен айпи къайлаяккха Iама веза хIора а. И санна долчу хIумнаш хийла стеган кхерамазаллина пайдехьа хир дара“.

Интернет маша а, цуо луш йолу яккхий керла таронаш а вайнехан дахаран, доллучу дуьненан санна, цхьа ца хилча йиш йоцу дакъа хилла дIахIоьттина тоххарехь. Цхьаммо а ца боху, тоьланийн замане юхадерха деза а, вайнзаманахьлерчу гIирсанех пайда ца оьцуш Iен деза а. Амма нохчийн кицанехь олуш ма-хиллара, ца ларвеллачун нана йилхина, ларвеллачун нана ца йилхина. Кхин цхьаъ вайн дайн хьекъале дош а карладолу цу хьокъехь: „Хьалха хьажий бен ког ма баккха, тIехьа хьажий бен дош ма ала“ бохуш долу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG