ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана дуьхьал тIамтIе Нохчийчуьра керла тоба хьажорах дIахаийтина Кадыров Рамзана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина Украинана дуьхьал бечу тIаме Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университетехь Iамийна йолахойн керла тоба хьажорах. Цо билгал ца даьккхина тобанан терахьалла а, цу декъехь мила ву а – хьалхо бакъоларйархоша хаамбира бертаза меттигера бахархой тIаме хьийсорах а, Нохчийчоьнан Iедалхойн политикана резабоцчарна дуьхьал репрессеш лелоран гIирсах санна мобилизацих пайдаэцарх а.

"Ахмат" спецназера бу тIаме бахийтинарш, аьлла ду Кадыровс шен телеграм-канале хIоттийначу постехь йаздина. Спецназан университетехь уьш кечбина "тоьлла инструкторш" санна, дIахьедина регионан куьйгалхочо. Де хьалха оцу базин куратор хIоттийра Кадыровс шен 16 шо долу кIант Адам. Бертаза тIаме вахийтинчу Нохчийчуьра цхьахдолчу декъан хиллачу белхахочо хаамбира Кавказ.Реалиин редакцига, цхьана а кепара шаьш кечдина цахилар.

Дечкен-баттахь мехкан Iедалхоша дIахьедира, Украинана дуьхьал бечу тIамехь 21 эзар меттигера вахархочо дакъалацарх. И хаамаш зен аьтто бац. Кавказ.Реалиин редакцина хууш ду Украинехь веллачу Нохчийчуьра 269 стагах лаьцна. Официалехь дIахьединчул а масийттаза сов ду и терахь.

  • Нохчийчохь тIеман дакъошна оьшург латтон персонал – корматалла йоцу эскархой-контрактхой бертаза хьийсабо Украинерчу тIамтIе. ХIинццалц схьа алапаш оьцуш, болх-некъ болуш хьелаш хIитторна "декхар" схьадалар санна лору Iедалхоша и. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига дийцира тIаме бахийтинчех цхьаммо. ТIаме ца ваха йиш йу хьан шина некъаца: хьайн метта тIамтIе вахийта стаг валавахь, йа ца воьдург ахча лахь.
  • Кхул хьалха хилла мобилизацин тулгIе йирзинчул тIаьхьа Нохчийчу йухабаьхкинарш кхоьруш буш шайн маршонах а, дахарх а – тIамтIе баха уьш дуьхьал бовлахь йа набахте бохуьйту уьш, йа царна тIехь Iазапаш хьоьгу. Республикехь ницкъахоша Iаткъамбар тIаьххьарчу хенахь алсамдаьлла, бахархойн проблемаш Iиттало арахьарчу мехкашкахь лела паспорташ оьцуш а, дуьйцу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG