ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Синтеме дац нохчийн лаьмнашкахь


Нохчийчоь -- ГIаттамхошна дуьхьал къийсам латторца билгалваьллачу полисхойн декъан хьаькамна мидал уллуш ву Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхо Кадыров Рамзан,10Деч2011
Нохчийчоь -- ГIаттамхошна дуьхьал къийсам латторца билгалваьллачу полисхойн декъан хьаькамна мидал уллуш ву Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхо Кадыров Рамзан,10Деч2011

Нохчийчуьрчу гΙаттамхойн баьччанаш, Элистанжара схьаваьллачу 6 вешех ГакаевгΙарах дийна висина шиъ, Хьусайн а, Муслим а, хΙаллакван Веданан лаьмнашка хьажийна Нохчийчоьн администратора Кадыров Рамзана шен тоьлла тΙеман дакъош.


ГIалгIайн мехкан ГIалашки-юьртахь эккхийтар а нисделла, кхо тIемало, вежарий АвдорхановгIар а, церан накъост а веллачул тIаьхьа, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ницкъаллин структурашна тIедиллина Эластанжара вежарий ГакаевгIар хьулбелла меттиг схьакарор а, дийна карабалийна, я байъина дIабаьхна, цаьрца дерг къастор.

Цхьаболчу тергамхоша цуьнца дузу, дуккха ницкъаш тIе а оьзна, кху муьрехь лаьмнашкахь ца саццош дIахьош тIеман операци хилар. И дIахьош Веданан кIоштан Гуни-эвлана юххехь кху Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь, шина низамхочунна чевнаш а еш, тIеман тасадалар нисделчахьана, къаьсттина марсадаьккхина гIаттамхой лехар.

Цунна тоьшалла до официалан тIегIано а. И лехамаш халачу хьелашкахь дIахьош белахь а, низамхоша дог ца дуьллу жамI хир дац, аьлла. Полицин урхаллин хьостано билгалдаккхарца, хьаннашкахь къайлабевллачу тIемалошлахь цхьаъ чевнаш йина дархо ву. Кхузара Iедалан герзахой дегайовха бу церан дукха гена бовла таронаш лахара ю аьлла.

Бахархоша даре а деш, дукха низамхой тIе а оьзна, зераш дIахьош ду Ножай-юьртан кIоштахь а. Церан гIоьнца йоккха герзан къайле гучуяьлла Симсарна гергарчу хьаннашкахь, Дуьран лам олучу меттехь. Талламхошна хетарехь, минанаш а, хIоьънаш а, бIеннашкахь патармаш а, молха а дIаIалашдинарг хилла кху шеран Чиллан-баттахь вийна тIемалойн баьчча Тимералиев МагIарби.

Кху карахьболчу баттахь дуьххьара карош яц Нохчийчохь иштта герзан къайле. Вер-ваккхар а долуш, дуьххьала нисделла дац тIематасадалар а.
Iеламнаха билгалдоккху, юкъал тIехбаьлла боьдуш мархийн бутт белахь а, тIекхеттехь бен, махкахь тIамца боьзна хиламаш лахцабалар.
XS
SM
MD
LG