ТIекхочийла долу линкаш

Хаза хеза эладита а хуьлу лергана аьхна!


Австри - Венерчу финансийн министраллана хьалха гулбелла "берийн ахча луш ду" бохучу эладитанах Iехабелла мухIажирш.

Австри - Венерчу финансийн министраллана хьалха гулбелла "берийн ахча луш ду" бохучу эладитанах Iехабелла мухIажирш.

Австрин финансийн министралло гIалат а яьлла, берийн ахчанаш чусецина хилла, хIинца иза схьаэца ваха веза массо а, аьлла, цхьана ца вевзачо ватсапехула хабар даржийнера кIирандийнахь. Цунах Iехабелла бIеннаш нохчийн шайн ахча схьадеха гулбеллера Австрин финансийн хьукматехь.

КIирандийнахь Австрехь мел бехачу вайнехан телефонашкахула цхьаъ баьккхина ца Iаш, масех го баьккхина хилла хаам ледарчу немцойн маттахь язйина хилла ца Iаш, мелла а сема кхетам болчунна иза яздечо аьшпаш буьттийла кхета хала доцуш примитиве язйина а яра.

„Маршалла Ваф Доьзал. Шуна мехала информаци ю – 2012чу шерахь дечкен беттан хьалхарчохь дуьйна берийн ахча 30 евро тIе ца тоьуш делла ду шуна. Оршот де тIаьххьара де ду, аш и ахча шайн схьадалийта кехаташ чудала диснарг. Соьга хIара информаци хIокху сохьта цхьана политикера кхаьчна ю шуна“, - аьлла бара цу хааман чулацам. „Рамазан“ аьлла буха язйина цIе а йолуш, гарехь, иза язйинчо шу ца тешахь, хIара сан цIе а ю шуна аьлла тIетоьхна йолу.

„ВАФ доьзал“ хIун ю хууш да вацахь а, „политикера соьга къайлаха информаци кхаьчна шуна“ боху хабар дуьйцучуьнна, дахаро гайтарехь, цкъа а цхьа а политик уллера гина хуьлуш вацахь а, амма эзарнаш Австрехь беха нохчи тешнера цу хабарх. Бехк а бац царна цунах теша лиъча а.

2010-чу шарахь дуьйна баттахь 30 сом цхьана берана тIе ца делла хилча, тIаккха хIора берана а 2520 евро ахча хир дара, ткъа мичахь бу Австрехь цхьаъ бен бер доцу доьзалш? Пхиппа а, итт-итта а бераш долчу доьзалша финансамтан гIалатах, иза боккъал а бакъ хиллехь, шаьш хIинцале а Нохчийчохь берийн ахчанах динчарна тIе кхин цхьаъш цIенош далла шай-кай вовшахкхетар йолуш яра. Цул тIаьхьа машен эца мелла а шайнаш йиса а мегар.

Цундела а хила мегар кIирандийнахь дуьйна Австрерчу нохчийн диаспорехь ватсапп лелочарна юккъехь иккхина гIовгIа. Вовшашка дIасахоьхкура и хаам, хоьттура, хIей нах, хIей, аш чуделлий кехаташ, луш дуй и ахча боккъал а бохуш.

Бакъдац шуна иза, аьшпаш бу шуна олуш верг ваьлча, цунна оьгIаз оьхура дукхахберш, цо иза шайн хIуьттарена, Австри пачхьалкхан ахча кхоийна бохуш санна. Бовлура, ур-атталла, дуйнаш а дууш, и кехаташ чуделла а, и ахчанаш схьаийдина а нах ма бевза шений-шений бохуш гуш лаьтташехь харц тоьшаллаш деш берш а.

Венерчу финансийн урхалло хаийтира берийн ахча луш ду бохург эладита бен а доцийла.

Венерчу финансийн урхалло хаийтира берийн ахча луш ду бохург эладита бен а доцийла.

​Венехь хIоттаделлачу хьолах лаьцна Маршо радиога дийцира цу гIалин вахархочо Астамиров Мохьмада.

Астамиров: „Кхана тIьаьхьарлера де ду шуна, кхана кехаташ чу ца лахь тIаьхьа дуьссур ду шу, аьлла, хьерабевлча санна дIасакхуьсуш яра и смсаш. Тамашийнарг хIун дара аьлча, хIай нах, собаре хила, бакъ хила йиш яц шуна хIара, аьлча, деза а ца дезаш, церан лелар. Со кхеташ яц хIара адам иштта сутар хIунда ду. Хазанесанна во хета суна иза, хьуна бакъдерг дезахь, юхьIаьржа ву-кх со, сайн къомах адам иштта леларна“.

Эххар а оршотан Iуьйре тIекхаьчча сирла са а хилале Венерчу финансамтан, вуьшта аьлча финансийн министраллин, гIишлонан агIор дIататтабелира 30 туьмане сатессина болу бIеннаш вайнах. Ткъа царна тIекхетта туркой а, Iарбой а, Балканашкарчу пачхьалкхашкара орамаш дерш а, доцца аьлча дахаран доккхах долу дакъа балхахь -некъахь я реалечу дахарехь даккхарна метта ватсапехь а, виртуалечу дахарехь а доккхуш болу нах.

Цхьаболчара цкъа хьалха шен хIусамда я хIусамнана а хьажайора, ша тIаьхьакхочушехь рагI схьалаца, Советан заманахь Москохарчу ГУМехь дефиците джинсаш эца хIуьттуш хиллачара санна.

Астамиров Мохьмада дуьйцу кхин дIа а.

Астамиров: „Со кхийринчунна тIе а делира иза. Iуьйранна сатассале цу финансамте дIа а бахана, майрчо я зудчо рагI а лоций, юха иза схьайоьллучу хенахь вуьш схьа тIе а богIуш лелла уьш цигахь. Кхечу лаьттанашкахь изза хилла“.

Финансамтан белхахой, шайга хIоьттинчух цецбевлла биснехь а, амма шайгара харцонца чусацийна долу кхо туьма цIадерзоран бакъо нисйан арабевллачу нахера дIахьедарш схьаийдора – цхьаболчу вайнаха чIагIдарехь, хьукмахоша и кехат цаьргара схьаэцар тоъалла тоьшалла ду, боккъал а и ахча лур долуш хиларан.

Ткъа бакъдолчехь, цхьана нохчочо кхоладеллачу хьолах ма-аллара, шайна сардамаш доьхуш яздина кехат делахь а, иза схьа ца эцча шаьш ца бовлара ма эцний хьукматхоша-м уьш схьа. Ткъа оршотан делкъе йолуш а схьаоьхучийн рагI лахаяла ца тикча, цу хьукмато шен сайта тIехь официале дIахьедар зорбане даьккхира, цхьа а керла ахчанаш берашна луш дац, нахалахь цхьаммо баржийнарг харц хаам бу, аьлла. Амма хIетта а ца тешара вайнах кхо туьма шайна ца догIу бохучух.

ХIунда – Астамиров Мохьмадс дуьйцу.

Астамиров: „Австрехь хьо муьлхачу а хьукмате водахь, цигахь ахь дIалуш долу кехат цара схьаоьцуш ду, иштта ду кхузара низам. Соьга а аьлла масийтамо, хьенех, соьгарий-соьгарий кехаташ тIе ма ийцира цара, тIе мухIар а тухуш, ой, шекъанаш а дойъуш, дIа стенна оьцуш дара цара и кехаташ, иза нийса ца хилча, аьлла. Ас боху, хьо дукхавахарг, ахь шайна луьйш кехат дIалахь а оьцур ду цара-м иза дIа, шайн балхахь ма бу уьш“.

Кхана а, лама а дийцича а кхачалур доцуш дара 30 туьма бахьана долуш Австрерчу нохчаша эккхийтинчу IалагIожах дийцарш. Цара иза вовшашлахь дийцаре дечу хенахь цу къамелашка ладоьгIча ца хуучунна моьттур дара, и нах меттигерчу Iедалан харцоно Iийжо Iемина, цу Iедалан харцонаш гучуяха а, цаьрца къйиса а Iемина гIашсалти бу. „Вайна хууш ма дуй, кхара шайн кайолучу агIор вай Iехош дуйла!“,

„Дера ас-м дуьтур дац сайна догIург, со кхин Iовдал-м яц кху фашисташка со Iехаяйта“, „Ма кхерийша, вайх къахетта луш дацара цара иза-м, шаьш кегийнаргш гучу а девлла, шаьш чу ца бохкийта схьалуш дара иза-м“ - иштта дIа а кхин а цу кепара яра кесталгIа кис дохден долчу дуккхаъчу кхаа туьмнийн чот еттачу зударша цу хьокъехь вовшашлахь хазош долчарна юккъехь.

Ткъа дерриге а бакъ ца хиллийла а, мелхо а, харц эладитта даржийнарг полицино лохуш вуйла а, цунна тухур долуш гIуда дуйла хиинчул тIаьхьа „дIадовлийша, иза-м цара шаьш долийна хир дара, нохчашна ала шайн хIума хилийтархьама, вай ца дезаш леш бохкур хIорша-м“ - олуш берш а кIеззиг бацара кхаа туьме ца кхаьчначу вайнахалахь.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG