ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхачан мехаш бесташ бу Кавказехь


Жижиган а, шурин а сурсатийн а, царех кечбечу кхачан а мехаш беста боьлла Кавказехь. Масала, Нохчийчохь 5-7 процент хьалабевлла уьш кху деношкахь. Махкарчу аграрешна хетарехь, яккхийчу партешкахь махбечу наха шайн мехаш бесторца дозу иза. Хууш ма-хиллара, бутт хьалха Оьрсийчоьнан Iедалша эмбарго кхайкхийна Европера пачхьалкхе кхочуш хиллачу кхачан декъанна. Экономика тергонехь кхобучу говзанчаша цуьнца дузу юучун мехаш Оьрсийчохь хьалабовлуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG