ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло Украине кховдийначу девно екъна Оьрсийчоь


Оьрсийчоь - театран а, кинойн а актриса Ахеджакова Лия, 19Заз2013.
Оьрсийчоь - театран а, кинойн а актриса Ахеджакова Лия, 19Заз2013.

Украине Оьрсийчоьнан эскарш дигарца доьзна, Украинан кинояккхархоша яздинчу дехарна дуьхьал яздинчу жоьпан буха куьг таIийна 150 ца кхоччуш оьрсийн кинояккхархоша.


Украинера Киноберто дагах кхета кехат яздинера Оьрсийчура белхан накъосташка. «ТIамна дуьхьало ян гIорасиз ду те вай, вай вежаралла дохон дезаш ду те? Вайн къаьмнаш дIасакъасто гIертарна «хIан-хIа» алийша. МостагIалла юкъа ма долитийша. Вайн сийлахьчу исбахьаллина тIехь меттахIотталур боцу тIеIаткъам бийр бу цо» бохуш яздинера Украинера кинояккхархоша.

Амма и дехар дагах кхеттарш кIезиг бу оьрсийн агIора. Цхьа бIе ах бIе а ца кхетта вовшах. ЦIеяххана актераша, кинояккхархоша, исбахьаллехь бевзаш болчу наха а Путинан, Украине эскарш дигарна гIортор ечу дIахьедарна буха язъйина шайн цIераш.

Оьрсийчура цу кIезигчу нахах ю Ахеджакова Лия а, кинойн критик Антон Долин а.
Шайн болх политикаца боьзна бацахь а, махкахойн декхар Москохан пропагандина тIаьхьа ца хIуьттуш, шайн кортошца ойла яр ю аьлла хеташ ду и шиъ.
Цкъа а ца хиллачу кепара Украинина дуьхьала оьрсийн пачхьалкхан телевизионехь йолийна пропагада хиларна къера ю Ахеджакова а, Долин а.
Оьрсийчура кинойн критик волчу Долин Антона бахарехь, цо буьззинчу барамехь гIортор йо шен белхан накъосташа Украинерчарна жоп луш яздинарг.

Долин: «Цу тIе хIумма а тоха деза аьлла суна ца хета. Массо хIума кхеташ яздина ду. Сайн белхан накъосташна бохучунна со тIетовш ву. Цу кехатан автор вац со, амма ойланца царца ву со. Украинера тхан белхан накъосташа нехан мостагIе пропаганде ла а ца дугIуш, лелориг хьекъалца де аьлла яздинчунна дуьхьала делла жоп дара иза.»

Оьрсийчура юкъаралла екъаелла ю тахана массо тIегIанехь. Дехха лелла гергарлонаш а тIаьхьа духу бохуш, кхин дIа а дуьйцу Долина.

Долин: «Оьрсийн юкъараллин массо тIегIанашкахь ду девнаш, къийсдаларш а, дийцарш а. Со тешна ву. И бахьанехь, юкъаметтигаш талхош, еххачу хенахь лелла доттагIаллаш, гергалонаш а дохош хIума ду иза. Цу хьерадовларна дуьхьал яздина а ду и кехат. дукхах болу сан белхан накъостий а бу девнаш доху. Халахеташ делахь, со а ву къийсалуш. Иза дахлург ца хиларх теша лаьа суна.

Муьлхха а хаттар, къаьсттина Украиница доьзнарг а, цига оьрсийн эскарш дигарца доьзнарг а тIаьхьа, стоьлан тIехь дийцаршца дерзалур ду бохучух тешна ву со. И хаттар дийцаре дан дезаш ду. Наха вовше девнаш даха ца деза цу тIехула. Бакъдерг къастон хьовсон деза. Амма массо а агIора, телевизионехула, радиочухула, газеташкахь хаза нехан санна дукха аьпаш а бу, хуъшехь, дуьйцурш харцдерг а ду.

Бакъдолчуьн буьртиг мукъа а карон хьажа чIогIа къахьега дезаш хуьлу. Кинойн критик, журналист санна ца хьожу со. Со вехачу пачхьалкхан махкахо санна хьожу.»

Евзаш йолу актриса Ахеджакова Лия, Оьрсийчура кIезиг актерах ю, цу пачхьалкхехь лелочу харцонна дуьхьала йистхуьлчех. Шена хетарг дIаалар мерах даьккхина цунна, интернетехула кхерамаш туьйсуш.

Ахеджакова: «Бакъдерг дезахь, со кхоьру сайн гуттар болчу белхан накъосташца а, доттагIашца а хIума хьахо а. ХIунда аьлча, делла дIадовллалц мостагIий хила кхерам бу. наха чIогIа лазаме тIеоьцу иза а, важа а агIо. Севастополо декъна тхо. Украина а, ГIирма а тхуна, актерашна, цхьа латта ма ду. Аса цигахь дукха хан яьккхина.

Со-м йина а ю Украинехь, шо кхаччалц а цигахь ца яьхнехь а. Украинера дукха гIаланашкахь са а даьIна, концерташ а елла. Ур-атталла, пропагандин Iалашонца хьовсархошца цхьанакхетарш а дIадаьхьира.

Цкъа со флагманан хIурдан-кеманна тIе яьккхинера. ХIурдан салташца цхьанакхеттера со. Елла дIаяллалц тоьъна суна иза. Советан пачхьалкх йохале а, юхуш а, цул тIаьхьа а, дукха хилла. Украина, Оьрсийчоь санна, сан даймохк бу.»

Ахеджакова: «Юьхьанцара со Iадийна, кхерийна яра суна туьйсу кхерамаш гича. Амма, хьал муха ду аьлча, суна хIокху агIора йисар гIоли ду, вукху агIора хуьлчул а. Шайна ма луъу со сийсаза йе, тIулгаш кхийса, амма аса Украинина тешнабехк бийр бац. Со мел къиза сийсаза яккхахь а, охьатеIаяхь а.»

Ша куьг таIийна кхайкхам Оьрсийчура юкъараллина Iаткъаме хилархшек ю Ахеджакова. Пропагандех атта Iехалуш ю оьрсийн юкъаралла. Ша кхечарех тера ю ца моттийта дина хилар билгалдаьккхира Ахеджаковас.

Ахеджакова: Сайн Украинера белхан накъосташна, вуьйш санна, вуно кхераме пропаганда еш ю ца моттийта куьг таIийна аса. «Хiай нах, тхо шуьца ду шуна!» - и ду-кх. Кхин дан хIума а дац. Инзаре боьха чарх болх бан йолаелла. Хьалха яьлла йоьдуш пропаганда ю. Цунда тIаьхьа хIоьттина йоьдуш хьагI, неханиг езар ду. Цул тIаьхьа, Iедалан мукъ безар а, эхь-бехк дайна мотт хьекхар а ду.

Шинарин дийнахь Оьрсийчоьнан министраллин културо шен сайта тIе даьккхинера Путинан ГIирмехь а, Украинехь а йолчу позицина гIортор еш долу дIахьедар.
Царна юкъахь дукха ю, хIинццалц нахана безаш хиллачу актерийн а, исбахьаллин векалш а цIераш.
XS
SM
MD
LG