ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исс стаг вадийна Нохчийчохь ницкъхоша


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу полицин хьаькамна мидал луш ву мехкан администратор Кадыров Рамзан,10Лах2011
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу полицин хьаькамна мидал луш ву мехкан администратор Кадыров Рамзан,10Лах2011

Шинарийн буса исс жима стаг лачкъийна муьлш бу ца хуучу герзхоша Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан олучу кIоштахь. Дерриге а дийнахь, уьш хьан лачкъийна, я мичахь чохь бахкош бу а ца къастаделла гергарчаьрга.

Буса чу лилхина бу и божарий. Бохам гIарабаьккхина бакъонашларъярхочо Саратова Хедас. Цо иштта дийцира Маршо Радиога.

Саратова: «Тахана соьга телефон а тоьхна, хаам бина наноша. Сийсара ши сахьт даьлча, герзхоша чу а лилхина, дIабигина. Со хIинца Москох ю, цига тIекхача аьтто болуш а яц. Ас хаам-м бина Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула волчу векале Нухажиев Нурдига а».

ДIабигинчарах шиннан цIе ю хууш: Джатаев Зеламха (21 шо), Мажаев ИбраьхIим (18) шо. Ву царна юккъехь 40 шарал тIехваьлла стаг а. Уьш дIабигарал совнаха, бакъонашларъярхо Саратова Хеда цецъяьккхинарг ду, иза даран кеп. ТIемаш жигара боьлхучу хенахь оьрсийн эскархоша санна, ницкъахой бахкарна реза яц иза.

Саратова: «Старопомыслан кIоштара дIабигина и нах. Исс стаг ву. Цхьаъ 45 шо а долуш стоматолог ву боху. Вуьйш 18-21 шераш долу кегий нах бу. Гергарчара шайн уьш стенна бигина а ца хаьа боху. ТIе хIума ца йохуьйтуш, когаш берзина, кIархаш бохийта аьлча, уьш а ца бухуьйтуш, дIадигина и бераш. Сел чIогIа и таIзар дича, царна хIун мидал лур ю ца хаьа суна.

Цхьана хIуманна бехке хеташ бигина хир бу уьш Iедалан белхахоша. ДIабигар а дац дуьйцуш дерг. Цара иза муха дина ду. Буьйсана 2 сахьт даьллачу хенахь, ши бIаьрг схьабиллича, тIехIоьттина лаьтташ герзахо ву, боху цхьана зудчо.

Муьлхачу гIиллакхца догIуш ду иза? Цучуьра дIавигинарг 18 шо долу кIант ву, иза милла велахь а. Оцу кIанта хIун дарна кхоьруш бахана уьшиза, шаверг кхера а веш? Дийнахь, хьан кIант кху хIуманна бехке ву, оха дIавуьгу, хьайн валахь адвокат валаве, вацахь, хьо тIейола, аьлла, цхьана бакъонца лело ца деза хIума?»

Сийсара дIабигинчеран наной, дерриге а де доккхуш, лаьттина кIоштан полицин декъана хьалха. Амма цаьрга хилалчух лаьцна цхьа а адам дистхилла дац. Ала догIу, лачкъийначеран гергарчарна цкъачуьнна лца лаьа журналисташца къемел дан. Коьртаниг - уьш мичахь бу хаар а, хIун бахьанашца дIалецна а къастор ду.

Шен шеко яц боху Саратова Хедас, баьхкинарш лаххарчу тIегIанера полисхой хиларан.

Саратова: «Дийриг цхьа доккха хIума ду аьлла хеташ дина хир ду цара. Суна цхьа хIума хаьа. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера лаккхарчу хьаькамаша иштта хIума де ца аьлла. Тхо дукхаъчу хIуманна тIаьхьакхиа доьлла. Жимма шайна дарж делча, белхахой хьалхалелха гIерташ, шайгара хIуманаш лелош, гучудевлла меттигаш бу.

Кхана со цIа яхча, министраллерчу хьаькамашца цхьаьнакхета а хьожур ю со. Цаьрга и хIума дIа а кхачора ду, бакъо ларъеш ду бохучу тхуна, дегаIийжам бохьуш хIума ду-кх иза. Боьдуш тIом а болуш, оьрсийш лелош хилча ша дара, амма тIом дIабаьлла а бохуш, и цIе яйар хета сунна хала».

Болчу хаамашца, сийсара лаьцначу исс стагах, мила стенгахь ву я хьан лачкъийна къаста ца делла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG