ПIераска, Стигалкъекъа-бутт 18, 2012 Меттигера хан 08:51


Нохчийчоь

Хьайбахехь 1944-чу Шарахь Адамаллина Дуьхьал Динчу Зуламах Жоп Дала Дезар Ду Кремло

Хьайбах – къеггина билгало ю ШолгIа Дуьненан ТIом боьдучу 1944-чу шарахь вайнахана тIебоьссина хиллачу бохамна. Берия Лаврентийн омарца, ломара охьа а биссийна, цIера бохучарах дIатухуш хьелур бу аьлла, Хьайбахехь божална чохь 700 сов стаг вагийнера НКВД-н белхахоша. Цу адамаллина дуьхьал динчу зуламах лаьцна деккъа цхьа жайна ду зорба тоьхнарг. Цуьнан авторех цхьаъ ву Гаев Саламат.

"Хьайбах. Таллам дIабоьдуш бу" цIе йолчун жайнин коьрта мужулт.

Мултимедиа

Аудио
Текстан Барам - +
Хьайбах -- и дош, мьулххачу нохчочунна  хилла ца Iаш, цхьа жимма а адамалла шеца йолчу стагана, лазаме дош ду. Иза, ерзаза чов ю. Цуо сахьийзадо хIинца а. Иза дицдалийта гIерта, хIума хилла дац бохуш. Иза хилла а ду, цунна шорта тоьшаллаш а ду. Нохчийн къоман бух лоручу Нашхарчу Хьайбахехь хилларг юха а карладоккхуш, Маршо радиога дийцира «Хьайбах. Таллам дIабоьдуш бу» цIе йолчу жайнин авторх цхьаъ волчу Гаев Саламата.

Гаев Саламат: «Хьайбах, оцу Нашхахь йолчу ялх юьртах, йоккха хилла ю. 50 керт а йолуш, хIора кертахь 8-10 доьзалхо а волуш хилла иза. Массеран чохь шишша салти хилла. Iуьйранна ялх сахьт ма даьллинехь, тIе герз а лаьцна, нах арабаьхна цара. ТIедогIуш луо а долуш, зударий а, бераш а когаш берзина, арадаьхнера цара. Майданехь дей-буьйсий даккхийтина царга. ТIаккха, зударий а, бераш а доьлхуш хезаш дара бохура, буожарша деш зуькар а дара бохура. Цаьрга геннара чу хьоьжуш, лаьтташ дукха нах хилла, дIа а левчкъина. Тхан чуьра 14 стаг вагийна цигахь, биснарш новкъахь белла. ГелагаевгIара бохуш Роьшни-чуьра бу уьш, церан 39 стаг вагийна цигахь. Дудийн Мусийн Джовхаран ненан нана а ягийна цигахь, ненан ши шича а вагийна Дудаев Джохаран»

Гаев Саламат, "Хьайбах. Таллам дlахьуш бу" жайнин авторх цхьаъ ву, 18Чил2012
x
Гаев Саламат, "Хьайбах. Таллам дlахьуш бу" жайнин авторх цхьаъ ву, 18Чил2012
​​
Радио Маршо: Хьайбахехь динарг 1980 шераш чекхадовлалц дийцар дихкина хилла. Иза ларамаза айдинера инарло Кашурко Степана, хIета хиллачу тIеман  декъашхойн гIуллакх къастош хилла волчу.

Гаев Саламат: « ХIара (цхьа журнал дIа а луьстуш) Хьайбахехь нах багийна волу Гвишиани ву. Тамашийна дерг хIун ду? Хьажал, Газуев Бексолта, Газуев ГIезамахьма, дай кIанттий ву. Оцу ден итт кIанттий, итт йоIIий хилла. Воккхах верг, Бексолта 22 шо долу, тIаме вахана шен лаамца. Шен кIант цига вахча, да тIаьхьа воьду цунна, шен говрахь, шен гIирсаца. Украинехь Деснахь Зазадоккху баттахь 8 дийнахь да кхелха, оцу баттахь 12 дийнахь, 1943 шарахь и кIант а воь цигахь. Кхеран цIахь йисина йолу наний, виъ ваший, пхи йиший Хьайбахехь багабо-кх. Итт стаг вагарво церан чуьра. ХIара шиъ турпалхорй санна велла ву. Цуьнан дIегIаца хи чекх ца долу тIоьрмиг а карабой, чохь карийна цIе - Къилбаседа Кавказехь йолу Хьайбах лоху инарло Кашурко Степана. Партин Обкоме Докка (Завгаев) волче кхочу иза. Вукхуо Хьайбах яц олу цуьнга. МВДехь (Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллехь) а, КГБехь (Пачхьалкхан Кхерамазаллин Комитетехь) а олу изза. ТIаккха, занкъ олий, ван а вогIий, беркеманца кхуза охьа хуу иза. Цу меттехь тIехьаьвдда долу и бераш, кхин охьа ца догIуш, итт минотехь оцу Хьайбахе воьду иза. Цигахь цара акт хIоттийна, хIума дира».

Радио Маршо: Нохчий буохочу хенахь республикан юстицийн министран гIовс хилла волу Мальсагов Зияуддина хьалха багийна, божална чу боьхкина болу нах. Хилларг шен бIаьргаш хьалхара дIа ца долуш, Казахстанехь Хрущев Никитина тIекхаьчна хилла иза, и гIуллакх а эцна. Иза цхьаъ хилла ца Iийна, нах багош теш. Оцу наха дийцинарг бухе а дуьллуш яздина ша, Хьайбахех лаьцна долу и жайна, бохуш кхин дIа а дуьйцу Гаев Саламата.

Гаев Саламат: «Хьайбахехь хилларг а, кханалера Къематде а цхьа терра хIума ду. ТIаккха, кхо де даьллачул тIаььхьа, цига тIе а дахана, хьаьвсира шаьш, бохуш дийцира Ампукаев Сайд-Хьасана а, Гамаргаев Ахьмада а, тхан ден вашас Гаев Жандара а, Гаев Ясос а, Гаев Джанхота а, Пийсанов Ахьмада а, Эльжуркаев Рукъмана а. Шаьш вовшахкхеттарг вара боху 25 стаг. Кхаа дийнахь шина бусий хийца а луш, и болх ца балуш, са ца даккхалуш, Iаламат чIогIа хала дара бохура цара. ПетIе цIе йолчу 18 шо долчу цхьана йоьIан корта бара бохура, тIера цхьа чо а марцаза. И корта дIа а хIоттийна, шайн дог гIелдала дуоладелча, цуьнга а хьоьжуш, иштта болх бира шаьш, бохура цара. Гуонаха салтий богIу, я ца богIу хьажа, нах а хIиттийна хилла цара. Маситта дийнахь оцу чIожехь даьгначу жижгийн хьожа дIа ца елира, бохуш дуьйцура цара. Кхечу къоме лалур дара аьлла ца хета суна иза».

Радио Маршо: Хьайбахехь хилларг хьовха, нохчийн къам дуохочу шарахь цхьана дийнахь дийца а ца дийцина, юха кхин цхьа шо даллалц, дицдой латтадо иза. Историк волчу Нашхоев Мурадана хетарехь и санна дерг гуттар а дуьйцууш хила дезаш ду, кхин дIа йолчу ханна ца хилийта.

Нохчийчоь, нохчийн историк Нашхоев Руслан, Советан Эскаро Хьайбахах вагийначу 700 сов стагах лаьцна дуьйцуш, 18Чил2012
x
Нохчийчоь, нохчийн историк Нашхоев Руслан, Советан Эскаро Хьайбахах вагийначу 700 сов стагах лаьцна дуьйцуш, 18Чил2012
​​
Нашхоев Мурад: «Советан Iедал дуй, коммунистийн партии юй, уьш цIанбан гIерта тахана. Харцонах  бакъдерг а дина лелаш ду Iедал. Цундела, Хьайбах а ца хилла, важа а ца хилла, олу. Хилла. Вай арадаьхначул тIаьхьа Чиллан беттан 24-чу дийнахь Шелахь дIахоттийнера мунда «Сий ду, нохчийн зуламхошца къийсам латточу эскархошна» аьлла. Иза аса йиллина ма яц. Оцу бухе дехкина а дара чурташ. Хьалха-Мартан тIехь а 1956 шарахь, изза мунда хилла дIахоттийна. Вайн хьаькамаша вай берийн бераш Iехош ду. Дукха хан яц, берашка хаттар делира «Вай мац арадаьхна?» аьлла. Цхьаммо боху Гезгмашин баттахь 1940 шарахь, вукхо боху ГIуран баттахь 1941 шарахь. Эхь дац иза? Хьан а, сан а, Iилманчийн а бу бехк».

Радио Маршо: Кханалерачу, тIекхуьучу чкъуран дуьхьа, нохчийн къам дуохадар а, Хьайбахехь 700 сов стаг вагор а дицдан мегар дара, олу цхьаболчу наха. Амма, мел гIертарх иза далур дац, жимма а, нохчочуьн дог-ойла шеца йолчу  стаге.
ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ Къестор
Комменташ
     
мила: Анзор стенгара: Грозный
20.02.2012 09:14
Везавоккха волучу Дала геч дойла царна, царах дакъа мел кхаьчна бухабисийначарна иманехь собар лойла! Валллах1и хьийза ма дина вайн къам бен барам боцуш, шайн (1едална) лууш-хеташ долу бехкаш вайн коча а ухкуш, массу заманехь вай х1аллакдан г1иртана-кх иза г1азакхий а, уьш д1абоьжна лелошболу жуьгташа а! Амма Аллах1ан (Субхьанавата1ала) ницкъ боккха бу, къам дийна дисина, къам ч1аг1делла мостаг1ийн лаам кхин боллушехь! Вайнах тахана цхьа къам хилла бертахь д1ацах1иттахь, х1ора заманчохь вайн т1ехь мостаг1аша изза хьал латтора ду! Дала а аьлла: "Шу 1еса довлахь,Сан нийса некъат1ера галдовлахь ша уггаре боьха къам т1ехоьцар ду шуна шу нийсадаллалац" !!! Вай тахана телхаш д1адоьлхуш ду де дийне мел долу, вайн дайш буха дитна долу г1иллакхаш, 1адаташ шира, ца оьшу х1ума санна вай д1атесна, ахчано хьерабаьхна цхьа берш, вуьйш шаьш цкъа лийр боцуш санна Делан бакъонаш йохуш зуламан новкахь бу! Хилларг, буохам бицбан ца беза вай нагахь санна ваьш къам, нах вайн хетахь, цхьана дайх схьадоьвла вежарий ваьш хетахь, тахана барт ч1аг1бар вайн т1ехь ду, питанаш дита деза, т1ом ца хилийта долу х1уманаш хьалха татта деза! Вай х1аллак дан лууш дукха нах бу, вайн бух ца безаш дукха нах бу, вайгар г1ело ялийта лууш дукха нах, церан букъбовш дерг вай дан дезара тахна къоман бертехула! Дала иман, собар, собар къастина лойла къомана, ирсе дахар хуьлда вайн!

мила: надя стенгара: урдун
20.02.2012 01:48
Хьайбахехь хилла зуламан, Нохчошан 1944чу шарахь хилла бохаман жоп ца лоьхуш 1ад1аш болу нах шаьш адамаш лара ца деза. и дитаро хьоьхург = муьлххучу заманахь ч1ог1 къома бакъо ю г1ийла къамнашна т1ехь шайн хета къизал х1отта ян цхьаммо шега барт хаттаран ца кхоьруш .дуне цхьана хьолахь ца латта. ца хаъ кхана мила ч1ог1а мила г1ийла хир ву амма гуттара къинхетаме къамнаш ч1ог1 латтийла .

мила: Мохьмад стенгара: Миср
19.02.2012 23:26
Дала гечдойла царна а , вайна а .

мила: Умар стенгара: Миср
19.02.2012 23:23
Дала гечдойла царна .

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465
Имейл:                        nc@rferl.org

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна      7290,
9480       07:00 - 08:00
денна      11810, 13615   19:00 - 20:00

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13
° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS