ПIераска, Стигалкъекъа-бутт 18, 2012 Меттигера хан 08:52


Анализ а, Комментареш а

Хилла ТΙематасадалар Шина Суьртахь Дуьйцу Ιедалой, Бахархошший

Урхаллехь болчара гIарабаьккхинчу хаамца, тIемалойн тоба хIаллак а еш, кхиамца чекхъяьлла, масех дийнахь Нажи-Юьртан а, Дагестанерчу Казбековски а кIошташкахь дIаяьхьна тIеман операци. Цигахь Iожалла карийнарг ву ворхI тIемало, шайна коьртехь Абудар цIе лелош хилла, Тимиркаев МагIарби а волуш.

Дагестан -- деношкахь вийна тIемалойн баьчча Даудов ИбрахIимхалил а, цуьнан тоба а Дагестанан хьаннашкахь, сурт даьккхина хан хууш яц
x
Дагестан -- деношкахь вийна тIемалойн баьчча Даудов ИбрахIимхалил а, цуьнан тоба а Дагестанан хьаннашкахь, сурт даьккхина хан хууш яц

Мултимедиа

Аудио
Текстан Барам - +

Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана Iорадаккхарца, хаъал сов дараш хилла гIаттамхойн дуьхьало къаръян цига дIаоьзначу полицин белхалошлахь. Цо далочу терахьашца, вийнарг 17 ву, ткъа чевнаш йина лазартне кхачийнарш 24.

Эгначех дукхахберш Веданан а, Нажи-юьртан а кIошташкара низамхой бу. Церан буьйранчаша а, Iедалдайша а билгалдоккху, тIебазбеллачу кхерамна бIо ца къажош, майралла а, доьналла а гойтуш, къомана сирла, синтеме кхане герга ялош, цара шайн синош дIаделла хилар.

Цара юкъараллин кхетаме бижочу чIагIамца, Нажи-юьртан лаьмнашкахь дIаяьхьначу тIеман операцехь мел велла нохчийн низамхо гIаттамхойн карах дIакхелхина ву. Ма-дарра аьлча, и тайпа дIахьедар йоккхачу шеконца тIеоьцуш болу бахархой кIезиг бац.

Стенна аьлча, официало кхайкха а деш, оццул, цкъа а ца хиллачу кепара, Iедалан герзахошлахь дараш хилла и тIеман операци, яккхий тоьпийн биста кхаччалц, ницкъалчу герзах а, беркеманех а, хIаваан кеманех а пайда а оьцуш, дIаерзийна  буьйранчаша.

Аьлча а , цхьаболчу полицин белхахоша шаьш дерий а деш, юххера, хьежош герзаш а детташ, цигахь тIом хилла а бац. Нийсса бIостанехьа, морзахе нислуш ду цигахь лилхинчу вер-ваккхарех Iедалехь болчара а, бахархоша а дуьйцург.

Цу тIаьххьарчара тидарехь Нажи-юьртан кIоштехь Iожалла карийначу I7-нах дукхахберш оьрсийн эскархоша генара а, беркеманаш тIера а харц ,гал герзаш деттар бахьанехь белла бу. Чевнаш йинчу дархойн гергарчара чIагIдарца, царалахь а бу дукхахберш гаьргаш еттаелла лазийна. Кхеторхьама аьлча, и бохург ду, царна еттаелларш маса тоьпийн шокъалеш –дIаьндаргаш а йоцуш, минометийн, бомбанийн, ракетийн гаьргаш ю бохург.
 
И тайпа хьажам бакъбо, цхьацца гергарлонаш бахьанехь, цу тIеман операцехь эгначу кIентийн тезеташкахь хиллачара а. Нажи-юьртан кIоштан Зандакъа эвлахь  тезетахь хиллачех ю, масала, соьца къамел деш йолу Зулпат. Цо иштта далхийра нахана хетарг.
 
Зулпат: «Гергара стаг, захал, велла тезетахь хилла со Зандакъах. Полицин белхахо вара иза. ХIинцца вийна-кх иза Нажи-юьртан лаьмнашкахь. Iедало иза а, кхиберш а тIемалойн карах белла боху баха-м. Верриг 17 стаг ву-кх уьш.

Делахь а наха дуьйцург кхин ду. Оьрсийн эскарша, лакхара чу, беркеманашна тIера герзаш диттина байъина, бохуш, дуьйцу наха. ТIемалошна тIеязбина-кх уьш Iедалехь болчара. Телевизионехь церан хьокъехь дуьйцург а, бахархоша дуьйцург а цхьаьна догIуш-м дац…»
 
Нохчийн низамхой балар хьокъехь къамел динчу Зулпатна хетарехь, оьрсийн эскархошна бен а дац, нохчий хилчахьана, вуьйш верг милла велахь а. Уьш баларан бакъдолу бахьана мухха делахь а, Iедалан мукъ карахь болчара, турпалхойн тIегIане бохуш, хастаме дешнаш ца кхоош, гергарчарна ахчанца гIоленаш еш, дIаберзийна эгнарш.
ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ Къестор
Комменташ
     
мила: Муслим
23.02.2012 13:56
Дала Ша дайинчун т1е а сий дайила ,цу г1азкхий хьакхарчашна хьалха а лелхаш,сом бахьнехь ара а бевлла бусалба вежарий бойуш лелачера.Уьш беркеманаш т1е йиттин х1аллак бина бохург бакъ ца хила а мега,амма цера карах х1аллак хила хьакъ дерш м бу уьш.Дела а шай халкъа а мостг1ий.Уьш т1емлоша дуьхьло йина х1аллакбина ала ца луйчо дуьцуш туьрнаш ду уьш.Царна дийца а ца лаьа муджах1иди оццул ницкъ бу аьлла.Муджах1иди накъост Аллах1 с.в.т. хилар ца хеа дукхахболчарна.Сий долу къонхий-муджах1идаш Ялсманехь товш бу.Шай сий а са а путинна а кадыровна а соьман доькнарш жоьжг1атехь хир бу,иншаАллах1.Массара а шена деззарг къастдо,сийлахь верг муьлха ву а,сий доькнарг мила хилла а, замано гойтур ду!Иштта а гуш ду х1ара м.

мила: Хьамзат стенгара: Нохчо
22.02.2012 15:04
Бакъдерг аьлча, со кху заманан 1есачу адамах кхеташ вац-кх цхьанне аг1ор.

мила: Хьамид стенгара: Урдун
21.02.2012 23:26
Дала кхин яккха цIе йоцуш хIу дайъийла церан

мила: Kazbek стенгара: Avstri
21.02.2012 11:25
АЛЛАХО кхял ейла цан турпалхойям тяшна бацар уьш,керстанш шайн луарг дяш эдал куглях берш букх шен луарг дяш.

мила: MOMSUR стенгара: GUDERMES
21.02.2012 10:32
"Ахь лоьхург лур ду ША..." - АЛЛАХ1А дела дош ду... цаьрна шаш лоьхург карина. Шай халкъана ямарт хилларг нахана муха оьшур ву...? Йа уьш цхьа х1умма яц... хьакхарчи тоба. Кху суьрто къастош ду - НОХЧИ верг воцург. Кийрахь Нохчи НАНАС Нохчи дена вина к1ант цу буьха хьакхи херси, хьалхарам дица ма дица, йа б1аьр хажа вешар вац. Уьш гайчи ламаз карла даккха хьашт хиллал хьал ду цере буьхал, ткъа цера хьадалчий мах муццал хила беза!? Вайм т1аккха уьш бусалба динаь хаз д1а бухку... валарел доккха х1у ду кху дуьненахь? И г1иллакх дац кх цаьргахь. Мичахь йу НОХЧАЛЛ, БУСАЛБАЛАМ М ХЬЕХА МА ДЕ? Бакъ дерг, харц дерг къасто хал дац, адам дог, доьналла деза и да.

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465
Имейл:                        nc@rferl.org

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна      7290,
9480       07:00 - 08:00
денна      11810, 13615   19:00 - 20:00

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13
° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS