Эрмалойн махкахь 40 эзар езид Iаш ву. Уьш курдойн орамаш болуш нах бу, амма церан дин керста а, зороастран а, бусулба тIарикъатийн а элементаш юкъалоцуш ду. Шен дукхаллица 2-гIа къам ду и Эрмалойчохь, эрмалой 98 процент а болуш. Езидашна дукха тIеIаткъам бина исторехь, амма хIетте а шайн дин а, култура а Iалашъян хиина царна.
Эрмалойчохь Iаш бу "шайтIана" ламазаш дийриш
1
Зовуни-юьртахь Iаш ю хIара зуда. Дукхах болу езидаш Иракъехь бехаш бу (500 000 гергга). ТIаьххьарчу шерашкахь дукха езидаш Европе дIабахана.
2
ХIара жима зуда тIаусан сибатахь долчу маликан суртана барт боккхуш ю. Оцу маликана Iибадат до езидаша. Цуьнан цхьа цIе - ШайтIа ю. И бахьанехь дуккха а керста а, бусулба а наха еэидаш Иблисан динехь бу олу.
3
Шен дайн сурташ гойтуш ву хIара стаг. Езидаш курдой меттан цхьа диалект юьйцу. Наггахь иман диллина боцу курдой олу царах.
4
УьстагIий леладо цхьаболчу езидаша.