Минск-гIали юккъехь сту-сеш тиладеллера
Стигалкъекъа-беттан 15 чохь Беларусин коьрта шахьаран бахархошна тамашийна сурт гинера — гIали юккъехь йолчу паркехь дийнахь-сарралц уьдуш долу сту-гIела а, цуьнан бекъа а. Сарахь бен аьтто ца белира орцаллин белхахойн шина дийнатна наб кхоьтуьйту молха тоха. ХIинца дуьйна нана-гIела а, цуьнан кIорни а дехар ду Минскан зоопаркехь.