90-чу шерашкахь вовшахлатар хилара Оьрсийчоьнан телеканалашкахь коьртачу декъана самукъадоккхучу программашкахь. Ткъа декъашхой девне бевлла меттиг нисбелча уьш емал бора. Амма тахана кхерамаш тийсар а, буйнаш лестор а дакъа ду цигарчу дуккха а программийн. Стенца доьзна ду адам оццул оьгIазе хилар.
Оьрсийчоьнна дуккха а беламе къамелаш, гIулчаш кхачайо Кадыров Рамзана. Кест-кеста баьржа прессехь цо аьллачух, динчух лоций хаамаш. Маршо Радионо Ютубера лахьийра хIара массех самукъане хилам.
Дагестанан лаьмнашкара сурташ (Iаьнда, Хунзах, Кардах, Тилитл, Миарсу).
ГIиргIизойчоьнан куьйгалхочо Атамбаев Алмазбека зорбанан конференцехь жамI дира ша президентан даржехь бинчу белхан. Шен доттагIаша Путина а, Назарбаевс а кхин дIа а президент виса бохуш, хьехарш дира шена элира цо. Амма иза дан дагахь вац Атамбаев Алмазбек. Current Time-ан репортаж.
Президенто Путина 1 сохьтехь 10 минотехь дийцира коьртачу декъана Оьрсийчоьнан экономикех лаьцна, Малхбузенна дуьхьал хьажийна риторика Iад а йитина. Эксперташна хетарехь, иза цо леррина динера махкара хьал оццул ледара дац ала дагахь. Current Time-ан анализ.
Венерчу дуьненан культуран школехь концерташ ло Австрехь дуккха а долчу къаьмнийн векалша-мухIажирша. Лаккхара мах хадабо хьовсархоша цигахь нохчаша лучу концертийн а. Кху деношкахь шайн корматалла гайтира хелханчаша Наиба а, Заретас а, иштта дечиг-пондар локхучу Базаев Имрана а, вотанчас Сардалов
Гергарчу хенахь шайн пачхьалкхера мухIажирш арабаха кечамаш беш бу аьлла хезна, Венехь майданахь гулбеллера австрийхой, цигахь дехачу къаьмнийн векалш, бакъоларъярхой, адвокаташ, политикаш.
Нохчийн зударша лайна халонаш, церан дахаран масо а агIонаш йоьллу хIокху суьрташкахь оьрсийн, 1970-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу фотогарфо Палмин Игора.
Кремло Нохчийчоьнна дуьхьал шен рогIера къиза тIом болийна, нохчаша вовшийн дуьххьара цIий Iанийна де дагалоьцу Австрехь вехачу Аьрсбин Абу-Бакра. Эрсно Казбекан интервью.
Историн Iилманчо Вачагаев Майрбека дуьйцу Таймин Биболатан кхолламах лаьцна.
Нохчийн иэсехь гуттаренна а дехар ду Лахьан-беттан 26-гIа де. Оппозицерчу наха танканашна тIехь Соьлж-ГIалана тIелатар дина зама. Цу деношкахь хиллачун, леллачун агIонаш серлайоху Абдурзаков Руслана. ХIетахь нохчийн пачхьалкх йозуш йоцуш хиларе сатийсинчарлахь вара иза а. Эрсно Казбекан видео.
Хьажа кхин дIа а