ВИДЕО-дайджест: Мила ву Украинерчу Никополехь кхелан цIа чохь, ша а леш, нахана зен дина нохчо? Кхин цхьаммо а ша динчу къамелна къинтIера бовлар дехна Нохчийчуьрчу хьаькамашка. «Арахьарчу агентийн» цIерш етта хаамийн гIирсашна Iамеркой, Оьрсийчоьной. Чатаев Ахьмадан дахар Тбилисехь кхачаделла...
Деношкахь Сочехь Шемин хиндерг дийцаредира кхаа пачхьалкхан векалша: Оьрсийчоьнан, Туркойчоьнан, ГIажарийчоьнан. Политика хьехорал совнах, Шемарчу малхбалера курдойн позици а йийцира лидерша Путина а, ЭрдогIана а, РохIанис а.
Нохчийчуьрчу вахархочо Тапаев Руслана ши граната эккхийтина Украинерчу Никополан кIоштан кхелехь. Цигахь луьстуш дара цуьнан кIант Ризван верца доьзна дов. Тапаев кхелхина. Вийна цхьа бехкевийриг а. 7 стаг чевнаш хилла ву. Царах 3 ву вочу хьолехь.
Дуьненчохь уггар а йоккхачу, исбаьхьчу хIусамчохь дека хьакъ долчу Паскаев Рамзанан мукъамашка ладогIа Соьлж-ГIаларчу Къоман библиотекан кхерчахь гулбеллера кхааридийнахь. Маршо Радион корреспондент а вара цига кхайкхина.
Доьрзучу кIиранан хиламаш. Путин хасторна айфон кхачийна байт нехан ю. ЖIаьлеш хохкур ду Нохчийчохь. Ганнушкина эшна Нохчийчуьрчу кхелашкахь. РогIера бераш а, зударий а цIакхачор бу Малхбалера. Оьрсийчоьнан паспорт доцчу нохчочунна кхел йина Германехь. Уьш а, кхидолу а керланаш.
Кху шеран 45-гIачу кIиранан фототоьшаллаш, Маршо Радион белхан жамIашкара суьрташ.
Кадыров Рамзана iPhone X телефон совгIатна елла 3-чу классерчу дешархочунна Путин Владимирх лаьцна тоьлла байт язъярна. Оцу шоухь дакъалоцуш дукхахдерш бераш дара, амма юьстах ца бисира гоьбевлла спорстменаш, културан белхахой а, могIарера бахархой а.
Австрехь кху мукъаденошкахь дIаяьхьначу рогIерчу дуьненаюкъарчу латаран ММА кепарчу къовсамехь финале ваьллачу Венерчу Ташуев Рамзана эшийна шел 10 шо воккха волу Сербера латархо. Ташаев а санна, чемпион велира оцу турнирехь дакъалоцуш волчу 6 нохчийн спортхойх хIора а.
Верриг а 120 стаг ву «Мемориал» центран политикан тутмакхийн тептарахь. Оцу нахах 7 пачхьалкхера юьйлучу харцонашна дуьхьаллаттарна набахти токхуш волу кавказхо ву.
Халкъалахь «нохчийн къоман яхь-юьхьан куц-сибат а хилла ваьхна яздархо» аьлла цIе яхначу Айдамиров Абузаран винчу дийнахь Сувейлера Жабраил Набила дагалоьцу шен яздархочуьнца хиллачу цхьанакхетарх
Яхь йоцчу наха кхоамза охьаатале Соьлж-ГIала ишта яра сурташдахкархочун бIаьргашчухула. Авторо сирлачу басаршца гойту адамийн яххьаш, гIишлош, ша зама а хIетахьлера.
Хьажа кхин дIа а