Цкъа хьалха iPhoneX яьккхира цо, Путинах лаьцна стих ешча. Юха нах интернетехь шена лен буьйлабелча, дохко яьлла ша, аьлла, видео дIаязъйина 17 долчу Асхабова Маккас. Дерриг доладелира, Iалхан-Юьртара йоIа Кадыровс дIакхайкхинчу байтийн къийсамехь дакъа лаьцначул тIаьхьа.