Дахначу шинарин дийнахь Берлинерчу Казахстанан векалаллина хьалха пикет дIаяьхьна Германехь бехачу нохчаша. Цуьнан декъашхоша дIакхайкхийра, Казахстанехь лецначу нохчашна а, гIалг1ашна а шаьш тIехIуьттуш хилар, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Акцин декъашхошлахь бара Нохчийчуьра схьаваьллачу Казахстанан вахархочун, 51 шо долчу Джамалдиев Расулан гергарнаш а цхьана. Хьалхо цуьнан хIусамнанас а, Казахстанан къайлахчу сервисашкарчу хьостано а дийцира Кавказ.Реалиина къоман кхерамзаллин Комитетан департаментан СИЗО-хь Джамалдиевна тIехь къизаллаш лелорах лаьцна.
Гулбеллачеран карахь дара Джамалдиевн суьрташ тIехь долу плакаташ, иштта царна тIехь язйина яра кхечу лецначийн цIераш а. Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а бахархошна тIехь Iазап латтор сацаде аьлла, тIедожийра цара Казахстанан Iедалхошна.
"Казахстанехь нохчашна тIехь лелочу адамалла йоцчу къизаллийн а, адаман бакъонаш ларъеш цахиларна а терго тIеозон лаамца вовшахтоьхнера акци", - дIахьедина Кавказ.Реалиига пикетан инициаторо а, «Немцойн-кавказхойн юкъараллан" куьйгалхочо Маас Экехарда.
Мааса дийцарехь, Казахстанан президентан Токаев Касым-Жомартан цIарах кехат дахьийтина цо, цу пачхьалкхехь нахана ницкъ бар емалдеш.
Мааса кхайкхам бина Токаевга, "Джамалдиевн а, кхечу лецначийн а хьал хьайн тергоне эцахьара" аьлла. Мааса бахарехь, акцин декъашхой гIоьртинера Берлинерчу Казахстанан векаллаллин белхахойн карадала шаьш яздина кехат, амма царна дуьхьал цхьа а араваьлла ца хиллера.
Хьалхо Маршо Радионо яздира, Казахстанан къоман кхерамзаллин Комитетан (КНБ) белхахоша, шаьш герз а тесна, ялх нохчо а, ши гIалгIа а лацарх лаьцна. Церан гергарчара чIагIдора, царна герз тесна ду, ткъа хIинца тIехь ницкъ а бина, боцу бехкаш тIелацийта хьийза уьш аьлла.
Джамалдиевн хIусамнанас Вытнова Натальяс дийцинера Кавказ.Реалиина, лаьцначу шен цIийнден дегIа тIехь ницкъ бина лараш гира шена, цуьнца цхьаьнакхетча аьлла.
Кавказ.Реалиин корреспондент зIене велира Казахстанан Къоман кхерамзаллин Комитетан пресс-гIуллакххошца. Телефонехула хеттаршна жоьпаш дала аьтто бац шайн, официалан кепара кехат даийта аьлла, дIахьедира цара. Ткъа дахьийтинчу кехатна жоп деана дац тахана а.